Воккха Хьаьжера Iаса кхаьчна вара устаз Къедро-шайх

Урдун -- Урдунан паччахь Хьусейн а, нохчийн устаз Къедро Iабдул-Хьамид а, Амман,1962

ДегIастанах хаьддачу вайнаха - хуьлда уьш бехаш туркошца, Ιаьрбашца я гΙажарошца - семачу тергонехь кхаьбна шайн даймохк. Яхь дΙа ца луш, цуьнан сий лардина шаьш бол-болучохь. Дуккха а бу "арахьарчу" вайнахалахь къоман цΙе лакхайоккхуш бехаш а, баьхнарш а. Ишттачу цхьаннах, Урдунерчу устазах Къедро Шайхах лаьцна бу хIара дагалецам.


1901-чу шарахь нохчийн мухIажирех хьалхара дакъа кхечира Урдуне. Царна юкъахь дин лелорца а, довзарца а цIеяххана нах а бара. ТIаьхьо баьхкира оьрсийн кIайн эскарехь лаккхарчу даржашкахь хилла эпсарш. ТIаккха кхечира 1918-чу шарахь хIоьттина а, сихха йохийна а хиллачу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республикан министрш.

Оцу заманахь Урдунехь лаьттинчу туркойн Iедало сий деш а лелийра уьш. Ткъа 1918-чу шарахь туркойн Iедал дIадахара Урдунера, тIедеъначу Игалсан а, Iаьрбийн Iедалша тесна битира тIеман гIуллакхашкахь гоьбевлла вайнах.
Бакъду, нохчийн хIижарат бусулба дин бахьанехь хилла дела, царех болчу Iеламнехан дика терго йора Iаьрбийн Iедалша.

Оцу заманахь нохчийн устазех волу накъшабандин вирдан ворхIалгIа устаз Къедаро Абдул-Хьамид ваьхна Урдунера Суеле-гIалахь.

Устазан дахар муха дара, аьлла, тахана Суеле-гIалахь вехачу цуьнан вешин кIанта Къедаро Рашада дуьйцу шен девешех лаьцна.

Къедро: Абдул-Хьамид Къедро ДегIастанахь 1905-чу шарахь дуьнентIе ваьлла. 1907-чу шарахь шен деца Урдуне хIижрат дина цо. Цу хенахь кхузахь лакхарчу дешаран школаш ца хилла. Шен аьтто боллучул дешна, тIахьо Iабдалла Ал-Имам цIе йолчу Iеламстага бусулба дин Iамийна цунна. Дуккха а кхечаьрца а дешна цо.

Иза кхузахь накъшабандин вирдехь ворхIалгIа устаз лоруш ву. Церан доьзал ДегIастанахь Сесанарчу Воккха Хьаьжин вирдара охьабуьйлабелла.

Нохчийн Iедал хилла, устазо, ша валале, шегара Iаса ша къастийначу рогIерчу устазе дIалуш. Иштта Iабдул-Хьамиде кхаьчна хилла устазийн Iаса. Устазо олуш хилла, хIара Iаса ша дIаваьлча, хьанехе ло, олий. Абдул-Хьамид цхьаьнге а ца елла-кх иза. ХIокху заманахь и хала гIуллакх тIелаца башха чIогIа хаарш долуш а, цIена а хила ма везий динан стаг...

Шена тоъал дуьненан хIума долуш вара. Зуда ялийна а вара. Амма доьзал ца хилира цуьнан. Делан дуьхьа сагIийна лург а, закат далар а кхоийна стаг вацара тхан деваша. Амма шена кхоавеллий вара. ХIокху дуьненчохь хьал а дара хьан, нахана а, Iедална а вевзаш стаг а вара хьо, нах оьху хьо волчу, хьайна жимма чохь а, тIехь а хилийтахьара ахь, шега дехча, Делан элча шел дика вара, шен ерг а ца хилла цуьнан, хьашт яц шена, олий, дуьненан хIума дIатоттура цо.

Марханаш даьстича а, мавладаш хилча а, цуьнан муридаш, Iаьрбий, гуллора и волчохь. Цхьана дийнахь, марханаш даьстина де дара иза. Цхьа молла а, муридаш а бара и волчохь. КIелвисинчу Iабдул-Хьамидна гонаха хевшина, хабарш дуьйцуш Iара уьш. Цхьана Iаьрбийчо элира, наха тхоьга хоьтту, Iабдул-Хьамидан куьйгах барт баккха хIунда гIерта шу, аьлла. Ша жоп делира, цо шен когах ца боккхуьйту дела, аьлла , бохура муридо. ВаллахIи, бакъ ма ду, хьалаиккхина, катоьхна, цуьнан когах барт баьккхира цу Iаьрбийчо.

Абдул-Хьамида шен ахчах дайтина маьждиг ду. Тхуна дагадеанера цунна устазан цIе тилла, Цо дехар дира, шен цIе ма тилла, аьлла, цу маьждигна, ша иза Делан дуьхьа деш ду, гучавала деш дац, аьлла. ТIаьхьа цо ша тиллира маьждигна цIе - Масжид Ал-Сабтайн.

1980-чу шарахь ДегIастана хьажахIотта ваха лаьа шена, аьлла, со и эцна вахара Нохчийчу. Цигахь 3 кIира даьккхина цIавеара и. ДегIастана гуттаренна гIур ву олуш дацара цо. ХIара еза меттиг лоруш ю, суна кхузара цхьа а дIаволийла ца лаьа, вайн дайша Делан дуьхьа хIижарат дина баьхкина бу кхуза, суна и хIижарат дохадан ца лаьа, олур-кх цо".

Шен заманахь хилла волчу Урдунан паччахьа Хьусейн бин Талала Къедаро Абдул-Хьамид муха лорура а дийцира устазан вешин воIа.

Къедро: ЧIогIа Iаьрбаша а, таханлерчу Урдунан паччахьан дас а лоруш вара. Со жима волуш Суелен урхалле веанера паччахь. И чувогIучохь хIоьттина Iара сан денваша. Паччахьо ма-воддара тIе а вахана, маршалла хаьттира Абдул-Хьамиде.

Сан вашас дийцира суна хIетахь, Урдунехь цхьанна а хьалхахь цигаьрка дIалачкъош яц паччахьо, Iабдул-Хьамидна хьалхахь бен, аьлла. Цуьнна хьалхахь цигаьрка ца узура паччахьо. Паччахьна иза цIена стаг вуйла хаьара, Дела дуьхьа лелаш, Iедалера я шегара хIума яккха лелаш воцийла хаьара. Ткъа наха лоруш волу стаг паччахьна ша лара везийла а хаьара.

Накъшабандин вирдехь хIинца а нах бу Iаьрбашна юкъахь, дукхахберш Шема-махкахь бу. Къедро Абдул-Хьамида шегара устазан Iаса кхечуьнга ца луш, вирдан гIуллакх, шена Iаьрбийн мотт а, дин а къоргга Iаьмча, дитина - иштта олуш ду Урдунерчу нохчаша.