Кабулехь динчу тIелатаран дараш

Кабулерчу тIеман госпитална кхаарийдийнахь динчу тIелатарехь зенаш хиллачийн терахь лакхадаьлла догIу. Велларг 30 ву, лазийнарш 70 сов бу. ОвхIанистанан тIеман министралло Iорадаьхна и терахьаш. Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шайна тIелаьцна теракт.

Reuters агенталлан хаамашца, кхаарийдийнахь эскархойн дарбан цIийнан декъа тIехь эккхийтар а дина, госпиталь чу лилхинчу наха герзаш диттина дархошна а, дарбан хIусаман белхахошна а. 6 сахьтехь хиллачу тийсадаларшкахь байина тIелеттарш.

Цхьаьнатоьхначу къаьмнийн организацино (ООН) а, ОвхIанистанерчу Iамеркан векалто а емалдина и зулам.