Кадыров – нохчий – "аганахь дуьйна тIемалой кхиийна къам ду", цундела тIом бан беза цара

Нохчийчохь эскарш дIахIиттор, Кадыров Рамзанан телеграм-каналера видео йуккъера скриншот

Нохчаша тIом бан беза, хIунда аьлча, "цхьаммо бан безаш ма бу и", дIахьедина Кадыров Рамзана. Цунна хетарехь, нохчий "аганахь дуьйна тIемалой кхиийна къам ду", уьш "дуьненчу баьхна бакъонехьа тIом бан". Оцу кепарчу дIахьедаршца хьаькам вистхилла регионехь вовшахтоьхначу керлачу тIеман дакъошна хьалха.

"Цхьаболчара хоьтту: нохчаша стенна бан безаш бу тIом? Цхьаммо бан безаш ма бу и. Ткъа вай – аганахь дуьйна тIемалой кхиийна къам ду, вай дуьненчу девлла тIемаш бан, сан цу тIехь шеко йац", - аьллачу Кадыровн дешнаш далийна "Грорзный-информ" пачхьалкхан агенталло.

"Карахь герз а долуш тIом бе бохург дац иза, и бохург ду бакъонехьа боллу хьайгарчу гIирсашца къийсам латтбе: тIеман аренгахь, хьайн дашца, гIуллакхца", - билгалдаьккхира Кадыровс.

Эскархой дIахIитторе Кадыров вахарх лаьцна цуьнан телеграм-каналехь хаийтина ду. Цо чIагIдо, керлачу деа декъан могIарехь – "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" полкашкахь а, тIеман министраллина чуйогIучу Шейх Мансуран цIарахчу батальонехь а, иштта Росгвардин цIартIера Бенойн БойсгIаран цIарахчу батальонехь а кхо эзар стаг гIуллакх дан волавелла аьлла.

Нохчийчоьнан урхалхочо бахарехь, дукхахберш царех зеделларг долуш бу Украинерчу тIамехь дакъалаьцна, уьш йуха а кийча бу тIаме баха. Муьлхачу дакъошкахь оцу эскархоша тIемаш бина, керла кхоьллинчу структури йукъа а уьш хIунда дехьабаьхна, хоуьйтуш дац.

2400 стаг йукъахь а волуш, тIеман министраллин декъехь керла ши полк вовшахтохарх дIахаийтира стигалкъекъа-баттахь Кадыровс, ткъа Шейх Мансуран а, Бенойн БойсгIаран а батальонаш кхолларх дIахьедира гIадужу-баттахь. Кавказ.Реалиин сайто дийцира, Нохчийчуьра Iедало стенна пайдаоьцу Кавказ йоккхучу хенахь ламанхойн дуьхьалонан хиллачу лидерийн цIераш стенна лелош йу а, Кадыровн пропагандана цо муха гIо до а.

Товбеца-бутт бовш, нохчийн Iедалхойн дIахьедаршца, Украинехь боьдучу тIамехь ворхI эзар стаг вара, Украинана тIелетчхьана республикера цигарчу тIамехь дакъалаца хьажийра 28 эзар стаг, церан могIарехь вара 13 эзар лаамхой олурш. И хаамаш талла аьтто бац. Амма шеконаш кхоллайелира экспертийн стохка марсхьокху-баттахь, республикан Iедалхойн дIахьедарш бакъ хиларх.

  • Комментаторша билгалдоккху, Оьрсийчоьнан пропагандистийн Iожаллех, йукъаралхойн хьал санна тIеман а риторика дIанисIелла хилар.
  • Нохчийчохь куп тоьхна Росгвардин дакъош формалехь федералан урхаллина чудогIуш ду, амма ма-дарра аьлча, уьш Кадыров Рамзанан куьйгакIел ду.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а масийттаза дийцира, тIамехь дакъалаца бахийтарх ницкъахоша республикехь лечкъийна нах. Царех цхьаболчаьрга олура йа тIамтIе гIо, йа тIехь ницкъбина, шайггара дуьхьал даьккхинчу гIуллакхца набахте воьду хьо. Нохчийчохь салтий хуьлу иштта, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш а.
  • Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.
  • Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш. Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(ISW) чIагIдора, нохчийн тобанаша тIемашкахь башха дакъалоцуш дац, дукха хьолхаь уьш тылехь Iа аьлла. Цунах лацна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а. Нохчийчохь кхоьллина йолчу "Ахмат" тобанан "лаамхочо" дийцира, Украинехь кадыровхоша дуккха а тIеман зуламаш лелийна хиларх. Цунах дуьйцура оккупацехь лаьттинчу украинхоша а.
  • Кавказ.Реалии сайтана хууш ду Украинерчу тIамехь Нохчийчуьра веллачу 246 стагах лаьцна, и хаамаш а буьззина бац. "Кавказский узел" хьастан лараршца, Iедалхоша тIечIагIдина 138 стаг кхалхар.