Кадыровхой тIеман хьалхехь? Нохчийчуьра эскархоша тIамехь дакъалацарх дуьйцу эксперташа

Кадыровхой, Мариуполь, Донецкан кIошт, Украина (архивера сурт)

Кадыровн дакъош Украинерчу тIеман хьалхарчу могӀанашка дӀахӀиттош ду, ишта царех пайдаэца а долийна оьрсийн салтий цигарчу тӀеман зонехь Ӏамош, хаамбо Британин эскархойн урхаллин хьостанаша. Царна хетарехь, и деш хила тарло тIеман ницкъашкахь ресурсаш ца тоар бахьана долуш. Кавказ.Реалиин редакцино къамел динчу говзанчаша шеконе дуьллу и хьал.

Кадыровхой тIеман хьалхара позицешка бигина аьллачу хаамна тIаьххье Нохчийчоьнан премьер-министро Даудов Мохьмада дIахьедира Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн Коьртачу организацин-мобилизацин урхаллин куьйгалхочун гIовсаца Цимлянский Владимирца хиллачу цхьанакхетарх лаьцна. Цо бахарехь, цу шиммо дийцаредина "лерринчу тIеман операцин Iалашонаш, тIедахкарш кхочушдарца доьзна" хеттарш. Леррина тIеман операци - ишта олу Оьрсийчохь Украинерчу тIамах. Хетарехь, оцу цхьанакхетарехь дийцарш дина хир ду Нохчийчуьра эскархой дехьабахарх а.

Амма кадыровхой хьалхарчу могӀаршка бахийтарх лаьцна хаамаш баьржича, Кавказан эксперто Баранец Томаша бахарехь "кхин а тIе пропагандин гӀулчаш" йу уьш. Бозуш боцу талламаш бечу "Стратегин анализан центран" а, "Юккъерчу Европин институтан" а эксперто Къилбаседа Кавказерчу республикашна юкъахь хиллачу тӀамера эшамех лаьцна дуьйцу. Цуьнан дешнашца, тергал ца дан йиш йац уьш дукхахберш Къилбаседа ХӀирийчохь а, Дагестанехь а хуьлуш хилар, ткъа Нохчийчохь хуьлу баларш дуккха а лахара ду.

Кавказ.Реалиин редакцин лараршца, беллачийн тептарехь Дагестанера 1138 вахархо ву, 580 сов ву Къилбаседа ХIирийчуьра, 370 гергга Нохчийчуьра.

"Кадыровхой тIеман хьалхарчу позицешка хьийсийна боху хаам бакъ хилахь а, оьший-те церан ницкъашца къоьлла йу бохург дийца билггал хууш а доцуш. Кадыровхой хьовсор – тIамехь Оьрсийчоьнан эскарш хьалхатеттар жигарадаккхар, йа шайна пайденна хьал хийца Iалашонца йоллу ресурсех пайдаэцаран хаттар ду и", - аьлла хета Баранецна.

ТӀом болабелча дуьйна Украинера фронтехь кадыровхойн эскарша лелочу гӀуллакхашна тӀаьхь терго латточу Къилбаседа Кавказан аналитикех цхьаъ волчу Чемберс Гарольдна а цкъачунна ца го нохчийн тӀемалой фронтан могӀаршка дехьабаьхна хиларх тоьшаллаш. Цо бинчу тидамца, кадыровхой тIом беш бацара ур-атталла Бахмутехь а, Вагнеран ЧВК-н метта "Ахматца" хийцарх дӀакхайкхийча а.

"ТӀеман хьалхарчу деношкахь Киевна тӀелатар динчул тӀаьхьа, Оьрсийчоьнан тӀеман министраллаца доьзна Нохчийчуьра дакъош тIамна гергахь дакъалоцуш хилла ала бакъо луш хӀума ца го суна. И дакъош тIамана гергахь хилла ду, амма "буьрса тийсадаларшкахь" уьш хаабелла бац. Цара тийна-таьӀна гӀуллакх дира мехала стратегин меттигашкахь (Запорожье зарратан электростанци санначу), амма уьш баккъалла а фронтехь хилла, йа ца хилла гойту - ма-дарра тӀечӀагӀдина суьрташ, йа видеош цкъачунна йиллинчу хьасташкахь гина дац",- боху Чемберса.

Украинерчу "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо, политикан Ӏилманийн доктора, профессора Савва Михаила Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь билгалдоккху, цкъачунна Кадыровн эскарш тIеман хьалхене дехьабаьхна боху информаци тӀечӀагӀйина цахилар: "Тоххара, мангал-баттахь, уьш лелабора Харьковн кӀоштахь заградотрядаш санна Амма оцу тайпа дехьабахар хила тарлург ду, ротацеш кест-кеста хуьлу тIеман шина а агӀор".

Кадыровн эскархойх "тикток-эскарш" олу – тылехь латторна, цигара видеош йохура цара социалан машанашкахь йаржон. Кхин а цхьа хIума ду уьш къаьсташ хиларан, церан штатехь дуккха а видеооператорш бу, цара тIеман репортажаш йоху тIемаш боьлхучу меттигашна геннара, шаьш тIеман хьалхехь ду а бохуш. Амма цара Iаламат дукха йаьхначу видеош тIехь тIемаш бо кадыровхоша йаьссачу гIишлошна хьалха, йа хьуьнан асанехь, цигахь гуш ца хуьлу мостагI, йа кхарна дуьхьал тухуш герз а дац хезаш.

И цIе Украинехь болчу массо а кадыровхошна тIехь йиссина, царна йукъахь уггаре а маьӀне йу Къилбаседа Кавказан кӀоштан бригадан шакъаьстина "Ахмат" спецназ. Иза а ду Оьрсийчоьнан Къоман гвардин эскарийн дакъа. Цу декъан буьйранча ву полицин инарла-майор Алаудинов Апти, Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан тӀеман-политикан белхан коьртачу дирекцин куьйгалхочун гӀовс хIоттийра иза хьалхо.

Ичкеригахьа боламан куьйгалхо волчу Сулейманов Джамбулата билгалдоккху, кадыровхойх тахана "Ахматан" полкехь гIуллакх мел дийриг ларахь а, уьш а къастон безаш бу аьлла.

"Кадыровн команда – нохчийн чалтачаш бу уьш, бу царлахь шайггара бехкаш дехкина бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохур ду, йа Кадыровн рожана критика йарна таIзарш дийр ду бохуш, кхерамаш туьйсуш тIаме буьгурш. ТIаьххьарнаш тIеман хьалхене буьгуш бу, царлахь дуккха а эшамаш хуьлу. Делахь а Кадыровн гонашкарчу нахалахь эшамаш мел боцу, уьш цхьана а хIуманах кхетар бац", - аьлла хета Сулеймановна.

"Ахматан" ку ьйгаллехь болу дукхахберш Кадыровн бIанакъостех бу, ткъа церан массеран а дац тIеман зеделларг.

Кадыровхой, оцу декъехь гӀуллакх диначара дийцарехь, нохчий бу олийла а дац, ур-атталла терахьашца а дукха бац уьш.

Уггаре а хьалха буьйцурш бу Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн университетан базехь йоццачу хенан курсаш йаьхна мел берш. Кадыровс а, цуьнан пропагандо а нохчий санна лелабо шайн репортажашкахь и тайпа лаамхой. Оьрсийчоьнан муьлххачу а вахархочун аьтто бу Соьлжа-ГӀалин мэрица зӀене вала: лаамхошна Соьлжа-ГӀала кхаччалц цара йина харж йухалур йу царна, цул тӀаьхьа Гуьмсе шина кӀиранна Ӏамораш дIахьочу куьпа дӀахьийсор бу уьш, цул тӀаьхьа Украине а бохуьйтуш.

  • Росгвардин Нохчийчоьхь куп тоьхна дакъош, формалехь федералан урхаллина чудогIу, амма ма-дарра аьлча, уьш Кадыровн куьйгакIел ду. Украинехь кадыровхой гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тергамчашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу меттигашкахь бу.
  • Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(ISW) чIагIдора, нохчийн тобанаша тIемашкахь башха дакъалоцуш дац, дукха хьолахь уьш тылехь Iа аьлла. Цунах лаьцна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а.
  • Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.