"Латтанаш лечкъораш Iорабохуш вара со"

22 сахьт долу хан яра: "Антоха! Хьайн мотт муха лебан беза хуур ду хьуна", - аьлла, ши жима стаг Чаблинна тIелетча.

Шена стенна йиттина дуьйцу Ставрополерчу журналисто Чаблин Антона

КIиранан буса бевзаш боцу нах летта Ставрополехь журналистах Чаблин Антонах. Цо ша дийцира "Кавказ.Реалиига" хиллачух лаьцна.

- Кхерамаш тийсинерий хьуна хьалха, Антон?

– Кху ас болх бечу 20 шерачохь дуьххьара ду хIара. Кхелехула шен цIе цIанъян луург, ас арахецна артикл эладитане ю, олий, сан батт дIаюкъа гIоьрташ меттиг йогIура, амма кхерамаш ца туьйсура.

–​ Муха бара тIелеттарш, дийцахь.

– Арахь нислуш хуьлу ши Iуька яра. Хьекъало ницкъбина йоцу яххьаш, спортан кучамаш, коьртахь лабанаш, маьттаза мотт.

Ала дашна, иштанаш бу-кх Ставрополехь талораш дийраш. Стохка блогерх Варламов Ильях леттарш, масала.

–​ Лохуш буй хьох леттарш полицино?

– Ас арз яздина (Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалхочуьнга Олдак Александре). Иза принципаш йолуш стаг ву, шен тергоне оьцур ду цо гIуллакх, аьлла хета-кх.

Полицино бахарехь, тIелатар динчу меттехь дуккха а видеокамераш а, серло а ю. Цундела хала дац уьш схьалаха а, церан машенан ноьмарш йовза а. Коьртаниг – хаа лаьа хьанна эшна суна еттийта.

–​ Хьайх стенна летта аьлла хета хьуна, хьо стенах лаьцна яздеш вара тIаьххьарчу хенахь?

– Ставрополехь цIенош деш лаьттан дакъош лечкъор толлуш вара со кху муьрехь.

Грушевскин куьпахь (археологин исбаьхьалла), Оьрсийн хьуьнхахь (федералан низамо Iалашъеш ю иза), Соборная урамехь дитташ хIаллакдарх лаьцна а яздинера дукха хан йоццуш. Хетарехь и агIо ю "царна" цатайнарг.