"Исламан пачхьалкхо" кхерам тесна Путинна, Нохчийчоь а, ерриг а Кавказ а маьрша йоккхур ю шаьш аьлла

Иракъ - "Исламан пачхьалкхан" байракх а карахь лаьтташ бу цаьрца тIом беш болу Иракъан эскархой, Герз 1, 2014

Шемахь а, Иракъехь а тIемаш бечу «Исламан пачхьалкх» тобано кхерам тесна Нохчийчохь а, ерриг а Кавказехь а тIом болор бу шаьш аьлла. Цунах лаьцна хаам бина Ал-Арабия олучу спутникан телеканало. Цу хьокъехь видео а хIоттийна тIемалоша интернетехь.

Iаьрбийн телеканало бечу хаамца, тIемалоша кхерам тесна Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна Шеман пачхьалкхан президентан бертахо хиларна а, цунна герз а, тIеман гIирс а латторна а.

YouTube интернетан порталехь дIахIоттийнчу видеонна тIехь Шеман Ракка провинцехь Табака олучу меттехь тIеман аэродромехь тIеман кеманчохь хиина Iаш ву цхьа тIемахо. Кхин цхьаъ ву машен чу хиина Iаш.

«ХIара хаам хоьга бу, ва Путин. ХIорш ахьа Башарна дахьийтина кеманаш ду, оха АллахIан къинхетамца хьуна дIадоуьйтур долу, диц ма делахь иза», -боху цо.

«Оха Делан пурбанца маьрша йоккхур ю Нохчийчоь а, ерриг а Кавказ а. «Исламан пачхьалкх» йолуш а ю, хир а ю, иза Делан пурбанца шорлуш а ю», -боху тIемахочо.

«Хьан паччахьалла леста доладелла, иза кхерамехь ду, иза духур а ду тхо хьо волчу дIакхачарца», - бохуш дуьйцу тIемахочо. «Тхо хIинцале а Делан пурбанца новкъадевлла!», - олий дерзадо цо шен довха къамел.

Цул сов тIемахоша кхерамаш туьйсу Асадана а, цуьнах "хьакха" а олуш, кеманашна тIехь цунна тIекхача дош а луш. ​

​«Исламан пачхьалкх» тобан тIемалоша дIалецира Табакера кеманийн порт Марсхьокху-бутт чекхболуш. И бахьана долуш цера караяхара Шеман армин яккхийн тоьпаш а, танканаш а, кеманаш а.

Исламан пачхьалкхан тIеман тобанаш тIелетира Иракъан Къилбаседан а, Малхбузен а кIоштанашна Мангал-бутт болалуш. Мангал-беттан 29-чу дийнахь цара дIакхайкхийра шайн карахь йолчу Шеман а, Иракъан а территореш тIехь «исламан халифат» кхоьллина шаьш аьлла.

Марсхьокху-бутт болалуш ХIаваан тIеман ницкъашца цу тобанна дуьхьал операци йолайо шаьш аьлла, дIахьедар дира Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа.

Цу хенахь дуьйна Iамеркахоша 124 тохар дина тIемалойн позицешна. Цунна бекхам беш «Исламан пачхьалкхан» векалша корта баьккхира Iамеркин журналистан Фоули Джеймсан. Цара кхерам теснера шаьш вуьйр ву шайн карахь волу шолагIа Iамеркхо – журналист Сотлофф Стивен аьлла.

Делахь а президенто Обама Барака дIахьедар дира, тIемалойн позицешна бомбанаш еттар сацор дац шаьш аьлла. Шинарин сарахь интернетехь видео гучуяьлла, иза дIахIоттийначара дийцарехь, Сотлофф вуьйш яьккхина йолу.

Даханчу кIиранах Сотлофф Стивенан нанас дехар динера тIемалошка, шен кIантах къинхетам бахьара аьлла. Сотлофф Ширлис Исламан пачхьалкхан куьйгалхочуьнга ал-БагIдади Абубакре дехар деш яьккхина йолу видео гучуяьллера интернетехь.

Цу зудчо дехар динера цуьнга Мохьмад-пайхамар деш хиллачуьнах масал а эций, къинхетам бахьана шен кIантах аьлла. Амма, гарехь, и масала тIемалоша эцначух тера дац.

Шемахь тIеман конфликт йолаелчхьана Асад Башарана гIортор еш ю Оьрсийчоь. Оьрсаша латтадо цунна герз а, тIеман гIирс а. Малхбузенехь хета, Шеман лидер шен халкъаца тIом беш ву аьлла. Малхбузерчу лидершна хетарехь цу стага дита деза президентан дарж.

Кху деношкахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс бехке йира Малхбузера пачхьалкхаш, цара шалха стандарташ лелайо аьлла.

Малхбузе синтем байна ю «Исламан пачхьалкхах» шайна схьаболуш кхерам хиларна. Кху беттан 4-чу а, 5-чу а деношкахь Уэлсехь хир йолчу НАТО-н саммитехь Европерчу шен бертахошца барт бан дагахь ю Вашингтон, Иракъана а, Шемарчу кепехь йолчу оппозицина а тIемахошна дуьхьал латта гIо дар хьокъехь.

Амма цуьнца цхьаьна Вашингтонехь кхеташ бу «Исламан пачхьалкх» тобанна дуьхьал латта хала хирг хиларх. Кху деношкахь Iамеркин президенто Обама Барака, Шарлотт гIалахь эскаран ветеранашна хьалха вист хуьлуш, дIахьедар дира, кхоччуш и тоба хIаллак ян хала а хир ду шайна, цу гIуллакхана ехха хан а оьшур ю аьлла.

Шен агIор Москох а ю «Исламан пачхьалкх» санна йолчу тобанаша туьйсучу кхерамашна дуьхьало ян кечлуш. Цу Iалашонца шен тIеман доктринина тIехь хийцамаш бан дагахь ю Оьрсийчоь.