Урдунерчу вайнаха Iалашдина дайн гIиллакхаш

Урдун -- Нохчочун Бено Аюбан цIарахчу урамехь, Заркъа-гIала, 2012

Шемал-имаман заманахь Малхбале ма-ййу дΙасабаьржинчу вайнехан цхьайолчу пачхьалкхашкара диаспораш гΙелъелла ненан маттаца, къоман ламасташца. Лаьара зΙенаш каро, масала, Иракъерчу а, ГΙажарийчуьрчу а вайнахаца. Амма цкъачунна и дан аьтто ца баьлла Маршо Радион. Ткъа дуьззина шайн къоман хатΙ шайца лелочех бу Урдунера вайнах. 80 шо кхаьчна цигарчу Заркъа-гΙалахь «Кавказ» цΙе йолу къоман клуб схьайиллина.


Урдунера нохчий, кхечу диаспорел даима а къаьсташ хилла хилар цхьа а шеко йолуш дац. Цара хIинца а буьйцу нохчийн мотт. Цара даймахкаца даима а уьйраш латтош хиларо тоьшалла до, уьш санна, шайн орамаш бевза нохчий массанхьаранаш а боцийла.

Шаьш бол-болучохь нохчийн юкъара гIуллакхаш ца ийдеш цкъа а ца Iийна и нах. Цуьнан тоьшалла ду Кавказан цIарах цара дукха хьалхa дуьйна кхоьллина йолу клуб а. Вуно дукха зама хьалха кхоьллинчу цо тоьшалла до, дайн гIиллакх-гIуллакхаш дIа а тесна, меттигерчу културах эн дагахь Урдунера вайнах ца хилла хиларан.

Кху ГIадужу-баттахь Заркъарчу "Кавказ"-клубо шен 80 шо дузуш синкъерам хIоттийра Урдунера нохчаша. Клубан урхаллехь волчу Батал Махьмуда йовзийтира Маршо Радиона бараман Iалашо.

Батал: "Вайн клубехь гулделла Iаш ду тхо. ХIара хаза буьйса ю. Клуб кхоьллина 80 шо кхаьчна. Клубехь спортан тобанаш ю ондалла къовсучу латархойн а, куьйган буьрка ловзоран а. Нохчийн мотт а Iамабо кхузахь. Хелхарш а, вайн бартакхолларалла а, нохчийн Iадаташ а Iамадеш, уьш Iалаш а деш Iаш ду тхо кхузахь схьаеъна клуб".

Таронаш тIех яккхий яц "Кавказ" клубан. Амма шайн аьтто ма-боллу иза Iалашйо массара а, къаьсттина доккха гIо лоцу клубан жигараллашкахь нохчийн зударша. цЦу хьокъехь Бено МунтахIас дуьйцу иштта.

Бено: "Клуб кхоьллина 80 шо ду, аьлла, гулделла тхо, мерза даарш а дина. Жимма хелха а девли - ДегIастанара, вайн цIера, иллеш а деъна тхуна. Синкъерам хIунда бина, аьлла хаьттича, цхьаболчарна хууш дацара клуб маца кхоллаелла. Оха и карладаьккхи. Бераш а, зударий а, мехкарий а хелха а бевлира.

Клуб муха хIоттаелла аьлча, сан ненада вара воккха эпсар эскарехь. Кегийрхой гуш бара цунна, хIумма ца деш а боцуш, бовлла лелаш. Ша Ингалсехь дешна а, наха юкъахь лелла а волундела, хIун дан деза хиина цунна. Iедална тIевахана хилла иза, клуб елла волу ша, аьлла. Цу хенахь Iаьрбийн Iедалехь клубан елла низам доцуш хиларна, елла йиш яц, цкъа а хилла хIума дац и саннарг, аьлла, бакъо ца елла цунна.

Ингалсан эпсарна тIевахана, цуьнга дийцича, цо низам хIоттон деза, аьлла, нохчийн кегийрхошна чIогIа оьшуш ю клуб, аьлла, низам даккхийтина. Иштта, 1932-чу шарахь Гезгмашин-баттахь клуб дIахIоьттина.

Юьхьанца клубехь школа йиллина нохчийн берашна дешар Iамадан. Хьалха вайн схьабаьхкинчу баккхий наха школехь доьшуьйтуш ца хилла берашка, хьарам ду, бохуш. Цигахь дин ца Iамадо, керста нехан хIуманаш Iамадо, бохуш.

Клуб хIоьттича, деша дуьйладелла хилла нохчийн бераш. Цул сов, спорт, некадеш дашо мидалш йохуш а, ондалла къовсарехь леташ медалш йохуш а гоьбевла кхуза лела вайн кIентий. ХIинца а схьаоьхуш а бу, буьрканах ловзуш, куьйган буьрка ловзош.

1932-чу шарахь клуб Сувейлехь схьайиллина, хIинца Заркъехь ю хIара. Ахча ца тоаре терра, "гIарчI-аьлла" яц. Тоъал ахча хилча, кхин а дика цIа хир дара цуьнан. Делахь а тхайн карахдериг а деш, дIадоьлху тхо балхаца".

Нохчий боцурш, кхин а Кавказера къаьмнаш ду Урдунехь. Цара массара а шайх "чергазий" олу. Чергазийн а ю клубаш. Амма Кавказан цIарах нохчийн клуб бен яц. Урдунан низамехь шина клубан цхьа цIе хила мегош доцундела, нохчашка клубан цIе йохка шайна, бохуш, дукха ахчанаш кхийдийна меттигерчу кавказхоша, амма, ахчанца хьелаш мел гIийла хиллехь а, "Кавказ" цIе ца йоьхкина Урдунерчу нохчаша.