Кадыров Рамзанан 18 шо долу кIант кегийрхойн гIуллакхакхийн министр хIоттийна

Кадыров Ахьмад

Нохчийчоьнан урхалхочун воккхаха волу кIант Кадыров Ахьмад республикера кегийрхойн гIуллакхийн министр хIоттийна, иштта цунна регионан лаккхара совгIат делла – Кадыровн орден.

Къастийна оцу дарже и хIотторах хаамбина бац, амма парламентан спикеро Даудов Мохьмада билгалдаьккхина керла дарж совгIат дарх йазйинчу постехь. Цо тIетоьхна, Кадыровн кIанта "лаккхарчу тIегIанехь кхочушйо муьлхха а хIиттийна Iалашонаш", билгал ца даьхна цо дина гIуллакхаш.

Цул хьалха Кадыров Ахьмада дIалецира спортан а, кегийрхойн политикан а министран хьалхара гIовс, цуьнан 18 шо дуьзна дукха хан йалале хIоттийра иза цу дарже.

2023-чу шарахь Кадыров Ахьмадах шен гIоьнча а, Iедалхошкахьа йолчу "Хьалхарчийн болам" йукъараллин куьйгалхо а вира цуьнан дас. Цул совнах, бIаьста кхиазхо Кремлехь тIеийцира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта зуда йалош цунна дина совгIат лерира иза политологаша.

Пачхьалкхан кеп-кепарчу тIегIанера даржашкахь Нохчийчохь ву КадыровгIеран 100 гергга гергара стаг – бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран цIийнах мел волчу, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.

  • Кадыров Рамзанан чоьхьара гергарчашна, кхиазхошна а цхьаьна, пачхьалкхан даржаш а, совгIаташ а доькъу. Оцу хенахь мехкан куьйгалхочун 15 шо хиллачу кIантана Адамна Нохчийчоьнан Турпалхочун седа белира, иштта ГIезалойчоьнан "Дуслык" орден, "Кхарачой-Чергазийчоьнна гIуллакхаш дарна" орден, ГIебарта-Балкхаройчоьнан лаккхара совгIат – "Республикана гIуллакхаш дар", Нохчийчоьнан 26 шо долчу вешин кIантана Кадыров Хьамзатана а йелира республикан Турпалхочун цIе. Ницкъаллин блокехула шен девешин гIоьнчан даржехь ву иза, иштта латтанийн, бахаман йукъаметтигийн министран гIовс а ву.
  • Кху деношкахь керла совгIаташ делира Нохчийчоьнан урхалхочун зудаберашна. Вице-премьер йолчу Iайшатана "ДНР-н" лаккхара орден йелира, дукха хан йоццуш мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс хIоттийначу Хадижатна – Кадыров Ахьмадан цIарах орден.