Нохчийчоьнан куьйгалхочо дакъалецира Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн куьйгалхочуьнца цуьнан хиллачу дийцаршкахь.
Кадыров Рамзан, ма-дарра аьлча, цхьаъ бен воцу Оьрсийчоьнан губернатор ву кест-кеста цу кепарчу цхьаьнакхетаршка воьдуш волу. Исламан дуьненахь шайн интересаш хьалхататтархьама цуьнгара гIо оьшу Кремльна, делахь а Кадыровн а бу цу тӀехь шен пайда, билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцица къамел динчу эксперташа.
ГIадужу-бутт йуккъе баьллачу хенахь Кадыров хилира Путин Владимиран а, Цхьанатоьхначу Ӏаьрбийн Эмиратийн куьйгалхочун шейх Мохьаммад бин Зайед Ал Нахьянан а цхьаьнакхетарехь. Цунах лаьцна шина минотехь видео гучуйелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь, цуьнца цхьаьна "зIе дIатасарх" а, "санкцешна тӀеӀаткъам бечу муьрехь пачхьалкхийн юкъаметтигаш чӀагӀйарх" а лаьцна официалан пост а йолуш.
Гергарчу Малхбалера санкцеш лерича Кадыровна цхьаъ бен йоцу дозадехье йу и
Кадыров – кест-кеста хуьлу Гергарчу Малхбалехь, хIинцале кхиъна иза официалехь воцу регионера Москван эмиссар хила, дийцира украинхойн стратегин коммуникацийн эксперто Майоров Максима: "Йуьхьанца цуьнан интерес йоьзна йолчух тара дара Iарбойн озабезам шайгахьа берзон, кавказхойн дуьхьалонна тIеозорхьама. Кадыровс Аймера пачхьалкхашна ша куьйгалла дечу "ирсечу бусалба мехкан" сурт духку".
Нохчийчоьнан куьйгалхочун йукъаметтигца Гергарчу Малхбалеца уьйраш чӀагӀъяр дуккха а шераш хьалха доладелира – иза, республикехь адамийн бакъонаш талхорна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Европан а санкцийн тептаршкахь хилале хьалха а. 2010-чу шарахь иза Либе вахара, цигахь иза тӀеийцира диктаторо Каддафи Муаммара. Ткъа 2015-чу шарахь оцу мехкан премьер-министр Халиф Ал-Аввел кеманца Соьлж-ГӀала вахара: хӀетахь Кадыров вара Либехь лецна Оьрсийчоьнан хӀордахой маьршабаьхнарг ша ву бохуш.
2018-чу шарахь Нохчийчоьнан урхалхо дукхазза хилира Гергарчу Малхбалехь, хIетахь масийттаза цхьаьнакхийтира иза Iарбойн пачхьалкхийн куьйгалхошца. Цу хенахь дуьйна Кадыров кест-кеста воьду Путинна улло волий, цуьнан ГIажарийн аймехь официалехь хуьлучу цхьанакхетаршка.
Санкцеш лерича, Гергара Малхбале Кадыровна ша цхьаъ бен йоцу дозадехье йу, цигахь таро йу цуьнан дуьненайукъара политик ша волуш санна, шен амбицеш кхочушъйан, тIетуьйхира Майоровс.
2023-чу шеран гIуран-баттахь рогIера Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка Путин воьдучу заманчохь Кадыров йуха а нисвелира делегацин официалехь декъашхо. Оцу йукъанна СаIуда Iабрбийчоьнан верасан элаца хилла цхьанакхетар формалехь хилла ца Iаш, дукха хенахь дуьна шаьш доттагIий долуш санна мар-маракхийтира и шиъ.
Нохчийчоьнан урхалхо шеггара лелаш вац цига, цунна бакъо йелла Оьрсийчоьнан Федерацин интересаш бусалба нехан мехкашкахь йовзийта, билгалдоккху ГIажаройн аймера пачхьалкхашкахула эксперт волчу ФараджаллхI Мохьаммада. Цунна хетарехь, Гергарчу Малхбалера пачхьалкхийн лидерш кхеташ бу, ма-дарра дийцича оцу цхьанакхетаршкахь Оьрсийчоьнан векал Путин вуйла, цуьнан дIахьедарш бен мехала доций а.
Оцу йукъанна Кадыров масийттаза гIоьртира ша Iаткъам бен зона шоръйан, малхбален пачхьалкхийн куьйгалхошна лен а луьйш, йа Оьрсийчоьнан федералан политикашна хетачуьнца къийса а луш. Масала, 2020-чу шеран гIадужу-баттахь Путинан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дагадаийтира цунна, арахьарчу политикаца доьзна хеттарш губернаторша луьстуш цахилар, и президентан карахь хилар.
"Исламан дуьненара векал»
Путинан тешаме стаг санна тIеоьцу Кадыров Гергарчу Малхбалехь, бохура шен цIе йаккха ца лиъначу Нохчийчуьра политолого: "Массарна а хууш ду, Кадыров Москвано билгалваьккхина стаг хилар Iарбойн дуьненара мехкашкахь цхьанакхетарш дан. Цо цунна таро ло Миннихановл (ГIезалойчоьнан куьйгалхо Рустам. – Редакцин билгалдаккхар) а цхьа корта лакхавалар. Вуьшта аьлча, капитал йукъайахийта ГIезалойчоь мелхо а гIоле йу, жима, къоьллехь йоллу Нохчийчоьнал а".
Цо динчу хьесапашца, цу кепарчу визиташкахь Кадыров витрина санна лелаво бусулба пачхьалкхаш Iехо: "Иштта гойту Кремло - хьовсал, оха цигахь къепе дӀанисйина (Нохчийчохь - редакторан билгалдаккхар), ткъа Кадыров тхан "посол" ву исламан дуьненахь. Суна хетарехь, регионашкахь бусалба динна тӀетевжина цхьаъ бен воцу бусулба куьйгалхо ву иза. Кадыровн аьтто баьлла оцу хӀуманах массо а тешийта, ткъа Кремльна цунах пайда ца эцахь къа хир дара".
Кадыров шатайпа алиби хета Путинна исламан дуьненахь
Оцу кепарчу цхьанакхетаршкахь Кадыровга Оьрсийчоьнан глобалан политикан контекстехь бен хьоьжийла дац, тешна ву Дуьненайукъарчу стратегийн талламийн институтан Iилманан (IISS, Лондон, Великобритания) белхахо Гордадзе Торнике.
"Малхбузена дуьхьал тIом баккха хьийзаш йу тахана Москва, Глобалан Къилба олучу меттигера боллу актерашца ловзуш. Путинна гергахь Кадыров – иза исламан дуьненара алиби ду: гой хьуна, Нохчийчохь а, Шемахь а аса бIенаш эзарнашкахь нах байъинехь а, со бусалба нахана мостагI вац, мелхо а, доттагI ву бохуш. Кхин дIоггара Кадыровца бала болуш Гергарчу Малхбалехь а бац, иза оьшуш ву царна Путинца маша латто", - дерзийра эксперто.
- Кадыров Рамзана шога луьйш къамелаш до дозанал арахьа беха бусалба нах хьийзош меттиг нислахь, амма тергамза дуьту цо даим а Оьрсийохь а, йа набахтешкахь бусалба нехан бакъонаш хьешар. Нохчийчохь тIаьхьабуьйлу мехкан урхалло магош доцу динан гара лелош болчарна.
- ГIажаройн аймера пачхьалкхашца Кадыровн шен интерес хиларх, 2018-чу шарахь Би-би-си Оьрсийн сервисан йеллачу интервьюхь дийцира географин Iилманийн докторо, экономисто Зубаревич Натальяс. Цунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна оьшург ду, федералан центре а ца кхачош, инвесторш республике озор.
- 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь Шейх Зайедан цIарах совдегаршна гIо а деш, инновацийн фонд гучуйелира. И схьайиллинера Кадыровна а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн президентана Шейх Халиф бен Зайед Ал Нахайянна а йукъахь барт хилла. Оцу йукъанна цо болх бечу ворхI шарахь фондо махкара жимачу а, йуккъерчу а барамашкара бизнесна хьажийнарг ду, официалан жамIашца, шарахь 6 миллион долларшка гергга.