Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу кIантана Кадыров Адамна рогIера совгIат делла – "Ислам динна гIуллакх дарна" I-чу тIегIанера орден. ТIаьххьара цхьа бутт, ах бутт хеначохь иза цуьнан ворхIалгIа совгIат ду.
Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа йелла цунна и орден, Къилбаседа Кавказера берриг муфтиш, "кхечу пачхьалкхашкара лараме динан Iеламчаш" гулбинчу барамехь дара иза, боху республикан зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Дийцарехь, синан, эхь-бехкан мехаллин конференцехь делла Адамна совгIат.
Дудаевс дIахьедина, "ислам дин чIагIдеш, цуьнан мехаллаш ларйеш доккха дакъа лаьцна" кхиазхочо. Билггал муьлха хьуьнарш ду дуьйцурш, Дудаевс ца аьлла.
ТIаьххьарчу цхьана баттахь, эха баттахь Кадыров Адамна Нохчийчоьнан турпалхочун чин делла, республикан куьйгалхочун кхерамазалла ларйаран декъан куьйгалхочун дарж а, ГIезалойчоьнна, Кхарачой-Чергазийчоьнна, ГIебарта-Балкхаройчоьнна хьалха хьуьнарш гайтарна орденаш, "Даймехкан сий" нохчийн орден а, "Умматна хьалха хьуьнарш гайтарна" динан орден а.
15 шо долчу Кадыров Адамна тIаьхьий-хьалхий совгIаташ далар долийра КъурIан дагорна лаьцна волчу Журавель Никитина цо камерина хьалха йиттича. Оьрсийн йукъараллин цхьана дакъо кхиазхо жоьпалле озор тIедожийра, амма полици дуьхьал хилира гIуллакх долон, бехктакхаман гIуллакхе озоран хан кхаьчна вац Адам, аьлла бух балош. Оцу хьоло новкъарло ца йира масех республикийн Iедалхошна жимстагна совгIаташ дала – цуьнан хенарчу наханна дала йиш йолуш дац уьш.
КХИН А ХЬАЖА: Кардиохирург, физик, режиссер. Кадыров Адамал хьалха хьанна, хIунда лора Кавказан республикийн совгIаташ- КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, цо дагийна КъорIан10 эзар сом лур ду аьллачу СБУ-н тIедилларца. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла.
- Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира.
- Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира марсхьокху-беттан 15-чохь Кадыров Адама. Журавеля ша дIахаийтира цунах лаьцна. Гезгамашин-беттан 25-чохь Нохчийчоьнан урхалхочун телеграм-каналехь йаржийра цунна йеттачу хенахь дIайазйина видео. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана.
- Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан тIегIанера скандалашна йукъахь. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.