Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан Москварчу Къилбаседа Бутоверчу хIолламна улле хьакхин корта а, бекон а йиллина вевзаш воцчу стага. ЦхьамогIа телеграм-каналашкахь гучуйелира и деш йаьккхина видео, тIаккха и дарна Барнаулера 19 шо долу жимстаг лаьцна боху. Москвахула йолчу ницкъаллин хьукматийн сайташкахь хиллачух дуьйцуш дац.
Бусулбачу наханна магийна йоцучу хьакхин дакъош Кадыров Ахьмадан цIарх болчу урамера хIолламна улле кхоьссира, Москвахь кхин а цхьаъ маьждиг дийр ду аьлла хаамаш баьржича, дуьйцу Baza телеграм-канало. ХIоллам сийсазбинарг полицин декъе вигина хеттарш дан, цуьнан цIе йоккхуш йац, дуьйцу Avtozak LIVE телеграм-канало.
Видео маца йаьккхина къасталуш дац. Оьрсийчоьно хIоттийначу республикан хьалхарчу президентан хIолламна улло кхоьссина корта гойтуш видео дуьххьара националистийн телеграм-каналашкахь гучуйелира.
Москвахула йолчу полицин, прокуратурин, талламан комитетан урхаллин сайташкахь хIумма а ца дуьйцу дIалаьцначун хьокъехь. Нохчийчуьрчу Iедало а ца йина цунах комментари.
2021 шарахь бевзаш боцчу наха сийсазбинера Кадыров Ахьмадан хIоллам – хIетахь цуьнан берте вовшашца аьчкан серашца бихкина шиъ хьакхин корта кхоьссира. Хулиганалла лелорна бохучу артиклаца гIуллакх долийра полицино.
- Москвахь керла маьждиг делларх йолу идей къобалйина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, аьлла дIахьедина Кадыров Рамзана гезгмашин-беттан чакхенгахь. Южное Бутово кIоштарчу шен ден Кадыровн Ахьмадан цIарх болчу урамехь доьллур ду иза, бохуш чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
- Кавказ.Реалиин сайто масийттаза йаздира Кадыров Ахьмадан культ кхолларх. Эксперташна хетарехь, "динан билгалошнашца" лелайо иза, республикера арайолуш а йу и культ.