Кадыровхойн кортежна 40 сов гIуданаш диттина некъан низамаш дохорна

Социалан машанашкара кортежан сьурташ

Хетарехь кадыровхойн машенийн ковра йара аьллачу декъашхошна Гуьржийчохь 40 сов гIуда тоьхна некъан низамаш талхорна. Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин сайте хIоттийна видео йу гIуданаш деттарх.

Пхеа машенна (номерийн билгалонаш A777AC77, C777CE77, A777AK77, O777OC77, B800EC797) диттинчу гIуданийн барам бу 7450 лари (2800 долларшкахь), йаздо "Эхо Кавказа" сайто.

Гарехь, гIуданаш цкъачунна текхна дац. "Мтавари" телеканало хьалхо хаамбира, гуьржийн-туркойн дозанехула нохчий арабевлла шайн пачхьалкхера аьлла.

Дуьххьара низам дохорах лаьцна йоза дитира Тбилисихь стигалкъекъа-беттан 22-чохь. ТIаьххьарлера - мангал-беттан 3-чохь боккхачу некъа тIехь Малхбузенан Гуьржийчохь. ГIуданийн доккхаха долу дакъа магийначу барамал а машен чехка хехкарна ду.

"Грузинская мечта" урхаллин партино чIагIдо, Гуьржийчу баьхкинарш кадыровхой бацара, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал болу нах бара аьлла. Цунах лаьцна дIахьедира депутато Самхарадзе Дмитрийс (Дито).

"Кху муьрехь сан хаа аьтто белира, шен доттагIашца цхьаьна Гуьржийчохь хилларг Соьлжа-ГIалин мэран даржера дIаваькхкинарг а, Кадыровс лаьцна бизнесхо а вуйла. "Оккупацех низам" царех цхьаммо а дохийна дац. Кхиндолу хIума дозанхочо къеста ца до – лехамашкахь а вац, оккупацех низам ца дохийна – и тоаме ду. Проблема цхьаммо а ца йина, уьш чубаьхкира туристаш санна, ахча а дайина, дIабахара. Цаьрца нийса доцуш цхьа хIума хиллехь, уьш цхьаммо а чу битина а хир бацара", - йаздина Самхарадзес социалан машанехь.

"Европахойн Гуьржийчоь" оппозицин партин лидеро дIахьедина, кадыровхой бахкаро "сингаттам гIаттабо, тамаш ца бойту", хIунда аьлча, цо бахарехь, "олигархан Иванишвили Бидзинин режим – Оьрсийчоьнан вассал йу". Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь а, пачхьалкхан кхерамзаллин Кхеташонехь а цкъачунна комментарий йина йац "нохчийн кортеж" чуйарах лаьцна.

Социалан машанаша а, хаамийн гIирсаша а хаамбира Нохчийчуьра бахархой Гуьржийчу бахкарх лаьцна. ТIечIагIбазчу хаамашца, оцу пачхьалкхехь хилла криминалан гонашкахь дика вевза, "Юг-нефть" компанин долахо Ахметханов Асламбек."Кавказский узел" гIирсо йаздира, 2020-чу шарахь арахь йаккха цунна хан тхарх низамехь доцуш банкан гIуллакх лелорна а. Ресурсан хьасташа дIахьедора, Ахметхановн (ШайтIа цIе лелош ву) зуламхошца цуьнан уьйраш хиларх.

Цул тIаьхьа де даьлча Кадыров Ахьмадан полкан командиро Чалаев Замида скриншот хIоттийра карти тIехь туркойн Антальера Concorde De Luxe Resort цIе йолу хьешан цIа билгалдоккхуш. Хетарехь, къедораш йора цо, ша цигахь хиларан. Мангал-беттан 3-чохь Security Turkey телеграм-канало зорбане йехира Чалаевн сторисийн скриншоташ, царна тIехь Iаьржа бедарш йоьхна, тIоьрмигашца ворхI стаг ву, хетарехь, Антальера йохка-эцаран центрехь.

  • 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Туркойчохь лецира йалх стаг (виъ – Нохчийчуьра, иштта Украинин а, Таджикистанан а цхьацца вахархо) а, уьш бехкебира Кадыров Рамзанан раж йемалйечу нохчийн диаспорин векалшна тIелета кечбеллера аьлла. Бинчу талламехь гучуделира, 2021-чу шеран зазадокху-баттахь дуьйна оппозиционерех лаьцна информаци оцу группе дIакхачош хиллера Туркойчохь вехачу кхин а цхьана шиммо.
  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь бархI стагана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакхаш Истанбулера кхеле дIакхачийра. Бехкбиллархойн жамIашца а догIуш, кхеле хIоттийначу цхьаьнга инструкцеш кхочуш хиллера Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамера а, ишшта, нах байарна дуьненайукъарчу лехамашкахь волчу криминалан авторитет лоручу Дукузов Казбекера а. Оханан-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Оьрсийчоьнан Турплахочун седа белира Делимхановна.
  • И лецарш хиллачул тIаьхьа Туркойчоьнан Iедалша нохчийн диаспорин векалшна ха дан нах хIиттийра. Иштта оцу пачхьалкхехь беха нохчий шаьш а ларбала буьйлабелира.