"Делан дуьхьа саца. Хьо нохчо ву бохий ахь? – Диэ дийриг!"

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Маккарчу Исламан конференцехь, СаIудийн Iаьрбийчоь, Стигалкъекъа-беттан 29, 2019.

Кадыровс ша СаIудийн мохк ларбан кийча ву бохуш дина къамел дийцаредо Iаьрбаша

Цхьаъ тIелетта меттиг ягIахь, ша СаIудийн Iаьрбийчоьнехьа лаьттар ву Кадыровс алар гIарадаьккхина дуьйцу Iаьрбаша. "Кавказ.Реалиино" теллира хьал, карийра гочдархочо шегара далийтина гIалат.

Маккахь, Дуьненаюкъарчу исламан конференцехь, Кадыровс къамел динчул тIаьхьа баржийра прессо, масала, хIара санна болу хаамаш: "Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу. СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхца тIом бан дагадогIундолчуьнга вистхилла иза".

Социалан машанашкахь кеп-кепара зуьй Кадыровс дина къамел: цхьаболучара баркаллаш боху, вуьйш боьлу, кхечара доIанаш до, бу кхаьрдарш а.

Малхбаленан бахархошка иштта дIакхаьчна цуьнан дешнаш (Iаьрбийн маттера ма-дарра гочдар):

"Хьанна а, пачхьалкханна тIелата луучунна, хаа ду: иза цкъа а юьсур яц цхьалха. Цуьнца хир бу миллиардаш бусалбанаш, тхо хьалха а долуш".

И дуьненаюкъарчу дипломатин дIахьедар дог тешшош тIеэцна цхьаболучара, диканиг доьху Деле Кадыровна. Амма интернет-комментаторех доккхах дакъа ца тешна цунах: дагадоуьйту Нохчийчуьрчу хьешанна, муха "тIелетира" иза СаIудийн Iаьрбийчоьнна 2016-чу шарахь. Хьехориг ю Соьлж-ГIалахь дIаяьхьина исламан конференци, аьлча а, цигахь "вахьабхой" суннат-бусалбанаш бац аьлла дина дIахьедар. (Хууш ма-хиллара, 18-чу бIешарахь ваьхначу Ибн Iабдел-Ваххьаб Мухьаммадан мазхьабца еха СаIудийн Iаьрбийчоь).

КХИН А ХЬАЖА: Экстремизмца къийсам а латтош, бертахь даха сацам бира Исламан конференцино

"И суфи ша тIелетира СаIудийн Iаьрбийчоьнна, такфир дира (бусалбанаш Iесаллехь бехкебар – ред.), ткъа паччахь а, цуьнан даржехь хинверг а шена букътоха воьлча, кхийтира ша диначух – хьуьхь а воьлла веара уьш шена къинтIера баха", - яздина машанехь IабдуллахI бен СаIад цIе йолучо.

"Тхуна йиц ца елла и ахь ши шо хьалха хIоттийна конференци, ахь цигахь тхох суннатехь доцу "ваххьаббиташ" дира", - билгалдоккху Fadhel Ali язвеллачу кхечу интерхочо.

Цъхьаберш боьлу, бусалбанийн терахь далош, "миллиардаш" аларх. "Берриг бусалбанаш а бац цхьаъ-ах миллиард бен, муха хилла царех "миллиардаш"? – цецвуьйлу izzat tabasi.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо аьлларг оригиналехь довзийтина "Ал-Iайн" телеканало.

Кадыровс оьрсийн маттахь боху: "Пачхьалкханна тIелата воллучунна хаа деза, иза ша йоцийла (доккха са а доккхуш). Цкъа юьсур а яц ша цхьаъ. Цуьнца бу миллионаш бусалбанаш, тхо хьалха а долуш". И къамел Iаьрба матте доккхуш, талмаж деш ву Iеламча Шахидов Адам – цо боху шен гочдарехь трибуни тIера схьа: "миллиардаш бусалбанаш".

Социологин талламийн Pew Research Center хьукмато 2010-чу шарахь динчу зераша гайтарехь, 1,6 миллиард ца кхоччуш бу бусалбанаш. Ткъа оцу терахьах Iаьрбийн маттахь "миллиардаш" ала оьшу лаххара а 3 миллиард. 2 тоаме а ца хуьлу – и терахь далош кхин кеп ю Iаьрбийн литературан маттахь. Ткъа Шахидовс боху: "мильяратул-муслимин".

Делахь а, гочдархочуьнгара даьлла гIалат дац Iаьрбаша уггаре хьалха тидаме эцнарг – Кадыровс ша СаIудийн Iаьрбийчоьнехьа хир ву, цунна цхьаъ тIелатахь аларх боьлу дукхахберш.

"Делан дуьхьа саца. Хьо нохчо ву бохий ахь? – Диэ дийриг!" – яздо, масала, Bajrran9669 цIе лелочу интернетхочо.

Iаьрбаша забаршка берзийначу хиламца доьзна дагадаийта деза, хIун тIаьхьало хуьлу, дуьнанентIерачу бусалбанийн агIолоцуш, Соьлж-ГIалахь дечу дIахьедарийн. 2017-чу шеран гурахь арахьарчу зIенийн министро Умаров Жамболата рохинжа къам хьийзочу Мьянмерчу Iедале бохура иштта:

"Тхан аьлар хилча, оха Мьянме хьажийначу эскаран корта лаьттар бара оцу ямартхойн гIопехь, ткъа чаккхе хир яра кхузахь, "Нохчийчоьнан Дагна" хьалха". ЖамI – ца туьйхира вовшах цхьа а эскар а (сагIа хьажийра, амма дош а ца элира рохинджа къомах доглозучу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино Мьянмера Iедал бехкедеш кечбинчу сацамна тIе вето етташ хьийзачу Кремле).

Оццу хьесапехь дара Кадыровс 2017-чу шарахь Iаьрбийн-израилхойн конфликтца доьзна дина деза дIахьедар а. Ша, шегара дарж а дитина, Къудсе (Иерусалиме) а вахана, Ал-Акъса маьждиг лардечийн могIара хIуттур ву, бехира цо. Ткъа хууш ма-хиллара, ца дитира дарж, ца хIоьттира Iалашдан.

ТIеман ницкъашца Кадыровс "гIо" динарг яра цхьа Шема – цига тIеман полици хьийсийра цо. Оьрсийчоьнан тIеман министралло "гIодеш" йолчу Шема – Идлибехь бомбанашна кIел балахьоьгу наха, бехкедо Оьрсийчоьнан кеманаш.