Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа, мехкан культурин министро Кадырова Iайшата куьйгалла дечу "Фирдаус" моделан цIийне Condé Nast арахоьцийло кховдийначу иско юха а терго тIеозийна 23 шо долчу хьаькаман бизнесна. ТIаьххьарчу шина шерачохь компанино дIагойту дуккха а миллионашкахь шена хуьлу пайда, оцу юкъанна, бренд баккъал а оьшуш хиларх а, цуьнца дерг цIена хиларх а лаьтта хеттарш - жоп доцуш дуьссу.
Марсхьокху-бутт юккъе баьллачу хенахь Москварчу арбитражан кхеле кхачийра "Фирдаусера" декхар схьадоьху иск – Украинехь тIом болабелча Оьрсийчуьра болх сацийначу Condé Nast арахоьцийло, тIедожийра Кадырова Iайштан фирмина 814 эзар сом декхар а, барт бохоран 893 эзар сом гӀуда а. Арбитражан гIуллакхан материалаш тIехь долчуьнца, декхар лаьтташ ду 2019-чу шеран товбеца-баттера схьа дуьйна.
Condé Nast медиагруппа болх беша яра Оьрсийчохь 1998-чу шарахь дуьйна. Оьрсийчуьра болх сацабале хьалха цо арахоьцура Vogue, GQ, GQ Style, Tatler, AD, Glamour, Glamour Style Book глянцан журналаш.
ГIуллакх къастош хьлхара кхеташо вошах ца туьйхира – шаьш кховдийна иск юхаийцира Condé Nast-о, шайн тIедахкарш а юкъахдехира, бахьанаш хоуьйтуш дац. Хила тарлучу версих цхьаъ ю – зорбанан гIирсашкахь резонанс хиллачул тIаьхьа, "Фирдаус" компанино кхел хиларе а ца хьоьжуш арахоьцийлана декхар дIатекхна.
"Сацийна" совгIат
"Фирдаус" бохучу дешан Iарбойн орамаш ду, КъорIанехь цунах пайдаоьцу ялсаманин беш аьлла. Литературехь иза леладо шорто йолчу кемсийн бешан маьIнехь. 2011-чу шеран охан-баттахь фирдаус къастийра Кадыровн йоьIан моделан цIийнан цIе. Официалехь цо арахоьцу духар, парфюмери, косметика, юхку кеп-кепара ювелиран хIуманаш а, сахьташ а, иштта говзанчийн хааршна Iамабо, хазаллин салонаш лелайо цо.
Кадыровн йоьIан долахь ю интиман бутик а, ткъа оцу юкъанна меттигера хьаькамаша къийсам латтабо "дастамаллица"
Ша бренд кхоьллира жимма хьалхо, 2009-чу шарахь, Кадырова Iайштана 10 шо долчу хенахь. 2015-2018-чу шерашкахь ООО "Фирдаус" йиллинарг яра Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнана Кадырова Медни. ЙоIа Iайшата дIаийцира иза шен 17 шо кхочуш – тарло цуьнан йинчу денна дина совгIат и хила а. Оцу юкъанна бусулбачийн духаран хьалхара коллекци арахийцира нохчийн политикан йоккхах йолчу йоIа 2016-чу шарахь, ткъа кхин а шо даьлча, Кремлан пенашца йолчу "Зарядье" паркехь хIоттийра дуьххьарлера гайтам.
Компанин бухгалтерин кехаташка хьаьжча тарло, Iайшат кхиаре хьоьжуш, масех шарахь "гIорийначу" статусехь хилла "Фирдаус"- тамаш бу моделан бизнесца бала болуш хиллачух Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнана. Компанин куьйгаллехь Кадырова Медни йолчу шерашкахь лахара дара цо гойту финансийн жамIаш. Масала, 2017-чу шарахь фирмина хилла пайда бацара, ткъа рогIерчу шарахь, Iайшта куьйгалле хIоьттича, 1,5 миллион соьмана яра хилла са. 2018-чу ушарахь 46 миллин сом дара, ткъа стохка – 75 миллион сом. Цунах цIена хилла пайда бара 26 миллион сом.
Тимати а, Бузова а, иинтиман аксессуараш а
Кадырова Iайшат куьйгалле еачхьана башха девзаш доцчу моделан цIийно Москвахь бутик схьайиллира. Йоьллушехь шахьаран юккъехь – Большая Якиманка олучу "Гименей" люксан галерейхь. Mercury, Brioni бутикашна юккъехь туька схьайоьллуче баьхкинера леррина Лос-Анжелесера цIа веана рэпер Тимати а, коьрта продюсер Канделаки Тина а, телевизионан программаш дIахьош йолу, эшаршлакхархо Бузова Ольга а, дизайнер Гуляев Игорь а, йишлакхархо Согдиана а, "Импресс-медиа" цIийнан коьрта директор Рулман Аннэтэс а, кхинболу шоу-бизнесехь бевза нах а. Йоллу Нохчийчоьнна доккха ниIмат ду элира Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама, "Фирдаус" бутик схьайеллар.
Туька схьайоьллучуьра яздира шайн репортажехь"Коммерсантъ" газето: "Кадырован бутик схьайелларх лаьцна бистхила дуьхьал хилира дукхахболу эксперташ а, модин индустрин векалш а, шайна бехк цабиллар а доьхуш. Царех цхьаболчара билгалдоккхура, лакхара мода санна а, шен долчу хатIца а мах хадо хала ду "Фирдаусан" коллекцин".
ШолгIачу шарахь Нохчийчуьра духаран гайтаман презентаци хилира Парижехь. Францин шахьарахь оцу гайтаме шийла хьоьвсира, ткъа бозуш боцу журналисташ цига ца битира. Меттигерчу прессехь мах хадийра Кадырова Iайштан гайтаман, Нохчийчохь бакъонаш хьешар Европо тергал цадар санна. И презентаци хилира дуьххьара а, Малхбузехь тIаьххьара гIаръяла гIортар а.
2017-гIа шо чекхдолуш Би-би-си гIирсо шаьш бина таллам зорбане баьккхира, цуьнца а догIуш, Кадырова Iайшата Соьлжа-ГIалахь схьайиллина бохура, эротикан Lady A чухула духу зударийн духар а, интиман аксессуараш а юхку туька. "Фирдаус" йохкаран центрехь яра иза – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхаха йолчу йоьIан кхечу туьканашца могIарехь.
Шен хамехь ресурс тIетевжинера, туька схьайелларх дуьйцучу масех блогерийн хаамашна (и посташ хIинца дIаяьхна, Би-би-си редакцицгахь йиссина церан скриншоташ). Бутикан къевлинчу аккаунте язвелла вара 20 эзар гергга стаг – иштта эцархошна хьоьхура интиман косметика а, БДСМ-н аксессуараш а. Оцу информацих лаьцна комментарий яла хIетахь дуьхьал хилира "Фирдаус" модин цIийнехь.
"Ямарт, боьха харцдерг ду иза! Тхан лидерна Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а боьха мотт беттарца цхьаъ кхолла гIертачаьрга дIахоуьйту ас. Шаьш мел аьллачу дашах жоп дала дезар ду шун", - дIахьедира хIетахь РБК агенталле оцу заманчохь зорбанан министр хиллачу Умаров Джамбулата.
Lady A бутик инстаграмехь хьалхатоьттуш яра "Дом-2" шоухь дакъалаьцна Водонаева Алена
Вуьшта аьлча, Би-би-си-н сайтера талламбар дIадаьккхира, цунах лаьцна яздинчу зорбанан гIирсаша бакъ цахиларх хаам ца язбира.
Оцу юкъанна, интиман гIирсаш бухку туька Кадыров Iайштан ю аьлла, документалан тоьшаллаш дац. "Открытые медиа" хьостан журанилисто онлайнехь масех аксессуар ийцира, чек тIейилла аьлча, долахочун реквизиташ хир яц цу тIехь – "нийса хир яц" иза элира.
Оцу юкъанна бутикна реклама йира нохчийн халкъан артисташа Газиева Хедас а, Дадашева Тамарас а. ТIаьхьо пиар ян "федералан маьIна" долу блогерш а схьакхийтира. 2018-чу шеран дечкен-баттахь Lady A инстаграмехь хьалхататта йолаелира "Дом-2" шоун декъашхо Водонаева Алена а, реалити-шоухь цуьнан хилла коллега Вражевская Алена а. Уьйр хилар гойтура йинду денна леринчу Кадыровн йоIьан совгIаташа а- царна тIе Lady A эмблема туху. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Кавказ.Реалии редакцин аьтто ца белира инстаграмехь туьканан аккаунт карон.
Чиллан-баттахь Кадыровгара дарж схьадаккха аьлла, куьйгаш гулдинчу "Маяк" юкъараллин боламан куьйгалхочо Хейкинец Дарьяс Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь билгалдаьккхира: гуттар а аьлча санна, бIостане хуьлу Кадыровн а, цуьнан гонан а дешнаш, Iайшатан бизнесца дерг а хуьлийла ю иштта.
"Кадыровн йоIа къайлах лелош интиман бутик ю, ткъа оцу юкъанна метиигера хьаькамаша сурт хIиттадо, "дастамаллица" къийсам латтабо шаьш бохуш – Путинан-Кадыровн Нохчийчохь иза юкъара хIума ду. Ткъа и къайлехь дуьссург, бизнесхо Iайшат, ша бакъйолу "папин йоI" хиларе терра, шек ца йолу низамаш дохорах. Цундела чекаш а бакъ яц", - боху жигархочо.
Бизнес-хьаькам
Чекаш цахилар доцург а Кадырова Iайшатан бизнесе кхин а хеттарш долуш ду. Кху шеран юьххьехь дийца даьккхира, "Фирдаус" модин цIийнан хьокъехь ял дIа цаяларна гIуллакх долийна аьлла. Оцу тайпа информаци ю "Контур.Фокусан" базехь. Дуьйцург кIезиг ахча ду, делахь а цо бакъо елира ял дIаоьцучарна компанин чоьташ дIакъовла. ХIеттахь инстаграмерчу бутикан агIонехь хаам гучубелира, техкникан бахьанашца болх сацош бу аьлла.
Facebook экстремистийн организаци леринчул тIахьа "Фирдаусан" аккаунт гучуелира телеграмехь, цигахь кест-кеста зорбане йоху зударийн а, божарийн а духаран моделаш. ХIора элементан мах бу юкъарчу барамехь аьлча итт эзар сом. Масала, божарийн ветанан кучан мах бу 18 эзар сом, хечин – 114,5 эзар. Зударийн чиллан кучах долу 35 эзар сом, къоман орнаментан элементаш тIехь йолчу дарин йовлакхан мах бу – 25 эзар сом. "Кадыровн санна" йолчу божарийн мурдийн ветанан костюман мах бу 30 эзар сом гергга.
202-чу шеран гезгамашин-баттахь Нохчийчуьрчу синбахамаллин министран хьалхара гIовс хилира Кадырова Iайшат, цул тIаьхьа министр а. 2021-чу шарахь цунна тIебогIу пайда 50-зза алсамбелира – 845 эзарна тIера 44 миллион соьме кхаччалц.
КХИН А ХЬАЖА: "Адамийн бакъонаш Iалашъярна" мидал елла Кадыровн йоIанаОьрсийчоьнан низамашца а догIуш, регионалан министран йиш ю коммерцин компани йиллинчех хила, нагахь санна, интересийн конфликт цигахь яцахь, дийцира Кавказ.Реалиига "Трансперенси Интернешнл" Оьрсийчоьнан векалаллин директоро Шуманов Ильяс.
"Кхузахь хаттар ду, компанин цхьаъ бен йоцчу кхоллархочо Кадырова Iайшата муха тIеоьцур бу урхалла деш сацамаш, муха дIасабоькъур бу хилла пайда, аьлча а, низамехь дихкина, коммерци муха лелор ю. Дукха хьолахь, оцу дозанаш тохарх волу компанин цхьа дакъа тешам болчу бизнес-партнере дIа а лой", - билгалдоккху эксперто.
Кхузахь хаттар хIоттадала тарло, дозанаш тохарх а, дехкарх а лаьттачу декъехь пачхьалкхан гIуллакхдарх низам дохош хиларх. Шумановс тIетуьйхира, администрацихь лакхара дарж дIа а лаьцна, официалехь бизнес лелор даьржина хIума цахилар йоллу пачхьалкхехь.
"ЧIогIа лазаме хуьлу цунах прокуратурин тергам. Кхеташ ду, Нохчийчоь - цхьа шатайпа меттиг бу. Амма къечу регионашкахь аьлча, хIара санна контроль латтор даьржина хIума ду: тешам болчу стаге урхалла дар дIа ца деллехь – прокуратуро хьесап до пачхьалкхан урхалле йа губернаторе", - дийцира Шумановс.
- 2021-чу шеран гIуран-баттахь мидал йелира Кадырова Iайшатана "Адамийн бакъонаш Iалашъярна" аьлла.
- Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа шога адамийн бакъонаш хьешарна аьлла, Кадыров Рамзанна дуьхьал 2020-чу шеран аьхка тоьхна санкцеш хьакхаелира Кадырова Iайшатах а.
- Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийначу шен йоьIан кертахь яьккхинчу видео тIехь гуш ю уьйтIахь дIахIоттийна Lamborghini Urus машен, иза яц хьаькамо официалехь чуеллачу деклараци тIехь. Иштта 202I-чу шарахь Нохчийчоьнан культуран министран долахь I 6I7 квадратан метарш йолу доккха цIа а, ялх бIе метр лаьтта тIехь ши хIусам а гучуелира – оцу боллу бахаман мах хила тарло 50 миллион сов сом.