Ша а, шен юьртахой а нохчех буйла хаьийта, стохка Израилера Соьлж-ГIала вахара Абу-ГIошан да Жабир Салим. Цунах еза-йоккха сенсаци йинчу Нохчийчоьнан администрацино сихха гIаттийра оцу юьрта нохчалла доссаде кампани – Абу-ГΙошехь маьждиг хΙоттор а, Кадыров Рамзанан цIе цигарчу цхьана урамна тиллар а. Амма Маршо Радионо теллича, гучуделира Абу-ГΙошера юьртда аьшпашка ваьллийла. Делахь а йижаза ю Израилехь нохчий карийна боху ойла. Ша Жабир Салим а ву и яржош.
2011-чу шарахь Израилерчу Къудсана 13 чаккхарма малхбалехьа йолчу Абу-ГIош юьртара нах нохчийн орамаш долуш хилар билгалдаьлла бохуш, цигара юьртда а, кхиберш а Нохчийчоьнан Iедало Соьлж-ГIала кхойкхуш, шаьш Израиле оьхуш, юкъаметтигаш йолийнера. Дукха гена далале иза теллинчу Маршо Радионо къамелашка баьхначу наха иза харцдира. Оцу бахьанийца дIасецира Абу-ГIош нохчалле ерзоран проект а.
Дукха хан йоццуш цигарчу юьртдас Жабир Салима юха а дIахьедина, Абу-ГIош Кавказан лаьмнашкара 500 шо хьалха Израиле хIижарат динчу нохчийн тайпа ду аьлла. Цу юьртахь шаьш 6000 хиллал ду, нохчий хиларан билгалонаша ю шайца дукха ю, боху цо. Амма далош тоьшалла дац, шайна юкъахь хьарса а, сийна бIаьргаш долу а нах бу бахаррий бен.
КхидIа Джабир Салима дуьйцу, шаьш нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ахчанан бохча а достуш, тIелаьцна шаьш бохуш. Юьхьанца ши миллион доллар лур ду шайна, юьртахь маьждиг дайта, тIаккха кхин цхьа миллион а лур ду оцу маьждига тIе Рамзан цIарх некъ биллийта, дуьйцу Жабира. И белхий хIинца тIетаьIIина беш а бу, цо дийцарехь.
Жабир Салима кхин эхь а ца хеташ дуьйцу, нохчийн Iедал Абу-ГIош юьртара борша нах Нохчийчу кхайкха дагахь бу, нохчийн зударий цаьрга маре бигийта бохуш.
Нохчийчохь,ши тIом латтар бахьана долуш, зударий божарел совбевлла, маре бига нах боцуш Iа. Цхьана стага 7 зуда ялойо цигахь. Иштта ду Жабир Салима зорбанан хьостанашкахула даржориг. Жабира чIагIдарехь, Абу-ГIошера борша нах оцу планна реза хилахь, царна цIенош а, белхаш а лур бу нохчийн Iедало. Цул совнаха, нохчийн зударшна, Израиле а лелаш, цигахь шайна майрош лаха аьттонаш а бийр бу Кадыровс.
Абу-ГIош юьртара нах нохчий бу боху хIуцIар доладелча, оцу юьртарчу Фарид цIе йолу журналист къамеле велира Маршо Радионехула стохка, Мангалан-беттан 3-чу дийнахь. Фарида и къамелаш харц хилар а, дехьара-сехьара хьаькамаш ахчанан пайда эца гIерташ а хилар довзийтира. Абу-ГIошехь беха нах шайн бухца Iаьрбийн ах-гIайри тIера хилар а тIечIагIдира цо.
Маршо Радион хIетахь и эфир хиллачул тIаьхьа Абу-ГIошарчу Iедало, тIе а кхайкхина, барт а хоттуш, чехийна Фарид. Цундела Джабир Салиман тIаьххьарлера дIахьедар емал деш, тахана къамеле вала ца хIутту Фарид.
Iаьрбийн гIиллакхо магош делахь а, шаьш баккъал а нохчий хилча, нохчашна эхье долу къамелаш дийр дацара Абу-ГIош юьртан куьйгалхочо. Урдун-махкахь а бу Абу-ГIош тайпанара нах. Цхьа а цхьа нохчийн хIума шайца долуш а бац уш. Шаьш Iаьрбий хиларах дозалла а деш беха.