Меттигерчу администрацина реза цахилар хоуьйтуш, цара "Ахмат сила" йоза тIехь долуш арка хIоттон дуьхьало йина аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга аудиохаам бахьийтинчул тIаьхьа Лакха Ноьврера вахархочо видео дIайазйина, шена бехк цабиллар доьхуш. Оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало йаздарехь, гечдар бертаза дехийтина цуьнга.
Канало зорбане хIоттийначу аудио-хаам тIехь, ша Мутаев Мовлади ву аьллачу стага, нохчийн маттахь дуьйцу серлонца а, газаца а, хица Лакха Ноьврехь хьоьгучу баланех, иштта хоуьйту администрацин "ларам" цахиларх шайгахьа. Цо дIахьедина, эвлара депутаташ "хьакъ бац Кадыров Ахьмадан некъа тIехь лела", хаамбина, юьртден гIовсо ца магийна шена "Ахмат сила" тIе йаздина арка йан аьлла.
"Кхачам боллуш газ а, серло а, хи а дац тхан. Цхьана Оьрсийчоьнан паналлерчу кIотарахь хьелаш дикахон хир ду, кхузахьчул а. ХIоттавехьа со кхузахь, ас "Сталинан раж" хIоттор йара", - кхайкхам бинера цо Кадыров Рамзане.
Цул тIаьхьа машанехь йоцца видео гучуйелира, цу тIехь, хетарехь, оццу стага гечдар доьху Кадыровга а, "массо а бусулбанашка" а, иштта сийсазво ша шен.
- Нохчийчу веана хиллачу блогеро къинтIера бехира Нохчийчуьра бахархой, уьш сийсазбеш ша дIайазйина видео бахьанехь. Тарлора, бертаза и видео цуьнга дIайазйайтина хила: роликан турпалхочун хье тIехь кховра даьлла меттиг бара, ткъа цуьнан озах хаалора, иза воьхна вуйла а.
- Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кестагучуюьйлу къурд олуьйтуш видеорепртажаш. Бахархой "сийсазбечу видеон" терго йира Американ дуьнеанюкъарчу динан маршонан Комиссино шен 202I-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йахар.