Шайн Тоьлла Ιелимча Веро Цецбаьхна Ставропол-махкара Бусулбанаш

Оьрсийчоь -- Кест-кеста лелхийтарш хуьлу меттиг ю Пятигорск-гIала, лурчаха кафе эккхийтича, 17Мар2010

Оршот дийнахь Пятигорскехь шен машенца воьдуш эккхийтина Ставропол-мехкан муфтин гΙовс Исмаилов Курман дΙавоьллина ши де даьлча. И веран бахьана, ур-аттала хьан вийна а ца хаьа цкъачунна я полицина а, я цуьнца юкъарло лелийначу нахана а. Ιелимчица гергарлонехь хиллачу Пятигорскерчу вахархочуьнца къамел хилира тхан.

Минеральные Воды гΙалина уллерчу ногΙийн Канглы - юьртара вара ткъеиттлара ваьлла Исмаилов Курман. ВорхΙ бер а, зуда а дара цуьнан. Юьрто хьовха, ерриг Кавказан Аьрган Хин регионо а дозалла дора оццул дика кхетам болуш, къоргга дин девзаш бусулба стаг шайн кIоштахь хиларх.

И дика вевзара Пятигорскехь а, Кисловодскехь а, гонахарчу ярташкахь а дукха хенахь дуьйна бехачу нохчашна а. Нах баккхийбера, Москохахь бусулба дин хьоьхуш хилла волу иза, кхузарчу мехкан муфтис схьакхайкхича, реза а хилла, цΙехьаверзарна. Цуьнан накъостех вара Пятигорскехь ткъе иттех шарахь веха Iелимча, вайнехан гΙуллакхашна даима а хьалхаваьлла хуьлуш волу мескатΙхо Исрепилов Рамзан. Цо иштта дагалоьцу.

Исрепилов: «Ставропол-мехкан муфтин Рахимов Мохьмад-Хьаьжин гΙовс вара иза. Ιаьрба мотт Ιамош, КъорΙа довзар зуьйш, цхьацца конкурсаш хΙиттош, и тайпа болх бара цо беш. Цхьана стагна некъахьовзам бийр боцуш, амал аьрха йоцуш, чΙогΙа кΙеда-мерза стаг вара. И хьанна новкъа хилла, хΙун бахьана долуш дΙаваьккхина, тΙаьхьа ца кхуьуш, цецдевлла ду тхо тхаьш а. Мединехь дешна а вара иза, цигахь исламан институт чекхъяьккхина. Ша дика кхетам болуш кΙант а вара. Тхойшиннан иштта цхьацца къамелаш хуьлура.

Мохьаммад-пайхΙамаран хьадисаш тхойша дийцаре дора охашимма. И хьадисаш хьахийча, цхьаццадолу хΙуманаш шен хьесапехь цо кхетош санна хеталора суна – иза а шен цΙенна дин довзарна дара цуьнан. Вуьшта, оцу агΙор а цхьана а стагна и новкъа ву, аьлла а ца хетара. Тхо кхеташ хΙума дац иза, цец-акъ ваьлла муфти а ву...».


Полицера болчу хаамца, оршоьтан сарахь Пятигорскерчу маьждигара дΙа новкъаваьлла, гΙалин юккъехула, Ермоловн цΙарахчу урамца воьдуш хилла Исмаилов Курман цуьнан машен иккхича. Бохам хиллачул тΙаьхьа, шена и хазарца, оцу метте кхечира ша, боху, Исрепилов Рамзана. Цо дийцарехь, машенан буха тΙе магнитца дΙалатийна хилла оьккху коьчал.

Исрепилов: «Муфтица зΙене вели тхойша, иза Москохахь вара, цо иштта хьал хΙоьттина, Рамзан, цигахь мел верг воьхна ву, имамаш а, кхиберш а, цигахь хΙун хилла а хьажий, хьайга далуш дерг де-хьа, эли. Со маьждиге вахара, цигахь доллу Ιедал, нах бара схьагулбелла, хΙун ду, муха ду, хоьттура.

Хаьхкина эккхийтар хиллачу метте вахара со, полисхошка хаьттира хиллачух лаьцна. Тхан цхьа а верси яц. Машенан тΙехьара агΙо дийна яра, хьалхе, буха йиллина 400 грамм тротил хилла, бохура, йохийна яра. Машен чохь иза бен ца нисвалар а бу Делан къинхетам. Цигарчу Ιедалан белхахоша соьга, ког баьккхина, куьг даьккхина, межеш дΙасакхийсина яра, вохийна вара, аьлла, дийцира».

Полицино шен массех верси ю бохуш бо хаам. Толлуш ю царех, Исмаилов Курманан балхаца доьзна и цавезачара дина хила мега зулам, боху верси а. Лохуш ю кхерамзаллин урхалллаша бехке нах чохь хилла ю аьлла шайна хета цхьа машен а.

ХΙинца рогΙера Ιелимча Исмаилов Курман а вер Ιаьткъинчарна юкъахь бусалба нах хилла ца Ιаш, ду мехкан Ιедалш, Ставропол-мехкан килсаш а, цигара мозгΙарш. Ιедалан агΙор халахетар дΙахазийна кху деношкахь мехкан губернатора Гаевский Валерийс. Керстанийн цΙарх кадам бина Ставрополан а, Невинномыскан а епископа Кирила. Зулам ма-хуьллу Ιорадаккха гΙерта низамхой а.