Кхеташо - хьанна, мила Iехош?..

Оьрсийчоь -- "Адамийн бакъонашкахьа" цIе йолчу юкъараллан цIийна тIе, и хьукмат емал еш, "Кхечу пачхьалкхан агент", "Суна Iамерка еза" яздина зуламхоша, Москох, 2ГIу2012

Эстемирова Наташа йийначу денна лерича санна цхьа хаам баржийна нохчийн Ιедалша. Мехкан администратор Кадыров Рамзан дагахь ву шен гонехь адамийн бакъонийн тергоен кхеташо кхолла. Ткъа «адамийн бакъонаш», «Кадыровн администраци» боху дешнаш вовшашца тарлуш а дац аьлла хета нахана.



Ларамза нисделла хIума санна туьду цхьаболчу бакъонашларьярхоша, ерриг пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а дика евзаш а, де эшначу адамийн агIонча, доглазархо, царна кIад ца луш орцах йийлина а йолу Эстемирова Наташа йийна диъ шо дуьзначу дийнахь Iедалхоша махкахь хааме баьккхина сацам. И сацам боьзна бу мехкан куьйгалхочун куьйга кIел, адамийн бакъонашларьян Iалашо а йолуш, леррина кхеташо кхолларца.

Оц кхеташонан дIахIоттам а, чулацам а муха хир бу гойтуш бух кечбан бутт хан елла Кадыров Рамзана. Урхаллехь болчара тидарехь, и керла кхуллуш йолу тоба Iедалний, бахархошний юкъалелаш, цхьа шатайпа зIе латтош, геланча хир ю.

Официало гIардакхарца, бовзийтар хIинцца нисделлехь а, и сацам диъ-пхи де хьалха бина бу, Оьрсийчоьнан президентан и тайпа кхеташо Соьлжа-гIалахь хьошалгIахь хиллачул тIаьхьа.

ХIетахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь Кадыровс хьул ца дира, "кхечу пачхьалкхашна болх беш болчу" бакъонашларьярхошна ша резацахилар. Къаьсттина цо нажжаз вира "Iазапна духьало яран комитетан" ("Комитет против пыток") боламан хьаькам Каляпин Игорь.

Дукхахболчарна тамаше хетарг и ду - ишта а, вуьшта а бу бохуш, бакъонашларьярхошкара анташ даьхна кIира а дузале, оццу бакъонашларьярхойх леррина кхеташо кхуллуш сацам тIеэцар.

Кадыровс хIинца далаьцнарг кхане а, я тIаьхьало йолуш а хIума ца лору дуккха наха. "Адамийн бакъонаш ларьян а, харцонаш Iораяха а махкахь ницкъаш болуш бу. ЦхьамогIа комитеташ ю, политикан боламаш бу. Цаьрга, багара дуьрста дIа а яьккхина, кхерамаш а ца туьйсуш, болх байта беза. Маршо яла еза галдаьлларг гал ду ала а, кху Iедалдас а, хIокху маьхькIамхочо а хIара а, хIара а леладо ала а, и нахала даккха а билгалбина некъ хила беза. Кхин хIумма а ца оьшу". Иштта дара соьца "къайлах" къамелаш диначара бохург.

Нохчийчоьнан куьйгалхоша бакъонашларьярхой юкъараллин цхьа мехала дакъа санна тIеоьцуш хилла а бац. Ца оьцу тахана а. Беш хьулам а боцуш, церан болх аьшнаш барал совнаха, уьш туьдуш бу хIумма а ца деш, кхечеран чоьтах беха жуккарш санна.

Нохчийчохь кхин цхьаъ а адамийн бакъонашларьяран кхеташо оьшу аьлла хетарш дукха бац. Амма дукха бу, чот йоцуш дукха, махкахь йолуш йолучаьрга, оццу Нухажиев Нурди коьртехь волчу урхалле, я кхечаьрга, масала, "Мемориале", "Iазапна духьало яран комитете" бакъ маршо а елла, болх байта беза боху нах.