Кадыров левархьама ша вуьйш санна кеп хIотторах дуьйцу блогеро Абдурахмановс

Абдурахманов Тумсо

Швецехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос дIахьедар дина, 2022-чу шеран гIуран-баттахь шена тIелатар дича санна кеп хIотторехь ша дакъа лаьцна хилар дуьйцуш. Цу хенахь жигархо кхаа баттана къайлавелира. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан блогеран валарах тешийта и дерриге ша долор бакъдо цо. Шен ютуб-каналерчу керлачу видеохь дина Абдурахмановс и къамел. Кхечу хьостанаша цуьнан къамелан бакъ, йа харц хилар дуьйцуш дац. Соьлжа-ГIаларчу Iедало хиллачун комментареш йеш йац.

Блогеро дийцарехь, дайначу шеран чакхенгахь цуьнца зIене ваьлла хилла "цхьа стаг". Цо хаам бина, хIара бахьана долуш Кадыровера шайна "цхьа боккха болх" кховдийна хиларх. И гIуллакх кхочушдан векалбинарш "цхьа гIалгIай" бара аьлла Абдурахмановс. Царна шайна гIодан накъост карийна хилла. Цо Абдурахмановна, массо "кхосса а кхоссий", кеп хIоттош видео йаккхий вайшимма, аьлла хьехар дина.

"Со шиннах цхьаъ харжа дезачу хьолехь висира: йа аса хIорш тергал ца бо, амма со вен луург схьакхачаре хьоьжуш Iан везара. Ткъа и дан стаг-м карор ма вай... Йа аса дерриге сайн караэцна, Кадыров левеш, цхьаъ до", – аьлла дийцира Абдурахмановс. И кеп хIотточу йукъанна шена цхьа а кхерам цахилар тIе а чIагIдеш.

Цул тIаьхьа, блогеро дийцарехь, цара цунна герз тухуш "пранк" йоккху, иза "цу гIалгIашна" дIайохьуьйту. И нах, Абдурахмановс дийцарехь, цу видео тIехь дерг бакъ хиларх тешна хуьлу. Уьш дукха сиха и видео оьций, Кадыровна тIебоьлху (ша видео нохчийн жигархочо гойтуш йац).

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу накъосташна цу хиламан керла тоьшаллаш ийшира. ТIаккха, Абдурахмановс дийцарехь, и кеп хIоттор кечдинчо нохчийн оппозицерчу 1ADAT боламехь болучаьрга дехар дира, блогер билггал вийна алий хаам бар хьоьхуш. Вукхара шайца и тайпа стаг зIеневаьлла вац боху. Амма боламан телеграм-канало, шайга и аьлла хьоста билгал ца доккхуш, гIуран-беттан 5-хь Абдурахманов кхелхина аьлла хаам бира. Цунах тера хаам беш, вистхилира Масхадов Анзор а.

Амма телеграмерчу хаамех а кадыровхой ца тийшира, элира Абдурахмановс. Цо бахарехь, Кадыровна гайтира цу герз кхийсарехь чевнаш хилла блогер вен веънарг а. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхо оппозицхо вийна хиларх тийшира, цо ша лур бу аьлла мах дIабелира. "Цу сарахь авантюра дика чекхйелира", – дIахьедира Абдурахмановс. Билггал муьлха де дара ца элира.

Кхин а ши кIира даьлча, кадыровхоша "и гIалгIай" дIалецира. Цара цаьргара керла тоьшаллаш дийхира. ТIаккха и видео йоккхуш гIо динарг йуха а вистхилира Абдурахмановга, хьо моргехь волуш санна кхин цхьа видео йаккхийта вайга аьлла, дуьйцу блогеро. Ткъа блогеро ша лазартнехь комехь волуш видео йаккхийта резахилира боху. Абдурахмановс и видео гойту. Иза хьан, маца, мичахь йаьккхина билггал хууш дац. Видеога хьаьжча, иза гуш дац.

"И тIаккха кхиамца чекхдолу", – боху Абдурахмановс. Эххар а, цо дийцарехь, Нохчийчохь дIалаьцнарш дIахоьцу, ткъа ша блогер 7-10 де даьлча йуха а шен болх бан дIаволало (ша къайлаваьллачул тIаьхьа цо йина дуьххьарлера видео чиллин-беттан 21-хь арайолу). Кавказ.Реалии сайто динчу хаттарна Швецерчу полицино цу тIелатарх хIоттийначу кепах шайна хууш хIумма дац олу. Блогеро Iедалхошка ша цхьа а хаам ца бина аьлла.

1ADAT боламехь болучара Абдурахмановс и дерриге дийца дийцале дIахьединера, блогеро Кадыровца уьйр йолчу киллерхошкара ахча схьа а эцна, и дерриге кечдина аьлла. Боламан векалша кхин цхьа блогер а бехкевира цу тайпачу хIуманна - Халитов Хьасан. Абдурахмановс и бехкаш шена тIера дIатеттира, амма 1ADAT болам бу и ахча схьаэцнарг аьлла, изза бехк царна тIебожийра.

  • 2020-чу шеран гIуран-баттахь Абдурахманов Тумсона иза вен дагахь цуьнан Швецерчу петарехь тIелатар дира. Блогеро шена тIелеттарг схьалецира, цига Iедал кхайкхина, схьалаьцнарг цаьрга дIавелира. Цу гIуллакхехь кхело шен сацам 2021-чу шеран дечкен-баттахь бира. Бехкебинарш Оьрсийчоьнан махкахой бара. ТIелатарна тIехьа лаьттарш муьлш бу ца хиира. Амма кхелехь прокуроро "лараш Соьлжа-ГIалара" йу аьлла билгалдаьккхира.
  • Абдурахманов Тумсон гIуллакхехь сацам биначул тIаьхьа Германерчу полицино йухатуьйхира цуьнан вешина Мухьаммадна кечдина зулам. Бакъонашларйархочо дийцарехь, иза вен кечвинарг Кадыров Рамзанан шича Эдельгириев Пахрудди вара боху.