Кадыровхошна а, оьрсийн эскархошна а юкъахь девнаш марсадийларх дIахьедина Украинехь

Кадыровхой Мариуполехь, 2022-чу шеран охан-беттан 17-гIа де

Херсонан кIоштахь кхуьуш ду оьрсийн эскаршлахь рогIера девнаш дийлар, аьлла дIахьедина Украинан президентан офисан куьйгалхочун хьехамчас Подоляк Михаила шен твиттерехь. Цо бахарехь, лечкъийна бахам дIасабекъарна тIехула хуьлу конфликташ, цигахь дакъа лоцу кадыровхоша а – Нохчийчоьнан куьйгалхочун доларчу эскархоша.

"Херсонан центрехь шортта герзаш кхийсар – иза рогIера тоьшалла ду ПВК-на ("ЧВК Вагнера" – Редакцин билг.), тутмакхашна, "кадыровхошна", оьрсийн эскархошна, ФСБ-н белхахошна а юкъахь кхуьуш хьагI хиларан. РогIера конфликташ кхуьуш ю. Украинан тIеман ницкъаш тIекхочуш бу, боху хаамаш кхочучу юкъанна агIонаша шаьш меттигаш дIатийсале агрессиве доькъу шаьш лечкъийна даьхний", - яздина Подоляка.

ТIом боьдучу хьелашкахь и хаамаш талла аьтто бац. Хьалхо ВСУ-но хаамбира, 1 300 гергга Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца боьзна эскархой Украинан Херсонан кIоште кхечира оьрсийн тобанаш чIагIъярхьама. Оцу меттигехь тIелатар деш ду украинхойн эскар.

Иза дуьххьара хаамаш дац нохчийн тIеман тобанаша талораш дар дуьйцуш. Масала, охан-беттан чакхенехь Украинан тIеман министралло хаамбира, Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархошна юкъахь герзаш кхийсина хиларх оьрсийн эскарша оккупаци йинчу Херсонан кIоштерчу Киселевскехь. Украинхойн агIоно бахарехь, бахьана хилла "бурятхойн тIелатар дан лаам цахилар", нохчашка болу озабезам а, лечкъийнарг екъаран кеп а.

Цул сов, машанехь гучуяьлла челябинскерчу лаамхочун Воложанин Александран видеодневник, Гуьмсарчу спецназан университетехь кечам а бина, Украинерчу тIаме вахана вара иза. Цо ма-дарра дуьйцу Северодонецкерчу маьршачу нехан хIусамашкахь талораш даран масех эпизодах лаьцна, иштта нохчийн эскархой байъарх, лазорах лаьцна хаамаш довзуьйту цо.

  • "ЧВК Вагнера" – иза оьрсийн официалехь йоцу тIеман вовшатохар ю, тIеман хьукматийн чоьтехь, йа юридикан реестрехь яц иза, амма цуьнан эскархой, шорттачу журналистийн талламашца дуьстича, Украинерчу тIамехь дакъа лоцуш бу. Бакъоларъярхоша а, журналисташа а дийцарехь, набахтешкарчу тутмакхашкахь гулбо цара Украинерчу тIаме хьийсо нах. Ницкъахойн анониме хаамашца а догIуш, ворхI Ростован махкарчу набахтера 3 эзар гергга стаг вазвелла лаамхойн тептаре.
  • Гезгмашин-бутт болалуш "ЧВК Вагнеран" хила тарло куьйгалхо, бизнесмен Пригожин Евгений а, "Вагнер" цIарца вевзаш волу официалехь йоцучу вовшахтохаран куьйгалхо Уткин Дмитрий а мел кIезга а Ростован махкара шина набахте вахара, цигахь тутмакхаш тIаме кхуьйлуш хьийзина уьш. ТIаьхьо видео гучуелира, хетарехь, иза тIаьхь а волуш.
  • Де хьалха Ростован махкахь яккхийра баннераш гучуевлира "ЧВК Вагнеран" рекламаш тIехь а йолуш. Ростован Московская урамехула а, цхьайолчу доьшийлашна уллехь а дIайиттина ю уьш. Цхьаерг Комсомольскан майданехь ю, оцу тайпа сурт а ду цунна тIехь, текст ю, зIене вала хIоттийна номер ю. Иштта кехаташ ду Батайскехь дIалетийна.