Корейхойн стритфудан ресторанан франшизан дола деш йерг Кадыров Рамзанан йоI Табарик йу, корейхойн поп-культурин, ишта дуьненахь гоьйаьллачу BTS группин фанаташна тIехь а ахча доккху цо. Оцу йукъанна Нохчийчохь официалехь тIеоьцуш йац Къилба Корейн культура, ЛГБТ-нехан бакъонашкахьа йолу тоба а цхьаьна. Делахь а, Табарикана дерриг магийна ду, хIунда аьлча, Нохчийчохь хIиттон бакъонаш а, ламасташ а Кадыровн бераш декхаре дац кхочушдан а, лардан а. Иштта хьажам бара редакцино хеттарш динчу экспертийн.
Корейхойн стритфудан Chicko ресторан йоьзна йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 20 шо долчу йоIаца Кадырова Табарикаца "Берекет" компанихула. Цунна бакъо йелира 2031-чу шаре кхаччалц мехкан дозана тIехь оцу кхачанан брендах пайдаэца. "Берекет" – шен 18 шо кхаьчча дуьйна Кадыровас йиллинчу "Ирс Групп" компанина чу йогIуш йу. Компанина магийначу гIуллакхех ду йохка-эцар а, кхин а тIе 35 кеп а- ресторанаш тIера ара-чу цабаккхалун бахаман урхалла дарна тIе кхаччалц.
Chicko ресторан схьайиллина 2023-чу шеран гIадужу-баттахь. Путинан проспектера "Грозный Молл" йохка-эцаран центр чохь йу иза, исламан низамашца йогIуш, хьалалан йуург йу аьлла, йовзийтина а йу иза. Кхузахь Къилба Корейн сериалашка а хьуьйсу, иллиалархойн тобанийн альбомаш йукъайохку къовсамехь, иштта BTS тобанан а цхьаьна. 2020-чу шарахь, "Яндекс.Wordstat" сервисан хаамашца, Нохчийчохь оцу поп-группица 396 процентана шовкъ йолуш бара.
BTS – ворхI декъашхо йукъахь волу бойз-бенд йу, Time журнало дуьненань уггар а чIогIа безаш тIеоьцучу нехан тептаре баьхна уьш. Толерантехьа йу и тоба, цара гIортор йо ЛГБТ-нахана а. Оцу йукъанна, кест-кеста ЛГБТ-йукъараллашна тIаьхьабуьйлучу Нохчийчохь а, Кавказехь а Азин культурин фанаташна критика йо, царна марзделлачунна тIехула. Доккхачу декъана, BTS поп-группин Нохчийчуьра фанаташа латкъамаш бира машанехь шайга негатив гойту аьлла.
2019-чу шеран Iай Дагестанехь а, Нохчийчохь а гомофобин кхерамаш тийсинчул тIаьхьа йукъахдаьккхира Love Yourself фильм-концерт гайтар; Сеулехь Олимпикан стадионехь BTS-н концерт йоьдуш йаьккхинчу видеох вовшахтоьхна йара и. Нохчийн "Карфаген" пабликан авторша шайн цхьана Iалашонца "нохчийн халкъан сий дайъар" ду и элира.
Иллиалархошна хIиттийна низамаш
Вуьшта Нохчийчуьра культурина тIехь шога терго латтош йу – Iедалхоша а, дуккхаъчу йукъараллин вовшахтохараллаша а. Къилбаседа Кавказера культурин дахарна Iаткъам бан гIерта уьш, концерташ йукъах а йохуш. Масала, 2011-чу шарахь Нохчийчуьра артисташна дихкира фонограммица эшарш лекхар. 2019-чу шарахь нохчийн иллиалархой декхаре бира эшарийн а, социалан машанашка йоху постийн а тексташ, шайца дага а буьйлуш хIиттон. Ткъа кху шарахь керла веанчу Нохчийчуьра культурин министро Дадаев Мусас тIедиллира мукъамийн чехкаллина дозанаш тохар. Цо дIакхайкхийра, Кадыров Рамзанца дийцаредина ша, тIейогIучу заманчохь "музыкин а, вокалан а, хелхаран а мукъамаш 80 тохарна тIера 116 тохар бен хила йиш йац аьлла.
2022-чу шарахь "Тхан хIусам – Соьлжа-гIала" йукъараллин организацин куьйгалхочо Гучигов Сайпуддис хьийхира Къилбаседа Кавказехь "Маьттазаллица къийсам латтон Комитет" кхолла йеза аьлла. Цо билгалдоккхур ду бохура, муьлхачу артистана мегар ду махка а веана, цигахь концерташ йала. Оцу "комитетаца" доьзна хила тарлора Пятигорскехь а, Ставрополехь а, Майкопехь а Киркоров Филиппан концерташ йукъахйахар.
2022-чу шарахь кхин а цхьа скандал иккхира: бакъйолу цIе Гусейнли ДжахIид йолчу иллиалархочун Jony-н концерт Соьлжа-ГIалахь йукъахйаккхаза йисира динан фундаменталисташа а, "оьздангаллин къийсархоша" а. Мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана гIо даьккхира азербайджанхойн иллиалархочуьнгахьа.
"Хьанна моьттура, вевзаш волчу иллиалархочун Jony-н концерт кеста Соьлжа-ГIалахь хир ю аьлча, динан дилетанташ реза хир боцийла. Хьажахьа, стенна делахь а тахана меттахбевлла диванан Iеламчаш, шайгара кхоьллинчу бахьанашца концертах лаьцна йолу тема а, сан доьзал а бийца, иштта пайдабоцчу хIуманна тIехула а, публикацина йина лайк санначу, бехкаш дохуш", - йаздинера Кадыровс телеграмехь.
КХИН А ХЬАЖА: Соьлжа-ГIалахь Jony-н концерт хилийта дуьхьалберш "къамеле" кхайкхинаКадыровсХетарехь, йуьйцург йара Jony-х лаьцначу постана Кадыровн йоIа, Нохчийчоьнан вице-премеро Iайшата хIоттийна лайк. Оцу йукъанна къоман политикан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада къамел дан кхайкхира Омаев Дагунан цIарахчу культурин гIишлонан майдана концертана дуьхьалберш, амма цхьанакхетаре цхьа а ца веара.
"Кадыровн берех низамаш хьакхалуш дац"
Къилбаседа Кавказера бакъонашларйархочо Анохина Светланас бахарехь, кегийрхошна муьлхха а хазделла хIума, хуьлийла и квадробинг йа аниме, Iедало цхьа кхераме хIума долуш санна тIеоьцу.
"Суна Советан зама дагатосу цо. Комсомол йолчу хенахь пионери йара, цара мел дийриг, легитимехь хуьлура. Ткъа кхин долчо шеконаш кхуллура, хIунда аьлча, и вайн ца хиларна, и арахьара чударна. Iедалан коьртехь къена нах бара, кегийрхойх шекболуш, царна тIехь шога терго латтон йеза аьлла хеташ. Шаьш лар ца бахь, уьш цхьа хьаштдоцчу кхочур бу бохуш", - аьлла хета Анохина Светланина.
Юпитерна магийнарг, стуна магийна дац
Цо иштта дагалецира 2018-чу шарахь Дагестанехь "АниДаг" аниме-фестиваль йукъахйаккхар. Комиксашна а, мультипликацина а, Азин культурина а лерина хиллера и. 2023-чу шарахь Соьлжа-ГIалара йахархо ца йаьллачу денна Нохчийчуьра дIайахара, цуьнан 14 шо долчу йоьIан телефона чохь аниме-арташ гучуйовларна. Ши кIант хиллера цу тIехь маракхетта. Кавказера цхьаболчу бахархошна хетарехь, зударийн кепехь болу Азин кегийнах гича, гей хила тарлора, бохура Анохинас.
Оцу йукъанна, тамаш бу-кх Кадырова Табарикан K-pop кафе бахьана долуш цуьнга багалейан бахьахь.
"Нохчийн дукхахболу зударий санна лелаш йац Кадыровн йоI. Цунна дуккха а хIума магийна ду: иза концерташка а лела, прессехь а "лепа". Кадыровс шен зудабераш нахана йукъа даьхна. Цара даржаш дIалоьцу, царна совгIаташ до. Коьрта нахбуучун гергарчарна а, цуьнан гонера нахана а преференцеш дIайелла йу. Оцу йукъанна шен ден тергонехь йуьсу Табарик. Вай кхеташ ма дуй, цуьнан пурба доцуш, цо хIуммаъ а дийр доций",- бохура Анохинас.
Оцу тайпа ойла къадийра Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чемберс ХIарольда а: "Кадыровн берех, йа кхечу хьаькамех, церан доьзалх низамаш хьакхалуш дац. Цундела "ламасташ" а, низамаш а цаьрца лелош дац. Ткъа Кадыровн берех лаьцна-м хIуммаъ а ала йиш йац, мехкан хинболу дай уьш болуш санна дIагайта хьийза", - аьлла хета экспертана.
Цуьнан дешнашца, Нохчийчохь кегийрхойн культурина тIехь шога терго латтор доьзна ду, Кадыровна кегийрхойн арахьарчу дуьненца йолчу уьйрашна дозанаш тоха лаарца. Къаьсттина Малхбузена а, бусалба йоцчу пачхьалкхашца а, культурашца а.
Стенна тIехьа а ахча даккха кийча бу КадыровгIар
"Ламасташца догIуш доцу гIиллакхаш тIе ца лацийтархьама деш хIума ду и. Кадыровн Iалашо йу кегийрхойн культурина тIехь урхалла дар – шен рожана а, Кремльна а муьтIахь йолу керла тIаьхьенаш кхоллар ду. Кхузара дIа ду "культ" йаржор а, иштта кхин дIа дерг а", - аьлла хета Чемберсна.
Ичкерин Европера боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата а чIагIдо, КадыровгIеран доьзална низамаш а, гIиллакх-оьздангалла а лелор тIедожийна дац бохуш.
"Олуш ма-хиллара, Quod licet lovi, non licet bovi – Юпитерна магийнарг стуна магош дац. Нохчийн ду леларан "оьздангалла", "дикалла" боху маьIнаш, адамашлахь лела мехаллех кхетар, "адамалла" олу цунах, къонахчун кодекс йу. И дерриг а бехдина ду, дерриг а бертал тоьхна. Сийлахьчу халкъана тIехIоттийна Путина сийдоцу раж, Оьрсийчоьнан эскар, политикан куьйгалла а хьалхарчу Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а тIамехь сийсаздарна. Нохчийн къам оцу доллучух а дика кхеташ ду, ладоьгIуш а ду", - чIагIдо Сулеймановс.
Оцу йукъанна политолго Айсин Руслана дагадаийтира, "ламастин мехаллаш" боху хIума халкъалахь бен лелаш цахилар, ткъа Кадыров а, цуьнан доьзал а "стенна тIехь а ахча даккха кийча бу".
"Элитана цхьана а кепара ламастийн мехаллаш оьшуш йац, цара шаьш хIиттадо шайна низамаш. Вайна хууш ду, оцу мехаллехь дIоггара тийсалуш муххале а вацара Кадыров, нахана гергахь кеп хIиттайахь а", - бохура Айсина.
- Кадыров Рамзанан доьзалхойх цхьа 20 шо долу Кадырова Табарик йац пачхьалкхан даржехь. ХIетте а охан-баттахь бизнес кхиорна а, инвесторшна регион хазйарна а "Нохчийн республикина хьалха гIуллакхаш дарна" аьлла мидалца совгIат дира цунна.
- Официалехь Табарика дола деш йу 12 коммерцица йоьзна компани, йу царлахь "Грозненское такси" а. 2023-чу шеран жамIашца, 22 миллион соьмана зенаш дина цу компанино. Цхьа могIа пачхаьлкхаша шайн санкцийн тептаршка йазйина а йу иза, доккхачу декъана Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Японино а, Украино а.