Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам дийна ву, могуш ву, аьлла дIахьедина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен накъостаца даьккхина сурт а хIоттийна цо – видео йаьккхина хан билгалйаккха аьтто бац. Регионан куьйгалхочо бахарехь, цо леррина "хьал марсадаьккхинера", Делимханов вийна, йа лазийна аьлла дуьххьара хаамаш кхаьчначул тIаьхьа шен цуьнца зIе йац аьлла ша дIахьедича. Кадыровс зорбанаш аьшпаш баржорна бехкейира.
Кадыровс арахецначу суьрта тIехь гойтуш ву иза ша, Делимханов Адам, иштта Нохчийчоьнан парламентан хьалханча Даудов Мохьмад, республикан зорбанан министр волу Дудаев Ахьмад а – Украинехь боьлхучу тIемийн карти хьалха хевшина Iаш гойту уьш. И карта хьулдина ду видео тIехь, амма "Агентство" зорбано тидам бира, Оьрсийчоьно дайначу шеран гезгмашин-баттахь аннексии йина аьлла дIахьедина хилла долу сепаратистийн "ДНР-н" латта цу карти тIехь Украинин доза санна гойтуш хиларна. ТIеман аналитик волчу Матвеев Янна хетарехь, цу карти тIехь гойту, дайначу шеран аьхка-гурахь тIом беш йолчу агIонийн хилла позицеш.
Делимханов лазийна аьлла Оьрсийчохь дуьххьара хаам бира тIеман министраллин телехьожийло, пачхьалкхан думина тIетевжаш. ТIаьхьо "Звезда" телехьожийло шозза хийцира шен сайтера хаам: дуьххьара телехьожийла Делимханов лазийна аьлла болчу хаамехь ЛДПР-н пресс-сервисна тIетевжара, цул тIаьхьа иза кхалхар харцдеш хийцира текст.
Baza телеграмерчу канало ЛДПР-н партина а, "парламентан официалерчу векалшна" тIе а товжуш дийцарехь, цара "Звездана" комментари йелла йацара. Пачхьалкхан думан хьалханчас Володин Вячеслава иштта бохура, Делимханов "дийна ву, могуш ву" аьлла.
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс мангал-беттан 14-хь тIе ца чIагIбира, йа харц ца бира нохчийн депутатна чов йина боху хаамаш, бохура, цунах хиллачух "гергачу хенахь билггал хаам кхачала ладоьгIу" ша. "Оха вуно кхерамца тIелецира и информаци, Оьрсийчоьнан Турпалхочух саготта дут хо", - дIахьедира Песковс.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь дIахьедира, Делимханов зIене волуш вац шеца аьлла. Цо дехар дина украинхойн таллархошка, "муьлхачу меттиге, муьлхачу позицешна дина и тохар" дийца шега аьлла, "ца кхоош ахча" лур ду аьлла дош делла цо.
И пост арахецна ах сахьт даьлча Алаудиновс шен телеграмерчу каналехь дIахьедира, ша "Делимхановца и хьал хиллачу метте воьдуш ву". "Омра кхаьчна... цигахь иза хIуъа дай а, схьакараве аьлла", - йаздина спецназан буьйранчас Алаудиновс. ТIаьхьо хийцира цо шен пост: Алаудиновс текстана йукъайахийтира эмодзиш, царлахь йара эмкалаш, мамонташ гойтурш а.
Делимхановна чов йарх лаьцна дIахьедира Оьрсийчоьнан эскаран 72-чу лерринчу мотострелкован тобанан хилла волчу буьйранчас Веневитин Романа – иза Украинехь ЧВК "Вагнеран" йолахоша дIалаьцнера. Нохчийн депутат чолхечу хьолехь ву "хьажийна тоьхначу артиллери" бахьанехь, элира цо. Хиллачунна вагнерхой бехке бу бохура Веневитина – Делимханов лелачу меттигех хаамаш цара дIабелла боху цо украинхойн таллархошка, цунна а, Кадыров Рамзанна а ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнца Пригожин Евгенийца девне бовларна бекхам беш лелийна хиларх дIахьедеш.
ТIечIагIбина боцу хаамаш баьржира хьалхо Делимханов Адам вийна аьлла – дуьххьара цунах лаьцна дIахьедира ВСУ-н агIонехьа тIом беш волчу Сазонов Кирилла. Запорожан кIоштерчу оккупацехь латточу Приморскехь украинхойн эскаро дIайаьхьначу операцехь вийна иза бохура. Сазоновс бахарехь, Делимхановца цхьаьна вийна кхин а 200 стаг.
Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам Украинерчу тIаме кхечира, республикерчу эскарийн тобанийн декъехь, Оьрсийчоь буьззинчу барамехь чугIоьртичхьана дуьйна. Оппозицихоша а, къаьсттинчу зорбанаша а Кадыров Рамзанан "тиктокан" эскаран буьйранча олура цуьнах, баккъала долчу тийсдаларшкахь дакъа а ца лоцуш, тылехь герзаца кепаш хIиттайо бохуш къададеш. Регионан куьйгалхочун аьтто куьг лоруш волу Делимханов цхьамогIа скандалашкахь вуьйцуш ву, криминалан гIуллакхашкахь цхьаьна – цунах лаьцна ма-дарра йеша Маршо Радион материалехь.
- Де хьалхо Делимханов Белгородан мехкан куьйгалхочуьнца Гладков Вячеславца а, Росгвардин а, тIеман министраллин а векалшца цхьанакхетта хиларх дуьйцура – цара сацам бира, Украинан диверсин тобанашна дуьхьало йан лерина нохчийн "Запад-Ахмат" батальон оцу регмоне хьажор йу аьлла.
- Украинан къайлахчу сервисаша бехкзуламан гIуллакх диллина Делимханов Адамна дуьхьал. Иза бехкево пачхьалкхан дозанаш хийцарехь дакъалацарна а, Оьрсийчоьнан тIеман агоресси къобалйарна а. "Кадыровн уллорчу гонера ву хьаькам. Цуьнан омраца пачхьалкхана чугIоьртинчу юьххьехь веана иза ханна дIалаьцначу Донецкан кIоштан декъа тIе", - чIагIдо СБУ-но.
- Цул хьалха Украинин президента Зеленский Владимира омра арахийцира, оьрсийн чугIортарехь дакъалаьцна болчу наханна дуьхьал санкцеш йохуш, - тептаре Делимханов а кхечира, цуьнан кхо ваша а.
- Делимханов Адам шеконехь латтаво журналисташа 2006-чу шарахь Байсаров Мовлади верехь дакъалаьцна ву бохуш - Байсаров Мовлади нохчийн "Горец" тобанан буьйранча вара, Кадыров дуьхьал ваьлла хилла волу. Хьалхо Делимханов Интерполехула лехамашка велира, Ямадаевг1еран вежарий байъарна бехке хила тарло аьлла, ишта цуьнан хьокъехь таллам бар т1едожийра, цо журналисташна кхерамаш тийсарна а, федералан кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин доьзална "т1ера коьртеш дахарца" кхерамаш тийсарна а.
- ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан куьйгалхочунна Закускин Александрана а кхерамаш тийсарца а вевзаш ву Делимханов. 2021-чу шеран мангалан-баттахь оьрсийн оппозицин политика Яшин Ильяс Делимхановх "пачхьалкхан уггар кхераме депутат" элира.
- 2022-чу шеран охан-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Оьрсийчоьнан турпалхо цIе йелира Делимханов Адамна. И даран бахьана дара "лерина операци дIахьош майралла, доьналла гайтар"( Украинехь болчу тIамах иштта олу оьрсийн Iедалхоша). Мангал-баттахь Делимханов пачхьалкхан думерчу кхерамзаллин, курхаллина дуьхьало латторан комитетан куьйгалхочун хьалхара гIоьнча хоьттира.
- Мангал-бутт болалуш ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнца Пригожин Евгенийца девне бевллачу кадыровхойх хьалхарчех цхьаъ вара Делимханов. Нохчийчуьрчу депутата вукхунах "т1еман министралло йолахошна саццанза г1о деш лаьтташехь, дуьне мел ду шен проблемех лаьцна мохь бетташ волу блогер" элира цо цунах. "Тхуна массарна хууш ду, ахьа Бахмут агIора мел адам охьадиллина... Тоьур ду хьуна, мохь бетта а, бага йетта а. Схьадийца хьо стенгахь хир ву, дистхир ду вай... Йуьхь-дуьхьала хIиттина, муьлхха проблема къастош", - дIахьедира Делимхановс.