Кадыровн дин: Украинана дуьхьал болийна тIом джихIад хIунда лору Нохчийчохь

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь

ГIуран-беттан юьххьехь нохчийн муфтиятан векалш баханера Оьрсийчоьнан эскарша дIалаьцначу Украинан къилба-малхбалера Мариуполе. Уьш хилира, чIагIдарехь, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо меттахIоттош долчу маьждигехь, "дуьззина къамел" дира махкарчу эскархошца. Оцу визитца кхин дIа а чIагIйира цара Нохчийчохь йолийна пропаганда, Украинана дуьхьал бен тIом "гIазотан" бу – иштта дIахьедора регионера куьйгалло.

Къилбаседа Кавказера боллу бахархошка а, Оьрсийчуьра массо а бусулбанашка а цхьаьна боху Нохчийчуьра динан дайша тIамтIе гIо. Ткъа юхагIертачарна бехкаш дохку Кадыров Рамзана уьш стешхаллина а, ямартлонна а бехкебеш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдарца, "гIазотан тIамехь" вала хьаьгна ву иза, цигахь бала лаьа цунна шен воIарий а.

"Делах тешаш волу стаг, ша лоруш, ша дош хеташ верг…Iийр вац чохь хиина, шена автомат а карор ю цунна, ницкъ карор бу, оьшуш мел дерг карийна тIамтIе гIур ву иза оцу боьхачу хIуманашна дуьхьал, оцу сатанизмана дуьхьал. ВаллахIи-биллахIи, доккха джихIад ма ду иза, вай массара а цу юкъахь дакъалаца а ма деза", - дIахьедира Кадыровс шен видеокхайкхамехь.

Украине бахана нохчийн эскархой "джихIаде бахана", уьш "Дела дуьхьа" тIемаш беш бу, боху цунна тIаьххье мехкан муфтийс Межиев Салахьа а, цуьнан бIанакъосташа а. Шайн декхар лору Iеламчаша "доIанаш дар", "сагIанаш дIасадекъар", "Дела дуьхьа гIуллакхаш дар".

"Нах Iехош дешнийн интерпретаци ю"

Оьрсийчоьнан килс а, муфтияташ а даим хилла ю Iедалан идеологина "тIаьхьара олуш", ткъа цаьрга ладоьгIуш берш чIогIа боьзна бу пропагандех, боху Австрихь вехачу динан а, юкъараллин а гIуллакхдархочо Аьрсбин Абубакара.

"Цара Iехош бу дин ца девза нах, йа бусулбанашна а, йа керстана а аьттехьа а оьшуш боцчу империн тIемашка кхуьйссу уьш. Цундела цара боху, и тIом "гIазотан" бу, и джихIад ду, иза КъорIанца ду, Библица ду. И дерриге а нах Iехон дешнийн интерпретаци ю", - тешна ву Кавказ.Реалиин сайтаца къамелдинарг.

БIаьста дуьйна шен ма-хуьллу къахьоьгу Кадыровс, Украинехь джихIад ду аьлла, тешон гIерташ. Цундела Iеламчаша маьждигашкахь къамелаш до бахархошца, зударий а, божарий а гулбо Соьлжа-ГIалара доккхачу маьждигехь кадыровхошна тIера ламазаш, доIанаш дан, берашка а цхьаьна доIанаш дойту царна.

Украинхошна тIе герз хьажийнарш Далла гергахь бехкалара бевр бац

Зазадокху-баттахь Межиев Салахьа кхайкхамбира динан дайшка "керта тIе а ховший, гондIахула дIаса а хьоьжуш ма Iе", гIарчI алий цхьа позици дIалаца "лерринчу тIеман операцин" (иштта олу Оьрсийчоьно Украинерчу тIамах, цунах тIом ала дихкина ду.-Билгалдаккхар.) хаттарехула.

Бусулба дин лелош болчу нехан вовшашца уьр таса Iалашо йолу, доллу дуьнено къинхетаман а, массарна а гечдеш ГIурбан де даздечу дийнахь Оьрсийчоьнан коьрта муфтий Таджуддин Талгат массарна а хезаш Украинана дуьхьал болийначу тIамна тIетайра, цIий Iано деза аьлла, кхайкхамбеш. "Спецопераци" чекхйаккха йеза аьлла, дIахьедира цо.

Аннекси йинчу ГIирмера динан урхаллин хьалханчан Рустемов Айдеран дешнашца, оцу тIамехь цхьа а джихIад хуьлийла дац, КIорIанах жимма а кхеташ волчу стагана и хууш ду аьлла.

"Боллу бусулбанашна билгало гойту тахана Везачу АллахIа, бусулба дин лелочу халкъашна а, Украинана а дуьхьал Оьрсийчоьно лелочу зуламех тоьшаллаш дIагойту", - дIахьедина цо.

"Росгварди ю Украинаца тIом бийриг, нохчий бац"

Нийса бу аьлла хетачу кадыровхойн тIемах а, Украинехь бехачу нохчашна мел коьрта ду Оьрсийчоьнна дуьхьал латар а, дийцира Iеламчас, "Францера нохчийн Юкъараллин" куьйгалхочо Магомадов Рамзана.

"Тахана Украина шен суверенитет, шен пачхьалкх ларйеш ю – царна бу и тIом беза. Ас жоп лур дац массо а бусулбанех, амма ас эр ду Украинехь а, Оьрсийчохь а, доллу дуьненахь а бехачу нохчех. Оьрсийчуьра бахархошна джихIад дац и, цуьнан шеко а йац. Уьш декхаре бац оцу тIаме баха. Набахте бахар гIоле ду, Украине боьлхучул а. Оьрсийчоьнан империно даим а хьийзийна бу нохчий, ткъа тахана церан байракха бухахь лулахошна тIелетта… И вайн тIом бац, вайн и бан бакъо а йац, йа бахьанаш а дац. Украинхоша вайна дина вон дац. Украинхошна тIе герз хьажийнарш Далла гергахь бехкалара бевр бац", - дуйцу Iеламчас.

ШолгIа тайпа, кхин дIа дуьйцу Магомадовс, - доллу дуьне мел ду баьржина нохчий. Цо кхайкхамбо цаьрга шайн ма-хуьллу Украинана гIо де, тIеоьхкинчу ярлыкаш а, кадыровхойх а, Росгвардих а нохчий "дIакъасторхьама".

"[Владимир] Путин а, [Владимир] Зеленский а лаьттар вац, оьрсийн а, украинхойн а барт хир бу, ткъа массо а хIуманна гунахь вай дуьсур ду. Риман папас ма-аллара, Украинан дозанаш тIехь мел динчу тIеман зуламашна вай бехке хир ду, украинхойн къомана дина геноцид а вайна тIехь дуьсур ду. Цундела, вай, Европан мехкашкахь бехачу жигархоша а, политикаша а, хьалханчаша а дIахьедан деза, украинхошца тIом бийриг нохчийн къам дац аьлла. Шайна са лоьху цхьаболу нах Iехабелла- уьш а, Росгварди а ю Украинаца тIемаш бийриг, нохчий бац", - боху Магамадовс.

Бусулба хила йиш йац цIий Iенош, зударий, баккхий нах бойушг верг

КхолгIа тайпа, билгалдоккху Кавказ.Реалиица къамелдечо, Украинехь беха нохчий бу.

"Хьо вехачу махка мостагI веанехь, хьан декхар ду цуьнца лата, хьо тIелаьцначу халкъаца белш белшах гIортийна и пачхьалкх Iалашйар – и ду джихIад…Нохчий Украинехь нисбелла, оццу мостагIо шен хIусамашкара, шен ворхIе дай баьхначу лаьтта тIера уьш арабаьхна дела. Ахь дуьхьало йой, инша АллахI, и гIазот хир ду", - дерзийра къамел Iеламчас Магомадов Рамзана.

2010-чу шарахь хьаьжцIа бахарх дуьйцуш, йоллу Ерригоьрсийчоьнан кхеташонехь хIетахь Нохчийчоьнан муфтий хиллачу Мирзоев Султана кхетийнера джихIад бохучу дешан маьIнех, тахана Соьлжа-ГIалахь болчу кхетамца бIостане нисло иза.

"ДжихIад – и тIом бар дац. ДжихIад ду – некъаш дар, цIенош хьаладар, машар кхиор. Зударий, божарий бойуш, цIийн Iенош верг, иза бусулба вац", - элира хIетахь Мирзоевс.

  • Шуьйрачу барамехь Украинан дозанашна Оьрсийчоьно тIелетар дичхьана схьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан политика а, меттигерчу пропагандин коьрта тезисаш а бIостане йевлира цуьнан дас Кадыров Ахьмада дитинчу весеташца. Дагахьдоцург дара иза, республикан хиллачу президентан дешнаш, аларш цхьа деза, кIоргера маьIна долуш санна Iедалхой гайта гIертачу регионна, пачхьалкхан зорбанан гIирсаша даржадо Кадыров Ахьмада аьлла боху дешнаш цитаташ санна.
  • Масех бутт а бу Украинаца болийначу тIамехь долчу Оьрсийчоьнан эскарехьа гIоьнна Нохчийчохь цхьаьне дIахIиттина ламазаш ден. ХIинццалц схьа меттигера бюджетан белхахой бен маьждига буьгуш ца хиллехь а, хIинца декхаребо дешархой а, берийн бошмашкара бераш а цхьана. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа дийцира, и стенна оьшуш ду меттигерчу Iедалхошна.
  • Кавказ.Реалиин редакцино тергам бира, Украинехь тIом болийчхьана муха хийцайелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун риторика: "Киевна тIелата пурба ло" бохуш, кхайкхамаш барна тIера, Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йиллина критика йарна, зарратан герзах пайдаэца кхерамаш тийсарна, маьршачу гIаланашна тохарш дар нийса дина бахарна тIе кхаччалц.