Кадыров Рамзанан агIончана йиттина Истанбулехь

Муьлш бу цахуучу наха йиттина Истанбулехь Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкахь еххачу заманчохь болх бина волчу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончана. Хетарехь цуьнан цIе ю Iабдурахьман. Security Turkey телеграм-канало бина цунах лаьцна хаам.

Де хьалха зорбане яьккхинчу видео тIехь гуш дара, 40 шо хир долчу цхьана стагана масийттамо йетташ. Титрашкахь яздора, даймахка берза луучу Туркойчуьрчу нохчашца иза уьйрашкахь волу масех шо а дара, церан проблемаш ша луьстур ю аьлла, тIелаьцнера цо бохуш. И нах Нохчийчу дIабахча дIалецна хиллера.

Ролика тIехь хозуьйтуш ду телефонехула дина къамел, дийцарехь, йиттинчо боху, Кадыровн Iедалехь 17 шарахь белхаш бина ву ша.

Блоган авторша яздарца, ницкъбарна а, муьлхачу кепехь харцо лелорна а дуьхьал ду шаьш, амма "телеграм-канале хIоттийна видео нахана ма-дарра хьал довзийтархьама яржийна аьлла".

"Муьлш бу цахуучу наха бекхам бина вайн балехь даллочу къомах", - яздина блог лелочара.

Кавказ.Реалиин корреспондентца хиллачу къамелехь блогерша билгалдоккху, "сехлана нохчийн деза де дара, дукхахберш баккхийбуьйш бара, хIунда аьлча, кадыровхойх сингаттам баллаза нохчийн доьзал бисина бан а бац ала мегар ду" бохуш.

  • Хьалхо хаамашкахь яздора, шаьш а, шайн махкахой а кхерамаш туьйсучу кадыровцех а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахойх а Iалашбархьама Нохчийчуьра масех вахархо вовшахкхетта бохуш. Нохчийчуьра Туркойчу оьхучу полисхойх а, уьш бахкаран Iалашонех а, хьенан лар лаца уьш хьийза хаа Iалашонца Security Turkey аьлла, цIе тиллина телеграм-канал кхоьллинера диаспоран векалша.
  • Гуьржийчуьрчу нохчийн бизнесхочо Халитов Хьасана дийцира нохчийн ницкъхоша шена кIело кечъярх.