Кадыров Рамзана ша цомгуш вац боху

Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша цомгуш вац боху. Цо "пост" йина, "со могуш ву, сан шортта ницкъ бу" аьлла. Хьалхо Европерчу Ичкерин хьалханчас Закаев Ахьмада аьлла дара Кадыровн могушалла ледара йу. Кхечу телеграм-каналашкара нохчийн оппозиционераша бира изза хаамаш.

Кадыровс и дерриге къамелаш шен пIелган тIехь ша лелочу электронан-суьлхьанаш бахьанехь долийна ду аьлла дийцира. Цу суьлхьанех мед-гIирс тарбеллачу СМИ-белхалойн хабарш ду уьш, аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла эшна йогIу бохуш, гIуран-баттахь дийца долийра. Иштта - Кадыровн хила тарлуш йолчу цамгарах, наркотикех возушхиларах хаамаш бира Закаев Ахьмада. Зазадоккху-баттахь немцойн таблоидо Bild - Закаевн къамелана тIе а тевжаш, Кадыровн жаннаш дика дац, цуьнан йуьхь йистина йу аьлла дийцира. Сайто яздира Абу-Дабера Соьлжа-гIала кхайкхинчу нефрологах - Ясин Ибрагим М. Эль Шахату.

Куьйгалхочунна оппозицехь йолчу NIYSO телеграм-канало а хьахийра Кадыровн цамгар. 1АДАТ боламан хьалханчас "башха доккха хIума дац цунна хилларг",- аьлла, дерзийра.

Зазадоккху-беттан 13-хь Кадыров Рамзан Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхийтира. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь шен республикехь "дерриге чIогIа вуон доцуш ду, дерриге Путин бахьана долуш дика схьадогIу,”- аьлла, президентана баркалла элира. 2022-чу шарахь регионехь тайп-тайпачу сферашкахь тоьллачарех меттигаш йаьхна ду шаьш бохуш, дийцира. Амма цо мел аьлларг официалан-статискица догIуш дац.

  • Зазадоккху-беттан йуьххьехь Кремлехь Кадыровн 17 шо долчу кIантаца цхьаьнакхийтира Путин. Церан цхьаьна даьхна суьрташ Кадыровс шен телеграм-каналехь дIахIиттийра.
  • Кадыров Путинах дикка озалуш ву: шен эскархой Украинерчу тIаманна пайденна цахиларна, шен меттиг галйаларна кхоьру. Иза тидаме эцна (ISW) ТIом талларан институтерчу эксперташа, зазадокху-беттан 13-чохь хиллачу цхьаьнакхетаран хьесап деш.