Шинарий дийнахь виъ стаг лаьцна Италерачу полисхоша, „Ал-Къаидаца“ з1енехь хилла бохучу шеконашца. Ιедалхоша дийцарехь, уьш доллучу дуьнентΙехь лелхийтарш дан кечлуш хилла. Бакъду, цу Ιалашонийн тоьшаллаш ца даладо полисхоша, еккъа цхьа цу нахан интернет-машанахь Ιар шеконе даккхаррий бен.
Италхойн хIурда йистерчу Апулия-кIоштарчу Андриа-гIалахь дIаяьхьнера полисхоша шайн лерина операци. Ткъа зуламхойн тобан декъашхой Миланехь а, Катанехь а, ур-аталла генарчу Белгин коьртачу шахьарехь Брюсселехь а бехаш хилла. Церан декъахь ву иштта, полисхоша чIагIдарехь, Андриа-гIаларчу маьждиган имам а.
„Дуьненаюкъарчу террорхойн машанца шуьйра зIенаш хилла церан, ткъа цаьрга цу машанехула кхочуш долу хаарш а, инструкцеш а дукха чIогIа алсам хиларна, тхо тешна ду, уьш муьлхачу а хенахь тIелатарш дан аьтто болуш хилла хиларх“, - элира цу хьокъехь пресс-конференци йинчу Италерчу полисхойн леринчу тобан куьйгалхочо Паренте Мариос.
Цо чIагIдарехь, шеконе лаьцначу тобан декъашхошна тIехь Iедало терго латтош масех шо а хилла, 2007-чу шарахь дуьйна полицино тидаме лаьцна хилла уьш. Ткъа кеста карабинерийн каракхаьчнера, Парентес ма-дийцара, видеоматериалаш, тIемалой кечбеш а, оьккхуьйтурш ян а, уьш лелхийта а Iамош а йолу. Цундела, кхин хьем ца беш, и тоба лаца сацам бира шаьш, бохуш, дийцира цо.
Иштта полисхоша тергоне эцна хилла шаьш шеконе лоручу наха схьайоьллуш а, йоьшуш а йолу интернет-агIонаш а. Цаьргахула кхочуш хилла лецначаьрга Iожалхой кечбарх болу хьехамаш, бохуш, чIагIдо полисхоша. Цул совнаха, церан компьютерш чохь гучуевлла Малхбузерачу „диндоцучарна“ дуьхьал джихад даре кхойкхуш йолу видеош а, аудиош а.
Лецинарш Итале керла схьабаьхкинчу легале боцучу мухIажиршна юккъехь а шайн могIаршка язбала кийчаберш лоьхуш хилла, бохуш, чIагIдо Iедало. Ткъа уьш, шайн рогIехь, ОвхIане а, Йемене а, Иракъе а, тIаьхьарчу заманахь дуьненчохь нохчийн цIе терроран тIелатаршца доьзна яха юха а йолийна хилар тергоне эцча, кхеташ ма-хиллара, Нохчийчу а хьажон лерина хилла, цигахь зуламаш дан.
Иштта и тIаьхьарлераниг тидаме эцча, юха а, кхеташ ма-хиллара, и зуламхой Европехь шайн тIелатарш дина ца Iаш, Цхьанатоьхначу Штаташкахь а лелхийтарш дан кечлуш хилла. Бахьана – царна Малхбузе ца езар а, антисемитизман йийсарш уьш хилар а ду, бохуш, чIагIдо италхоша.
Мухха делахь а, лецинчарна бехке дуьллург – уьш дуьненаюкхарчу террорхойн машан декъахь хилар а, кхечу динашца а, къаьмнашца а болу цабезам баржош хилар а ду.
„Ю ялла эчиг ма хилахьара, Шелахь дала тата хилчхьана“ боху нохчийн кица дагадоуьйту цу хиламо а, цунах терра кест-кеста Европехь хуьлуш лаьттачо а. ХIунда аьлча, дукха хан яц цу кепара IалагIож луларчу Испанехь хилла а.
Даханчу шарахь цигахь иштта йоккхачу гIовгIанца сила волчу цу пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Диас Хорхе Фернандеса, хIинца Италерчу Iедалхоша санна, йоккха пресс-конференци а гулйина, шайн белхахойн боккха кхиам санна дIакхайкхийра, цу махкахь Нохчийчуьрчу террорхойн тоба лаьцна шаьш, аьлла.
Министро дийцира, лецначара шаьш бехачу хIусамехь лелхаш долу молха дIадиллина хилла, аьлла. Церан хIусамехь карийна оьккху молха, ша министро мукIарло дарехь, бераш керлачу шарахь лелхийтарш дечу ловзоргашна чохь хуьлучул кхин башха алсам ца хиллехь а, амма и кхоъ, шеко а йоцуш, террорхойн цхьанакхетараллин „Аль-Къайдан“ декъашхо хилла хилар а, ткъа иштта уьш Испанехь а, Францехь а лелхийтарш дан кечлуш хилла хилар а довзийтира Испанин чоьхьарчу гIуллакхийн министро журналисташка.
Бакъду, цул тIаьхьа ах шо даьлча оццу министран гIоьнчаша хаам баржийра, лецна нохчий цхьана а хIуманна бехке хиларан тоьшаллаш ца карийна шайна, цундела уьш дIахецна, аьлла.
Ткъа мича яхара церан „Аль-Къаидица“ ю баьхна хилла зIенаш? Мичахь дисира церан хIусамера даьккхина оьккху молха? Мича дахара цара Испанехь а, йоллучу Европехь дан кечдина хилла терроран тIелатарш?
Цу хеттаршна цхьаммо а хIинцалц схьа жоьпаш ца делла. Ткъа террорхойн цIе нохчийн къомана тIехь йисира.