Кадыровн агIончашна мидалш екъар: Нохчийчуьрчу хьаькамашна стенна ло Оьрсийчоьнан Турпахойн чинаш?

Гайтаман сурт

Украинерчу тIамехь, йа Оьрсийчохь цунах ма-аллара, "лерринчу тIеман операцехь" дакъа лаьцна волчу 62 стагна Оьрсийчоьнан Турпалхочун чинаш делла. Царах шиъ Нохчийчуьра хьаькам ву, амма цара тIеман тийсдаларшкахь дакъа лаьцна хилар шеконашкахь ду.

Марсхьокху-бутт болабелча Оьрсийчоьнан Турпалхочун чин делира малхбузенан санкцешна кIелахь волчу МВД-н хилла министран гIовсана, инарла-майорна Алаудинов Аптина. Шо хьалха Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира даржах мукъаваьккхира иза.

Кхин а хьалха – 2022-чу шеран охан-баттахь – Путино Оьрсийчоьнан турпалхочун чин делира пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутатана Делимханов Адамна. Кадыров Рамзанан гергара стаг ву Делимханов, цуьнан уггар тешамечу нахах цхьаъ ву иза.

Седарчий боцурш а

ТIом болабелча нохчийн хьаькамашна комаьрша дIасадоькъура совгIаташ а, чинаш а. Иштта зазадоккху-баттахь Путино чоьхьарчу эскарийн инарла-лейтенантан чин делира шена Кадыровна. Товбеца-беттан чакхенехь цуьнга Невский Александран орден кховдийра "Нохчийчоь социалан-экономикан кхиорехь доккха дакъа лацарна".

Республикерчу МВД-н куьйгалхочунна Алханов Русланна Оьрсийчоьнан президентан омраца инарла-полковникан лаккхара чин делла.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна "пачхьалкхан гIуллакхашкахула лаккхара хьуьнарш гайтарна" Сийлаллин орден елира, сепаратистийн карахь долчу "ДНР-н", "ЛНР-н" дозанашка кхаьчначул тIаьхьа.

Доьналлин орденца совгIат дира полицин майорна Таймусханов Iийсанна а, "белхан декхарш дIахьочу хенахь доьналла, майралла, шен са ца кхоор гайтарна". Соьлжа-ГIала схьавалийча тIепаза вайна волу 19 шо долу Нохчийчуьра оппозицин блогер, 1ADAT телеграмерчу каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъийнарг лоруш ву иза.

Your browser doesn’t support HTML5

Цхьана баттахь 17 стаг лачкъийна Нохчийчохь - 1ADAT

Кхерста кIент цIаверзар

ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан эфирехь гуш-хезаш Кадыровн критикаш сийсазбарехь дакъа лацарца вевзаш ву турпалхочун седанца совгIат дина волу инарла Алаудинов. Шен куьйгкIел болчарна тIедожийна цо "террористах, экстремистах тера волчунна" "хIуъа дан мегар ду", эшахь вен а.

Нохчийчоьнан куьйгахочун оьгIазаллина кIел нисвеллера Алаудинов, цо "забаран кепехь Кадыров Рамзанна тIара тохарна"

Дерриг хийцаделира 2019-чу шарахь, "Новая газетано" яздира, Нохчийчоьнан куьйгахочун оьгIазаллина кIел нисвелла Алаудинов, цо "забаран кепехь Кадыров Рамзанна тIара тохарна", бохуш. Дийцарехь, Кадыровна дуьхьал кIело йан кечам беш хиллачу нехан декъехь вара министран гIовс. Шена дохку бехкаш Алаудиновс тIе ца лоцура, ур-атталла видео а дIаязйира цо, республикан куьйгалхочунна муьтIахь хиларца дуй а бууш. Амма и дерриг тидам боцуш дитира Кадыровс, президентан омранца и дIаваккхийта аьтто баьлла цуьнан.

Нохчийчуьрчу официалерчу зорбанаша вицвина хилар а, Украинера тIом а трамплин хилира Алаудиновна юха а Кадыровн тобане верза. Нохчийчуьрчу рожан критикаша дIахьедора, иза "бехках цIанваларан миссица" воьду тIаме, кIелонехь дакъа лацарна шеконашка ша виллича, бохуш. ЖамIехь цабезамехь волчу Алаудиновна гечдина а ца Iаш, иза республикан кхерамазаллин Кхеташонан секретаран дарже хIоттийра.

"ЛНР-н Турпалхочун" седа а, чин а луш, сепаратистийн "Луганскан республико" иштта билгалдехира цуьнан гIуллакхаш. Кадыровс олу Алаудиновх Луганскан агIонехула жоьпаллехь верг.

Алаудиновс тIамехь дакъа лацарехь сирла эпизод хилира цо гатина йолу видео –тIехь ницкъ бина волу украинхойн эпсар гайтира цо, цуьнан чевнех лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо бегаш бира, чевнаш хилла йийсархочун "ца хууш кIомсаршна тIе ваьлча, гоне лаьцначу гIишлонна чуьра араволучу хенахь", аьлла.

Цул сов, Великобританино, Америко санкцеш яьхначу нехан тептарехь ву Алаудинов. Нохчийчохь ЛГБТ-юкъараллин декъашхошна тIаьхьваьлла леларна бехке лору иза.

Забаренан тIеман турпалхо

Турпалхочун седа кхаьчна волу пачхьалкхан думан депут Делимханов Адам Украинерчу тIамехь, нохчийн куьйгаллин официалерчу хаамашца, Мариуполь йоккхуш тийсдаларшкахь буьйранча хилла. "Лерринчу тIеман операцехь доьналла а, турпалалла а гайтарна", аьлла яздина ду омрехь. ТIамехь дакъа лацарна Евробертан керлачу санкцешна кIел нисвелла иза – кехаташкахь билгалдоккху, нохчийн эскархой Донбассехь дIатарбарехь жоьпаллехь хилла депутат, Мариуполан го лоцуш куьйгалла дина, иштта "тIом болабелчхьана теракташ еш дакъа лаьцна ша".

Амма доккхачу декъанна нохчийн телехьожийлана лерина кепаш хIитторан видеош яхарца вевзира иза. Эксперташа дIахьедира, Делимхановс куьйгалла а деш, кадыровхоша тIемаш до бохуш кеп хIиттош йохуш йолу видеош оьрсийн дозанна уллерчу Мариуполан цхьана кIоштехь яьхна ю, аьлла. Церан хаамашца, "тIемаш даран" меттигашна юккъехь цхьана километр а ца хуьлу.

Your browser doesn’t support HTML5

Делимханов Адам - Оьрсийчоьнан турпалхо йа киллер?

Делимханов цхьамаьIна доцу стаг ву: Оьрсийчохь террористийн гIуллакхаш лелорна чу а воьллина, колонехь велла волчу нохчийчин политикан Радуев Салманан машен лелориг хилла иза Нохчийчохь шина тIамна юккъерчу хенан кийсакехь – 1996-1999-чу шерашкахь.

Нохчийчуьра шолгIачу тIамехь, 2000-чу шарера дуьйна Делимхановс къобалйора Кадыров Ахьмадан позици.

"Медиазонас" а, курхаллина дуьхьало яран юкъараллин Scanner Project проекто а юккъехь бинчу талламца а догIуш, лач некъашца оьрсийн политик Немцов Борис верца воьзна хиларца шеконашкахь болчу нехан тептарехь вара Делимханов Адам а, цуьнан гергара нах а (Геремеев Руслан а, кхинаш а. – Билг.). Мухха делахь а, и зулам динчу наха цуьнга телефонаш йиттинера, иза ша вийлинера цаьрца зIене.

2021-чу шеран аьхка оппозицин политика Яшин Ильяс Делимхановх "Оьрсийчоьнан уггар кхераме депутат" аьллера.

2009-чу шарахь Делимханов Интерполехула лехамашка велира, Дубайхь Ямадаев Сулим вуьйш дакъа лаьцна хила мега цо, аьлла (къобалъянзачу Ичкерин агIо лаьцна тIом беш хилла цо Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь, тIаккха шолгIачехь – Оьрсийчоьнан агIонехь дакъа лаьцна "Восток" батальонан буьйранчас санна).

Делимханов иштта вевзаш ву 2016-чу шарахь ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, 2022-чу шарахь Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан хьалханчана Закускин Александрна а кхерамаш тийсарца, иштта 2013-чу шарахь пачхьалкхан думан кхечу депутатаца Журавлев Алексейца летачу хенахь Делимхановн киснара дашон тапча охьайоьжнера.

Диллина Кадыров Рамзанна дуьхьала ваьлла хилла Нохчийчоьнан вице-премьера лаьттина волчу Гантемировн Бесланна 2006-чу шарахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан буьйранча Байсаров Мовлади вуьйш дакъа лаьцнарг хета хета Делимханов.

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзалан "коьртеш даха" дош делира Делимхановс

Делимхановс жигара дакъа лоцура нохчийн кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин дуьхьал республикан куьйгалхочо йолийначу пропагандехь. 2022-чу шеран чиллан-баттахь цуьнан кIентан - бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзалан "коьртеш даха" дош делира Делимхановс, иштта чIир а кхайкхийра. Оьрсийн маттахь вистхуьлуш иза кхето гIоьртира ша лелориг динехь болчу нехан синан хаам сийсазбарна дуьхьал таIзар ду, аьлла.

Оцу баттахь Туркойчоьнан низам лардаран органаша бехкевира иза меттигера нохчийн оппозицихой байъар кечдан гIортарна.

Седанан трамплин

Оьрсийчоьнан турпалхочун седано аьтто бина Делимхановна оьрсийн парламентехь керла дажр эца – 2022-чу шеран мангалан-баттахь иза хаьржира Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан кхерамазаллин а, курхаллина дуьхьало яран а комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовс.

"Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхо, политолог Кутаев Руслан тешна ву, тIом бахьнехь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран тешаме болу нехан терахь лаххарчу тIегIане дирзина – олигархаш кхин дIоггара дика доттагIий а ца хилла.

"Оцу юкъанна иза шена керла го кхуллуш ву. Iаламан харжам бу боьдуш. Пачхьалкхан думан цхьайолчу комитетехь Делимхановс дарж дIалаьцна хилар - иза федералан тIегIанера министран даржаца дуста мегар долуш ду. Бух болуш ду и дерриг. ТIейогIучу хенахь пачхьалкхан федералан хьукматашкахь оьшуш хила мега уьш. Цо уьш билгалбоху, хIунда аьлча, кхечаьрца дустича, уьш цунна уггаре тешаме хир бу – церан бовда меттиг яц. ТIаккха тIейогIучу хенан даржашка хIитто безачу нехан таронаш, орденаш, чинаш хила деза", - хета Кутаевна.

Америкхойн The Jamestown Foundation-н Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Дзуцати Валерийна хетарехь, чинаш, седарчий декъарца Путино оцу нехан "политикан йозалла алсам йоккху".

"Къаьсттина цхьана Iалашонашна оьшуш бу цунна уьш. Цо цхьана хIуманна кечбеш бу. Кхузахь, хила тарло, оцу Оьрсийчоьнан Турпалхоша Украинерчу тIаме нохчий лоьхкур бу, аьлла ойла йолуш ву Путин", - билгалдоккху Дзуцатис.

Юрист, бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар кхин башха реза вац лекхарчу эксперташа бохучунна. Цунна хетарехь, хьаькамашна ша Кадыровс дехар а дой ло совгIаташ, хIунда аьлча, Путино, схьагарехь, тидам ца бо, хьан, йа муха бо тIемаш.

Турпалхочун седа мах байна бу, цхьа а практикан маьIна дац цуьнца

"ХIинца йолу "орденаш кхийсар" СССР юхучу хенахь хилларг ду, хетарехь. ХIан-хIа, со ца хIутту Оьрсийчоьнан чакхе тIейогIуш ю баха, амма аса тидам бо, хьалха цигахь санна, тахана а ю и мидалш дIасайоькъуш. Турпалхочун седа мах байна бу, цхьа а практикан маьIна дац цуьнца, цхьа а ларам бац и лелочуьнца, йа ша совгIате а", - боху Янгулбаевс.

***

Нохчашка Оьрсийчоьнан Турпахочун чинаш кхийдор уггар дукха хилира республикехь КТО (контртерроран операци. – Билг.) йоьдучу юкъанна, 1999-чу шеран чакхенера 2009-гIа шаре кхачалц. Уггар дукха кхечира уьш ЯмадаевгIера доьзална, цигахь кхаанна кхаьчна Турпалхочун седа: 2003-чу шарахь Ямадаев Джабраилна, 2004-чу шарахь – Русланна, 2005-чу шарахь – Сулейманна. Оьрсийчоьнан турпалхочун чин делларг верриг 20 гергга нохчо ву. Лаккхара совгIат кхъаьчначех тIаьххьарнаш ву 2010-чу шарахь Усмаев Вахит а, 2021-чу шеран дечкен-баттахь Чалаев Замид а.