Истамулера Соьлжа-ГIала кема тIаьхьатеттина

Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIалин аэропорт

Истамулера кема Соьлжа-ГIала лела доладала лерина дара кху беттан 15-чу дийнахь, амма техникан бахьанашца дуьххьара даха лерина кема тIаьхьатеттина Зазадоккху-беттан 29-чу денна, хаамбо Нохчийчоьнан транспортан а, зIенан а зорбанан-сервисо.