Оьрсийчоьнан президент цавезачара а язйина байташ, Нохчийчоьнан куьйгалхочун лаамна жоп луш
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша керла iPhone Х ло президентна Путинна тоьлла байт язйинчунна аларо ир-кара хIиттийра нах социалан машанашкахь. Оьрсийчуьра бахархой хилла а ца Iара царалахь.
Бакъду, ца лиинехь а, лиинехь а, Кадыровс оцу шен кхайкхамца цхьаболучарна президентах дастаме мел дерг яздан бахьана а делира. Хастамаш бан кхоьллинчу #НашПрезидентПутин хештеган метта, #НашУзурпаторПутлер аьлла, шайн аьлтернативан хештег йиллира цара. Боьха, цIена ца къестош язъечу байташкахь рифма ларъян а гIерташ.
Уггаре дукха ю ала тарло иштачу байташлахь Нохчийчуьрчу тIамехь Путинна кхаьчна меттиг цунна дIалурш. Диц ца до авторша Оьрсийчоьнан президент КГБ-н могIаршкара схьаваьлла хилар а. (Маршо Радионо цIечу басарца дIадайина гайта шен йиш йоьцу боьха хабарш).
«Вайн президент Путин Айкханча вара, нахана хьалхара церан тIоьрмиг а лелийра, Зезагаш духкуш а лийлира, Президент хIоьттича … хIаъ, нохчийн а байира».
Массарел хьалха Кадыровн кхайкхам юьхьараэцнарш нохчий бара. ICHARKHO media хьостано арахийцира Путинах шегара видео-«байт». Чугулйира Нохчийчохь Хьалхара тIом боьдуш наха президентна неIалташ а хьийсош, мел баьхнарг: «массарел воккха террорист», «нохчийн къам дакъаза даьккхина» йолу «чагIалкх»… .
«Язъе байт, хи санна, вайн махкахь Iенийначу цIийх лаций. Кхел, таллам, низам доцуш, акхароша санна, къиза эзарнаш-эзарнаш бераш, зударий, къаной хIаллакбарх. Байташ язъе, вайнах, иттаннаш шерашкахь, шайн бераш мичахь ду а ца хууш, боьлхучу нанойх лаций», - яздина оцу инстаграмерчу видеон комментарешкахь suleimanova.amin цIе лелочо.
Кхечо яздо, «ирс ду 1990-чу шерашкахь эгначу вайн вежарийн, йижарийн тахана цхьаболчу церан вежарша-йижарша, телефон бахьанехь, шайн дай, йижарий хьийзийначу кафиршна байташ йохуш ца гуш».
Украинера, Шемара тIемаш а бетта Путинна тIех.
Цхьаболучара яздо, иза шайн президент вац бохуш а.
Ингалсан мотт буьйцу машанийн декъашхой цецбуьйлу, Путин хастийча стенна луш ю Кремло шен мостагI лоручу Iамеркахь йина смартфон, бохуш.
Iаьрбийн мехкашкара а бу байтийн къовсаман балакхаьчнарш.
«Ас илли кхоьллина «Путин Владимир, хIай …. (эвхьаза лелачу зудчун) воI (Маршо Радионо хийцина дош)! Суна а мегий къовсамехь дакъалаца..?», - хоьтту MOUEZ цIе лолочо.
МАРШО РАДИОН тIетохар. ХIара артикл зорбане яьллачул тIаьхьа гучудаьлла, толамхо ю аьлла, телефон яла кхачийначу Ирбахиева Хедас шен ю бохуш ешна байт интернетера схьаэцна хиллийла а, йинарг плагиат юйла а. 2014 шарахь яздина дешнаш а, цуьнан автор а гойту хьостано.