Оьрсийчуьра тIеман йийсархошца интервьюш дIайазйеш волчу украинхойн журналисто Карпенко Дмитрийс Нохчийчуьра эскархошца керла кхоъ видео зорбане хIоттийна. Оцу тIехула даккхий дийцарш хилира диаспорехь а, Кадыров Рамзанан рожана оппозицихь болчу блогерша а. Цара йемал дира Карпенкос динарг. Цо элира йийсархой нохчий бу, уьш бехкебира цо Кремльца а, цо республикехь хIоттийначу урхалхочуьнца а къийсам ца латторна. Оцу девнехь къастам бан гIоьртира Кавказ.Реалии сайт.
Коьртаниг: хIара текст кечйечу хенахь Кавказ.Реалии сайтан корреспонденто комментарий йийхира журналисте Карпенко Дмитрийга. Материал зорбане йоккхучу заманчохь а цуьнгара жоп деана дац.
Оьрсийчоьно Украинана динчу тӀелетарехь ду Кадыровн Нохчийчуьра масех дакъа. Оццу хенахь Украинан тӀеман ницкъашкахьа тӀемаш беш йу Ичкерин агӀончийн батальонаш. Шина а агӀоно шога критика йо шайна дуьхьал болчу махкахошна, бакъболу нохчий шайн агӀор хилар чӀагӀдеш, ткъа царна дуьхьал берш йа "кадыровхой", йа "нохчийн мотт буьйцу шайтIанаш" хилар билгалдоккхуш.
ХIаъ, Кадыров нохчи ву, амма цхьаъ бен воцург вац, йа тоьллачех а вац
Карпенкос зорбане йаьккхинчу интервьюхь журналисто йийсархойн цIераш ца йаьхна. Царех хьалхчарчун 49 шо ду, цунна дагадогIу Нохчийчохь ши тIом болчу хенахь хилларг, цо карах а долуш дуьйцу церан хронологех. Цо дийцарехь, мобилизаци йоьдучу хенахь цуьнан 25 шо долу кIант тIамтIе вига лууш бара – махкахь къайлах лелаш указ дара "хIора доьзалера цхьацца стаг" аьлла. Цундела ваханера иза тIеман комендатуре, шен кIентан метта дIайазвала.
Йуьхьанца контрактхошна дош деллера, ГIалгIайчоьнца а, Дагестанца а къовсамехь долу Нохчийчоьнан дозанаш цара лардийр ду аьлла. Цуьнан метта эскархой Украине хьовсийра, йийсархо тIом беш хилла "Север-Ахмат" полкан декъахь.
2022-чу шеран гIадужу-баттахь дуьйна тIамана генахь гӀаролехь вара иза, амма мангал-беттан юьххьехь хиллачу хьалхарчу тӀеман тасадаларехь йийсаре лецира. Цхьана шарахь эха шарахь контрактхочунна миллион гергга ахча делла хилла, иза масех баттахь отпускехь хиларна. Иза реза ца хилира Кадыров Рамзане, йа йукъарчу хьесапехь нохчашка бина кхайкхам дӀайазбан, шен гергарчарна бекхам барна кхоьруш.
"Хьуна хьайна а ма лаьа хӀара, шуна хазахеташ ду и… Нехийн пачхьалкх йу шун…Кхин мел ловр ду аша, "маьрша ичкерихой?". Хьо кхеташ ма ву, шу лай ду, Кадыров шун коьрта лешбацорхо ву. Цо ша ма-аллара, "со Путинан салти ву"…"- жоп делира Карпенкос йийсархочунна.
ШолгIачу эскархочун 22 шо ду, зуда йалийна ву иза, шо кхаьчна йоI хиллера церан. Шкорла йаьккхинчул тIаьхьа цхьанхьа а деша ца вахна иза, аьтто ца хиларна. Шен нана аьшнаш йинчу цхьана ГБР-н белхахочух леттера иза, цул тIаьхьа Куьрчала гIалара полицин декъан ларми чу кхоьссира иза. Цигахь баттахь йетташ хиллера цунна, ток йоьттуьйтуш, ницкъ беш, цул тIаьхьа ши некъ кховдийра цьунга: Iазапашкахь шо доккху ахь, йа контракт йина тIамтIе воьду Украине. 200 эзар сом гергга ахча латтадора цунна баттахь, Соьлжа-ГIалахь могIарерчу белхалочо оьцучул а йалхозза алсам дара и. Мангал-беттан йуьххьехь ВСУ-н штурман 5-чу бригадин каравахара иза.
Интервью йелла кхозлагIа тIеман йийсархо, нохчо велахь а, Тверской кIоштахь Iаш хиллера, цундела шен ненан мотт ледара буьйцура цо. Карпенкос "оьрсий хилла" нохчо элира цунах. Автосервисехь болх беш хиллера 34 шо долу стаг, кху чиллан-баттахь бехктакхаман гIуллакхна йукъа озийра иза къаьркъа а мелла машенан урхалла дарна. Шена чохь йаккха хан ца тухург, тIеман министраллица контракт йина хиллера цо. Луганскан кIоштахь йийсаре вахана иза.
"Шу эшийна, сийлахь ламанан халкъ. Эшийна, эцна, тIехь гIело хьоьгуш хьаьвди чу хIиттийна шу. Цаьргахьа (боьха мотт буьйцу) тIом бан вахна хьо", - бохура цуьнга украинхойн журналисто. Оцу тайпачу цо дийцинчо эргIад бахийтира нохчийн диаспоран векалш а, гоьбевлла блогерш а.
Къастор: товбеца-беттан 11-чохь украинхойн "Ваха лаьа" проекто хаамбира, нохчийн йийсархой – 22 шо долу Амашаев Мохьмад а, 49 шо долу Бизукаев Мохьмад а, 34 шо долу Бибулатов Роман а бара уьш аьлла. "Ахматан" векалш Киевца зIене бевлира, катоххий уьш цIа бахкийта, ца хуьлчу далахь тIаьхьа лерина долу дIасахийцарш шаьш йукъахдохур ду аьлла. И дан аьтто бу бохура Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан думехь депутат волчу Саралиев Шамсаилан. Цул хьалха товбеца-беттан 10-чохь, Нохчийчоьнан информацин, къоман политикан министро Дудаев Ахьмада журналисте Карпеноко Дмитрийна лерина 14 минотехь дIайазйина видео хIоттийра. "Нацистийн тIаьхье" элира цо цунах. Украинхойн тIеман йийсархой тIехь а болуш дIайазйина йу и видео, чIагIдарехь, уьш хуьйцур болуш бац, нагахь санна, нохчийн эскархой цIа ца бахкийтахь.
Боллу кадыровхой бац нохчий, боллу нохчий а бац кадыровхой
Ичкерихой а, кадыровхой а къестон безаш бу, хIунда аьлча, идеологин баррикадийн кеп-кепарчу агIонашкахь уьш хиларна. Уьш а, вуьйш а нохчий хилар – товш йоцу башхалла йу, бохура блогеро Белокиев Ислама. Ала догIу, цхьана хенахь Украина Iалашйечу Шейх Мансуран цIарахчу батальнан спикер вара иза.
"Вай ловза декхаре ду Москвано хӀоттийначу "декъа, толам а баккха" бохучу низамца. Кремло "эцна" цхьаболчу нохчийн хьекъалш а, дегнаш а, церан куьйгашца охьатаӀош бу маршоне а, йозуш ца хиларе болу лаам а. Амма цу кепарчу къастамо нохчашна бакъо ло глобализацина йукъа а дахна, бакъонан боккъал йолу пачхьалкх кхолла", - дIахьедира къамелдечо.
Украинина тӀелатар динчу Оьрсийчоьнан дакъошна йукъахь нохчий къестор - Кремло тӀедожийначу пропагандин гурашкахь хилар ду
Белокиевна хетарехь, дукхахболчу украинхошна гуш йу ичкерихошна а, кадыровхошна а йукъара башхалла. Цо дагадаийтира, Лакхарчу радо 2022-чу шарахь Нохчийчоьнан доза ханна дIалаьцна мох бу аьлла, къобалдар. И бохург ду, Кадыров коьртехь волуш, оккупацин Оьрсийчоьнан администрацино лелочух жоьпалла нохчашна тIехь хилар.
"Мариуполян бахархой, йа Луганскан [оккупаци йина дозанаш] бахархоша жоп ма ца ло оцу тIамах Оьрсийчоьно царна а мобилизаци йеш лаьтташехь, тIамтIе а хьийсош боллушехь", - масал далийра Белокиевс.
Цо дийцарехь, журналистан Карпенкон уллора уьйраш йу Украинехьа тIемаш бечу "Оьрсийн лаамхойн корпусан" эскархошца, цуьнан лард ду ультра аьттун а, футболан а фанаташ. Цундела Нохчийчуьра тIемалой цхьаьнатоьхна хир бу цо, царна йукъахь кхин дIоггара башхалла а ца гуш, аьлла хета къамелдечунна.
Украинера журналист нохчийн юкъараллин чоьхьара терминологи йовза а, цунах кхета а декхаре вац, бохура нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара. Хьалха Кадыровн Ӏедална дуьхьал болчу блогерша жигара пайдаоьцура Карпенкос а, блогеро Золкин Владимира а кхечу тутмакхашца Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца къийсам латтош йаьхначу видеох, амма хӀинца цара цунна критика йо "кадыровхо" боху термин ца хиларна, билгалдаьккхира цо.
"Ала дашна, "кадыровхой" тIаьххьарчу заманахь мел а шуьйро кхетам хилла дIахIиттина, хIунда аьлча, республикехь вовшахтоьхначу дакъошка жигара дIаоьцуш бу йоллу Оьрсийчуьра йолахой. Къаьмашна йукъара "солянка" йу хIара, тамаш бу-кх цигахь нохчий дукха хилахь", - тIетуьйхира Янгулбаевс.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн йоцу йаххьаш: хIун дуьйцу йийсарехь "Ахматан" эскархоша"Дуьххьарлерчу нохчочун" санна шен васт кхоллархьама Кадыров Рамзана дуккха а шерашкахь ахча а, хаамийн гӀирсаш а ца кхоийна, дуккха а агӀонашца аьтто а баьлла цуьнан, бохуш кхин дӀа а дуьйцура бакъонашларъярхочо.
"Цуьнан Ӏедалца къийсам латтийна ца Ӏаш, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал болчара кхетон оьшу: хӀаъ, Кадыров нохчо ву, амма цхьаъ бен воцург вац, йа тоьллачех а вац. Нохчий – цуьнан вастах доллу халкъана экстраполяци йен, Кадыров хилла ца Iа. Амма объективе хила вай, политикан хьежамаш тайп-тайпана хилар бахьана долуш "нохчи", "оьрси", "гIезало" йа "украинхо" ву аьлла, билгалдаккха дуьхьало йан йиш яц вайн, - аьлла, дерзийра шен къамел бакъонашларъярхочо.
ТIейожийна стереотип?
"Нохчий" бохучу кхетамах пайда а оьцуш, цхьанна а вас йан ца лаьа Карпенкона, цунна идей дӀакхачор бен мехала дац: Путинан Ӏедалехьа къийсам латтош бу нохчий – берриш а бац, йа даима а бац, амма уьш къуьйсуш бу, бохуш, кхетадо Украинехь вехачу политолого Савва Михаила "Кавказ.Реалии" сайтана йеллачу комментарехь.
"Украинхойн йукъаралла нохчашца вон йац. Дукхахболчарна дика хаьа кадыровхой а, нохчийн лаамхойн батальонашкара тIемалой а вовшех къастон. И гуш ду зорбанан гIирсашкара публикацешца а, социалан машанашкара посташца а. ТIеман йийсархошца йаьхна роликаш леринчу дукхахболчу Оьрсийчоьнан бахархошна и башхалла ца йевза, цундела авторо пайдаэцна хила тарло къам билгалдоккхуш йукъарчу а, нах боьллачу а билгалонах", - аьлла хета къамелдечунна.
Европехь болх бечу Ичкерин "Цхьааллин нцкъ" боламан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана хетарехь, интервью эцна журналист ца кхета нохчашна йукъарчу хьолах.
"Проблемига оцу кепара хьежаро массо а украинхошна хетарг гойтуш дац, иза дӀоггара къобал дан йиш йоцург ду. ХӀаъ, Украинана дуьхьал тIемаш беш нохчий бу. Царех дукхахберш бертаза хьежийна а бу. Шуьйра тIом боьдучу хIокху шина шарчохь цунах лаьтцна дуккхаза дийцира бакъонашларйархоша а, бозуш боцчу хааамийн гIирсаша а. Ахчана дуьхьа тIом бан боьлхурш а бу, амма уьш цхьа галбевлла нах бу, муьлххачу къоман а и тайпа нах болуш бу", - дIахьедира йукъаралхочо.
Масала Сулеймановс хьахийра 1994-чу шарахь дуьйна 2000-гӀа шераш чекхдовллалц федералашца тӀом латтийна йозуш йоцучу Ичкерин агӀончаш. Цо бахарехь, къоман боламан куьйгалхойх цхьаммо а билгалдаьккхина дацара нохчашна дуьхьал тӀом беш буряташ, гIезалой, дагестанхой, йа кхиндолу къаьмнаш хилар. Даима а дуьйцуш дара, Оьрсийчоь Ичкерица тӀом беш йу бохуш.
"Ишта нийса ду аьлла а хета суна. Украинана тӀелеттачу оьрсийн дакъошна йукъара нохчий къастор – иза Кремло тӀейожийначу пропагандин гурашкахь хилар ду, аьлла хета суна", - аьлла, дерзийра шен къамел Сулеймановс.
- Украинехь буьззина тӀом болабеллачул тӀаьхьа Кадыровс кест-кеста хаам бора "шайн даймохк ларбан гӀовтта" кийча хиларх дуккха а нохчий. Амма хӀинца республикан куьйгалхочо нийсса бӀостанехьа дӀахьедо, амма нохчийн маттахь. Шайн лаамехь тӀаме баха ца луучу нахана дуьхьал дера кампани йолийна регионерчу Ӏедалша. Мискачу нахана а, болх боцчу нахана а ницкъаллин структурийн декъехь гӀуллакх дан кийча бацахь, пособеш дӀадаха аьлла тӀедожийра Кадыровс.
- Официалан дӀахьедаршца а догIуш, 2022-чу шеран чилан-баттера дуьйна Нохчийчуьра Украине тӀаме хьажийна 40 эзар сов стаг. Царах маса стаг велла, билгалдаьккхина дац Соьлжа-ГӀалахь. Хьалхо масийттаза даржийра, Кадыровн нах тIамана генахь позицеш дӀалоцуш бу бохуш.