КIиран бIаьрла хиламаш

Карта - Къилбаседа Кавказ

Кадыровс шена ма-оьшшу хуьйцу Нохчийчоьнан конституцин агΙонаш. ХΙун башхалла хила тарло Ιедалан коьртера вохийначу Байсултанов Одесанний, хΙинца цуьнан метта хΙоттийначу Эдельгериев Абубакаранний белхан хотΙехь. Кавказ Имаратан коьртехь волчу Умаров Доккас джихΙадан Ιалашонийн коьрте доккхучух тера ду Нохчийчоь мукъаяккхар. Кавказан керланийн комментатор, журналист Фуллер Элизабет ю Кавказера хиламаш тидаме оьцуш.
Кадыров Рамзана кху кΙиранах юха а гайтира, шена низамаш талхор, юхаяздар хΙумма а доцург дуйла. Конституцехь парламенте хийцам а байтина, шен а, Ιедалан а администрацин куьйгалхочун дарж юкъа а даьккхина, премьер-министрехь ца юьтуш, шен караэцна цо цуьнан бакъонаш. Иштта юкъара доккху цо махкахь шолгΙа ларалуш хилла премьеран хьаькамалла, министршна тΙехь шен Ιуьналла а хΙоттош.

ТΙоьхула хир дуй шинггара а хьакамалла гойту министрийн кабинетан куьйгалхо а, цуьнна тΙе администрацин куьйгалхо а хΙотторо. Юьртбахаман министр лаьттина Эдельгериев Абубакар хΙоттийна Ιедалан коьрте. Цунна тΙехΙоттийна, администрацин куьйгалхочун дарже, нахалахь Лорд цΙе лелаш волу, хьалха премьер-министран къепе латторехь гΙовс хилла волу Даудов Мохьмад.

32 шо кхаьчна Даудов, 2004-чу шарахь Кадыров Ахьмад веллалц, лелла Басаев Шемалан тобанехь. Иштта волу иза, шена пайде а ву, тΙеман баьчча а хилла, майра къонах а, дика полисхо а ву, бохуш, Кадыров Рамзана хестийра Даудов цкъа Пачхьалкхан Думана хьалха.

Официалехь Даудов Мохьмадан биографи юхаязйина ю, иза хьалха тΙемалошца зΙенехь Ιийна хилар дΙадойъуш. Цуьнан метта яздо, кхоалгIачу эзаран шераш доладелча дуьйна схьа оьрсийн эскаршкахь гΙуллакх дина ву, бохуш.

Наха дуьйцург дΙадаккха лерина, Масхадов Асланал тΙаьхьа президент лаьттина Садулаев Ιабдул-Хьалим 2006-чу шеран Товбецан-баттахь (июнехь) цо вийна хилар къайла хьош, юхаязйина цуьнан биографи. Иштта цунна тΙехьо наха 2010-чу шарахь Нохчийчохь хьийзабечу тΙемалойн доьзалийн агΙо лаьцна хиллачу бакъоларъярхошна тΙеΙаткъам бина хилар а, 2008-чу шарахь Кадыров ларвечу декъехь болх бина Исраилов Ιумар вен Вене нах хьовсор а.

Еарий дийнахь Эдельгериев Абубакара, парламенто сихо еш, Ιалашонехь а йоцуш хΙоттийначу кхеташонехь, шен Ιедалан программа охьайилира. Циггахь даржехь дΙачΙагΙвира иза а, цуьнан хьалхара гΙовс Тимуркаев Ιиса а. Эдельгериевс хаийтира шен болх шел хьалха даржехь хиллачу, Кадыровс цΙарца вийцар а доцуш, ша бина болх критике баьккхина волчу Байсултановн Одесачух богΙуш хир боцийла.

Эдельгериевс хастийра парламентехь Кадыров, цо Нохчийчоьнан экономикана пайде дерг федералан тΙегΙан тΙехь дика чекх а доккху, иза бахьанехь Москохара ца хеддаш ахча махка кхочуш а ду, аьлла.

Эдельгериевс билгалдаьккхира, дешаран а, могашаллин а хьукматаш эвсаръяха еза цигарчу белхахойн корматалла лакхаяккхарца а, керла ницкъаш кхиорца а, аьлла. Иштта билгалдаьккхира, коммунална энергин кхачо ен сурсаташ тоьаш яцар а. Амма дацара цуьнан къамелехь Кадыровс кест-кеста хьахош дерг – махкахь белхан меттигийн якъо лаьтташ хилар.

Эдельгириевс хьехийначу Ιалашонех, Кадыровн дΙахьедаршца йогΙуш яра керла тактика а, стратеги а оьшу керла Ιалашонаш кхочушъян, банкийн система шоръян еза бохург.

Умаров Доккас Зазадоккху-беттан 29-чохь къилба-малхбузерчу фронтаца ша дΙаяьхьначу Шурахь ши дΙахьедар дина, цхьаъ нохчийн бусулбанашкий, важа – Оьрсийчуьрчу бусулбанашкий. Видеогайтам Ю-Тюбе биллина шинарий буса.

Иза шо хьалха, стохка Чиллан-баттахь Кавказан а, Оьрсийчоьнан а бусулбанашка динчу дΙахьедарна тΙаьхьа догΙу рогΙераниг нисло. Хьалха а санна, джихΙад бусулбанашна тΙехь хилар а, халонехь бохкучу церан Ιалашонех коьртаниг хилар а хоуьйту Умаровс. Ткъа кхидолчу хΙуманашца кхушара мелла а машаре хеза цуьнан къамел.

Нохчашна лерина джихΙадан хазаллех а, иза муха даьржира Нохчийчохь а дуьйцу Умаровс. Цо джихΙадан Ιалашо юзу бусулба нах шайн лаьттан дай хила безарца а. «ДжихΙад» дешан маьΙний, «ваххΙабизм» олучу исламан боламан маьΙний вовшахкъастадо Умаровс. Ша хьалха мухха а дийцинехь а, хΙинца цо ша Нохчийчоьнан истори хьахош, 1944 шарахь къам махкахдаккхар а, Дудаев ДжовхΙаран заманахь къомо маршонехьа латтийна къийсам а джихΙадах бузу. Цо чΙагΙдо, Имаратан ницкъаш бузуш долу керла чкъор дац, Делан дош чΙагΙданний бен, кхечу Ιалашонийн дуьхьа шен могΙарех детталуш, бохуш.

Шайгара цхьа зулам даьлла аьлла хетачаьрга а тΙехь шен тобанна къинтΙера довлар доьху Умаров Доккас. Кхечуьнца дан накъосталла дацахь, доΙанашца шайца хиларе кхойкху цо бусулбанаш. Иштта кхойкху нах, Москохана муьтΙахь долчу Ιедало маьждигаш хΙитадора аьлла, Ιеха ца баларе. «Маьрша бусулба нах хΙаллакбеш бу Кавказехь а, Оьрсийчохь а, юьстаха ма латта шайн нехан баланна» - боху Умаровс. Путине а, цуьнан агΙоне а боху, "цкъа а аьтто бер бац шун нохчийн къам маршоне ца кхийдийта а, и маьрша ца далийта а".

Билгалдаккха деза, Умаровс ца хьахадо Кавказ Имаратан кхидолу дакъош, тΙаьхьарчу хенахь шайн баьччанех девлла долу – Дагестан, ГIалгΙайчоь, ГΙебарта-Балкхаройчоь, Кхахарчой-Чергазийчоь. ГΙарадаккханза дуьсу Амир Адам а, Даудов ИбрахΙисмхалил а, Занкишев Ιелим а кхелхича, муьлш хΙиттийна церан метта.

Къастаме ду хΙара дΙахьедар, Умаровс ден къамел беккъа нохчийн муджахIидашна тан дезачу кепара дарца. Нохчийчоьнах жоп лучу баьччанаша Хусаиновссий, Гакаевссий, шаьш байΙат деш, Нохчийчоь паргΙатъяккхар а, цигахь ШарΙ хΙоттор а коьртачу Ιалашоне-м ца дуьллуьйту-те Умаровга, олий хетало ладоьгΙча.

Комметатор Фуллер Элизабет яра Кавказан кΙиран хиламийн зераш динарг.