Бусулба банкашна лерина Нохчийчохь а, Дагестанехь а экспериментан бакъонан раж йукъайалор йу – оцу кепара низаман проект тIеэцна Оьрсийчоьнан парламентехь кхоалгIачу, тIаьххьарчу йоьшийлехь. Оцу йукъанна документа тIехь исламан дин хьахийна дац – лелош термин йу "партнерийн ахчалаттор" аьлла.
Низаман проектаца а догIуш, экспериментан бакъонан рожо лелош ду партнерийн ахчалатторехула долу гIуллакх. Оцу бухахь кхетош ду ахчанаш йукъалацар, займаш йалар, йохка-эцаран операцешна тIедиллина ахча далар, лизинг, капитал йукъара дакъа оьцуш ахча далар, ахча луш йукъарахилар.
Эксперименталан бакъонан рожехь дакъалацар шен лаамехь ду, финансийн организацешна санна, и гIуллакх диллина хир ду фондашна а, автономин коммерцица йоьзна йоцчу йукъараллашна а. Барт беш процент йоккхур йац – цуьнан метта магор ду "томана хIума йалар". Дихкина хир ду тонкица, къаьркъанца, герзаца, казинон йа кхечу ловзаршца йоьзначу операцешна ахча далар.
Экспертийн кхеташо вовшахтухур йу Оьрсийчоьнан министрийн кабинетехь эксперимент муха дIайоьду а хьожуш, кхин дIа дан оьшург а хьоьхуш.
Нохчийчоь а, Дагестан а йоцург, экспериментан бакъонан рожа йукъа йалош йу Башкортостан а, ГIезалойчоь а, - массанхьа а – шина шарна дIадахдан таро а йолуш.
Низаман проектан цIарца а, йа текстехь а "ислам", "исламан банк", "шариIат" боху кхетам хьахийна бац. Оцу кепара, исламан бакъонца партнерийн ахчалаттон бартбар исламан низамашца догIуш ду аьлла, тIечIагIден механизмаш цу тIехь йоцуш йу.
Стохка гезгамашин-баттахь низаман проектаца цхьаьна довзийтинчу кехата тIехь билгалдаьккхинера, низам тIеэцаро аьтто баккха беза исламан цхьаьнаболхбаран Организацин пачхьалкхашкара инвестицеш тIеозон а, иштта динан а, къоман башхаллин а аспекташна лаккхара тергойен "дуьненайукъарчу инвесторийн декъана пачхьалкх безаме хетар лакхадаккха а".
Низаман проект йукъайалийнера Думин пхеа депутато а, шина сенаторо а, шайлахь ГIебарта-Балкхаройчуьра Ульбашев Махьарби а волуш; Нохчийчуьра а, Дагестанера а векалш цуьнан авторшлахь бац.
- Бусулба банкаш йукъайаха перспективаш Къилбаседа Кавказехь, доккхачу декъанна, Нохчийчохь, дийцареден масийтта шераш ду. 2017-чу шарахь Кавказ.Реалиин сайто хеттарш динчу эксперташа билгалдаьккхира, хьалхатоьттучу инициативаша хуьйцур йу исламан банкаш партнерийн ахчалатторца, ткъа цунна тIехь контроль латтор йолу механизмаш хьахийна йац аьлла. Оцу йукъанна говзанчаша билгалдоккхура, Оьрсийчоьнан Банкехь шариIатан кхеташо кхоллар пачхьалкхан конституцин бухца догIуш цахилар.
- Исламан банкинг бохург ду ахчанашца операцеш лелор исламан низамашца догIуш хилийтар, йал йаккхар цамагош. Цундела проценташ йалар, йахар финансашца спекуляцеш лелор дихкина ду. Барт беш тIетовжу тIехиллачу пайденна а, хиллачу зенна а. Операцеш шариIатан низамашца йогIуш хилар тIечIагIдо исламан юристаша а.