Соьлжа-ГIалара Москварчу пачхьалкхан университетан (МГУ) филиал кечйийр йу "Смарт Билдинг" компанино. Хьалхо оцу компанина тIедиллинера иштта "Грозный молл" йохка-эцаран а, самукъадаккхаран а центр, Соьлжа-ГIалара аэропортан дуьненайукъара терминал, Соьлжа-ГIалара дуьненайукъара университет, "Ахмат Тауэр" стигал-бохь йар а. Дуккхаъчу миллионашна регионера белхаш кхочушбо даим а, цхьанна а бевзаш боцчу наха куьйгалла дечу фирмаша. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, мехкан урхаллица и комапанеш муха йоьзна хила тарло, оцу кепара хьал – цхьана Нохчийчохь бен стенна дац.
Хьалхо зорбанан гIирсаша хаамбира "Смарт Билдинган" уьйр хила тарло Кадыров Рамзанан тешам болчу стагаца – Оьрсийчоьнан парламентан депутатца Делимханов Адамца аьлла. Нагахь санна, и бакъ делахь, цхьа могIа компанеш йу даккхий бюджетан ахча а кхочуш, Нохчийчохь миллиардаш соьмашна активаш йолуш бохуш, "Новая газето" хьахийна верси нийса хуьлу. Биллгал церан бенефициараш КадыровгIеран цIийнах болу нах а, цуьнан го а бу, хаамбира "Новая" газетан версихь.
Делимханов куратор?
Стигалкъекъа-беттан 29-чохь премьер-министро Хучиев Муслима цхьа могIа тIедахкарш дира МГУ-н филиал республикехь схьайеллийта: марсхьокху-бутт тIекхачале "Смарт Билдинго" гIирс а, оргтехника а дIахIоттон беза, иштта лакхарчу доьшийлан пхи аудитори чохь хинйолчу кампусна йийбар а оьцуш. Мел ахча хьажийна оцу гIуллакхна – хууш дац, и контракт дина пачхьалкхан цIарах гIирс оьцучу системел арахьа.
"Смарт Билдинган" официалан агIонехь хаамбо, Москвахь масех гIишло йина шаьш, амма уггар а йаккхий проекташ кхочушйина Нохчийчохь аьлла.
ТIаьххьарчех йу – Къилбаседа Кавказехь йина йохкаран-самукъадаккхаран "Грозный молл" (схьайиллина 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь), Соьлжа-ГIалара аэропортехь йина терминалан реконструкци (оцу белхан мах хадийра 15 миллиард сом, белхаш берзон дагахь бу 2024-2025-чу шерашкахь), "Каусар" парк (цунах лаьцна хаийтира 2017-чу шарахь, боллучу барамехь йина йаьлла йац), "Минутка" комплекс (схьайиллина 2022-чу шеран гурахь), Соьлжа-ГIалара дуьненайукъара университет (масийттазза цунах лаьцна 2019-2023-чу шарахь анонс йиннашехь, хIинца а схьайеллаза йу и).
Федералан центрца Кадыров цхьа ша кхаьсттина йукъаметтигаш йу, цунна могуьйту, кхечарна дихкинарг а
Уггар а йоккха, амбициозе ала тарло хIинца а чекхйаккхаза йолу "Ахмат Тауэр". Дубай санна къегина хир йу иза бехира. Цунна презентаци йечу заманчхь дIахьедора, 435 метар лекха йолу гIишло Европехь а уггар лекхачех хир йу, ткъа проектан мах хадийра миллиард долларшкахь.
"Смарт Билдинг" йиллинарг а, 10 эзар сом уставан капитал йолу цуьнан куьйгалхо ву аьлла, билгалваьккхина Зубайраев Сайд-Мохьмад. Йиллинчу хьасташкахь цунах лаьцна кIезиг хаамаш бу: 2008-чу шарахь Москвара агроинженеран университетехь диссертацих чекхваьлла иза, экономикан Iилманийн кандидат аьлла дарж луш.
2022-чу шеран оханан-баттахь шолгIачу бараман орден йелира цунна "Даймахкана къахьегарна" аьлла, омрана куьйгйаздинера президенто Путин Владимира. Кхин а йалх гIишлошйаран компанийн куьйгалхо ву аьлла, йазвина а ву Зубайраев. Оцу тIехь йерзийна цуьнан биографи,
"Нохчийчохь Зубайраев Сайд-Мохьмад сих-сиха го Оьрсийчоьнан парламентан депутатца, мехкан урхалхочун уллорчу накъостаца Делимханов Адамца а, кхинболчу лаккхарчу даржхошца а. Иштта Нохчийоьнан парламентехь ву цхьа Зубайраев Леча, иза "Смарт Билдинган" долахочун ваша хила тарло бохуш дуьйцу, хаамбира хьалхо Newstracke хьосто .
Практико гайтарехь, оцу кепара уллорчу йукъаметтигаша магадо Къилбаседа Кавказехь цхьа а новкъарло йоцуш муьлхха а бизнес лелон а, иштта тоьлла пачхьалкхера контракташ кхачон а, чIагIдора журналисташа.
Зубайраевн бизнесна регистраци йинчу Москвахь депутат официалехь а доцуш, Нохчийчоьнан Москвара векал хIотторо а гойту, девелоперан компанин Делимхановца зIе хилар, билгалдоккху бакъонашларйархойн а, зорбанан гIирсийн а дIахьедаршкахь. Ша парламентхочо масийттазза комментарий йира Соьлжа-ГIалахь "Смарт Билдинго" хьалайечу гIишлойх лаьцна. Ша церан куратор волуш санна гойтура цо.
Къовсуш стаг а воцуш дуккха а миллиардашна Нохчийчохь контракташ кхачаро а дуккха а хеттарш кхолладолуьйту. Хила тарло, бизнесан долахо ма-дарра аьлча Кадыровн доьзал, йа Кадыровн гонера нах, ткъа юридикехь долахо ву аьлла, билгалваьккхинчо лаьцначу урхалхочун декхарш кхочушдо.
КХИН А ХЬАЖА: Йовш йолу бизнес: Нохчийчохь миллионийн контракташ цхьана денна кхоьллинчу фирмашна кхочуКисанахь лелон бизнесхой
Документаца а догIуш, кеп-кепара активаш, Кадыров Рамзанан а, цуьнан бIанакъостйин а хIусамаш йина латтанаш а цхьаьна нахана мел а бевзаш боцчу бизнесхойн а, менеджерийн а цIартIехь йу. Ву царлахь Гудаев Юсуп, Альвиев Мовсади, Халид, Хожбаудди, Эдильгиреев Бай-Iела, амма йиллинчу хьасташкахь бIеннашкахь миллионаш ахчанаш ловзочу оцу нехан йа биографиш а, йа суьрташ а карадойла йац, йаздира "Новая газето".
Масала, Альвиев Мовсади ву иттаннашкахь йолу компанеш схьайиллинарг а, ООО "Грозный-ситин" коьрта директор а. Ахмат-Йурт аьлла, цIе хийцинчу ЦIоьнтарара ву иза – КадыровгIеран дай баьхна меттиг. Зорбанаша Альвиев Нохчийчоьнан воккха девелопер ву боху, цо Iуналла латтадо махкара нехаш дIакхийсаран рынкан а, ткъа 202I-чу шарахь пачхьалкхера уггар а лахарчу мехах цо ийцира "Электросвязь" сервисан оператор. Цул совнах, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативе казна" олучу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу гIоьналлин фондан партнер а ву бизнесхо.
Republic гIирсо нохчийн бизнесхо фонде "ахчанаш дохкург" а ву элира. Иза а дерриг дац: РБК-н хаамашца, Альвиев ву, Нохчийчуьра Iедалхоша Гуьмсана гергахь дуьненайукъара дешаран центр йайта, тIаьхьо Оьрсийчоьнан спецназан университет аьлла, цIе хийцира цуьнан, ханна пайдаэца латта делларг а. Доллу 2022-чу шарахь цуьнан базехь кечбира Украинерчу тIаме хьийсон нах.
Нагахь санна, йоллу активаш гергарчарна тIейазйина Iахь, Кремлан Iедал хийцаделча, доллучух а вера ву иза
Йиллинчу хьасташкахь биографеш йац воккхачу бизнесхочун, "Новая газето" охьабагарбинчу вукхеран а санна. Республикехь даккхий ахчанаш каракхочучу нехан суьрташ карон а Iаламат хала ду, тамашен хиларал а совнах.
Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчу коррупцина дуьхьал волчу юристо Машанов Григорийс иштта хьал могIарера дац боху кхечу Оьрсийчоьнан регионашна, иштта Къилбаседа Кавказерчу мехкашна а.
"Дукха хьолахь офис шайн уллорчу а, генарчу а гергарчарна тIейазйо, низамо магадо и дан, иштта кхиазхошна тIейазйан а мега. Цхьа гIарабевлла боцчу нахана, ноунеймашна тIе активаш йазйар, цхьана Нохчийчохь бен гина дац суна. Федералан центрца цхьа къаьстина йукъаметтигаш Кадыровн хиларе терра, цунна магийна ду кхечу губернаторшна дихкинарг а цхьаьна", - биогалдоккху эксперто.
Билггал болу бенефициараш гучубаха гIирсаш бу тIехь терго латточу а, бакъоларйаран а структурийн аьлла, тIетуьйхира Машановс.
"Хьаькамийн бизнес къайлайахьархьама совдегарх пайдаоьцуш белахь, хеттарш кхолладала тарло. Оцу хьолехь урхаллаша талла йогIу транзакцеш чоьташца, стнга хьийсош ду ахчанаш хьовса а деза, компанина тIейазйинчу машенашкахь дIасалеларг мила ву а хаа деза, талла деза электронан документаш, иштта кхин дIа а", - дагардира антикоррупцин юристо.
КХИН А ХЬАЖА: Кадырова Iайшатан ялсманин беш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа шен бизнес лелорахЛараш йайархьама
Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" нохчийн боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментерехь билгалдаьккхира, оцу кепара схемаш махкарчу хьаькамаша лелош хиларх даим. "Моьттур ду Кадыров а, цуьнан гонера нах а тIаьххьара, йа уьш бен кхин боцу бенефициараш бу. Уьш хила тарло Москварчу кабинеташ чохь а", - элира цо.
"Смарт Билдинго" мел йинчу гIишлойн цхьана декъо а цара дIакхайкхийна Iалашонаш кхочуш ца йо - республике инвесторш оза а, бизнес кхио а меттиг ца хилла царех. Ткъа оцу чу-ара ца баккхалун бахамца цара цIена йоцу схемаш лелайо аьлла, тIетуьйхира цо.
Церан цхьа Iалашо йу – лараш йайар
"Цара ловзош даккхий ахчанаш ду, церан цхьа Iалашо бен йац – гIуллакхаш къестон долийчаа лараш кара ца йайтар", - аьлла хета Сулеймановна.
Оьрсийчохь репрессеш лелош хиларна шен цIе йаккха ца лиъначу Оьрсийчоьнан политолого Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарехь билгалдоккху: президентаца Путинца шатайпа йукъаметтигаш хиларе терре хьеван йиш йоцург вина Кадыровх, цундела иштта жоьпаллера вала а тарло иза.
"Нагахь санна, йоллу активаш гергарчарна тIейазйина Iахь, Кремлан куьйгалла хийцаделча, доллучух а волу иза оцу сохьта. Ткъа йозуш йоцчу компанешца схемаш лелийча - кхерамах вала некъаш карадойту. Цунна оьшуш йу формалехь куьйгаллаш хIиттийна компанеш, иштта кехата тIехь бен йоцу йа баккъал а йеш йолу гIишлош", - билгалдоккху къамелдечо.
"Смарт Билдинган" проекташца доьзначух лаьцна дуьйцуш "Кавказан халкъийн Ассамблейн" куьйгалхо Кутаев Руслан реза хуьлу, йаккхий объекташ хьалайар къовсуш кхин нах цахиларца хеттарш хIуьттуш хилар.
"Iедалхойн структурашкара преференцеш – гуш йу ма-йарра. Тоьшаллаш дацахь хала ду дийца, дуьйцург Кадыровн йа Москварчу хьаькамех лаьцна бен дац-те аьлла. Амма баккъал а лоббизм хиларна, хетттарш ца дуьсу", - дерзийра Кутаевс.
- Кху шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун 18 шо долу йоI Кадыров Табарик хилира "Ирс Групп" компани йиллинарг. Цуьнан карахь йу йукъараллин уставан капиталан 99%. Йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу цу компанино лелош - ресторан тIера дIайолайелла гIишлошна тIехь урхалла даре кхаччалц. "Ирс Групп" компанин регистраци чекхйаьлла масех кIира далале йоьллу цо фирма "Берекет" (юстуш йухку сурсаташ), "Альпийские луга" (бепиг, мерза хIума йаттар), "Грозненское такси"(таксхойн болх).
- Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" керлачу "РУС Bespoke" тоьпан гайтам дIабаьхьира - "университетан" цIе а, Оьрсийчохь иччархойн тоьпаш йечу Bespoke Gun компанин цIе а цхьаьнатухуш тиллина цунна и цIе. ТIаьххьарниг бизнесахочун Чайка Артеман долахь хилла йу - Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамчин, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказехь волчу векалан Чайка Юрийн кIентан.