Мехкан культурин министран даржехь йолчу Нохчийчоьнан урхалхочун йоккхаха йолчу йоIана Кадырова Iайшатна шолгIачу барамера орденан мидал йелла "даймахкана гIуллакхаш дарна". Кадыровн гергарчарна рогIера совгIаташ дар доьзна хила тарло, регионан куьйгалхочун гонна цунна "альтернатива йац" аьлла, Кремлан дIахьедан лаам хиларца. Иштта хьесап дира Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу политологаша.
Президенто гезгамашин-беттан 4-чохь совгIат дарх куьгйаздинчу омранан чулацамехь йаздина ду: "Даймехкан культура а, исбаьхьалла а кхиорна а, дуккхаъчу шерашкахь кхоллараллин болх барна а" аьлла. 24 шо долчу хьаькамо хIун кхиамаш баьхна, хууш дац.
"Даймахкана хьалха къахьегарна" лучу орденан мидалан ши барам бу, цуьнца совгIат дар хуьлу лахара (шолгIачу) барамера лакхара (хьалхара) бараме кхаччалц. Официалан документаш тIехь ма-йаздарра, мидал луш йу "кеп-кепарчу индустрин, гIишлошйаран, Iилманан, дешаран, могушалла Iалашйаран, культурин, транспортан а, иштта кхин долчу а дакъошкахь.
Кадыров Рамзана даггара баркалла элира шен йоIана совгIат дарна, цунна "аванс" ду и аьлла, дIахьедира цо.
Кадырова Iайшатца цхьаьна Путинан арахецначу омрана тIехь иштта масех иттаннашкахь стаг ву, изза совгIат дина: кеп-кепарчу урхаллийн хьаькамаш, индустрин куьйгалхой а. "Даймахкана хьалха гIуллакх дарна" II-чу барамехь мидал йелла, масала, Чурбанов Игорьна - АО "Воткинан заводан" коьрта директор ву иза Удмуртихь. Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа дуьненайукъара санкцеш туьйхира цунна. Оцу заводехь йеш йу "Тополь-М", "Булава" цIераш йолу стратегин ракеташ.
Изза совгIат дина Санкт-Петербургера Обуховн заводан радиотехникан комплексан директоран хьалхарчу гIовсана Шлявас Владимирна. Цхьа могIа малхбузенан пачхьалкхийн санкцеша лаьцна ву иза а, кеманашна дуьхьало йен гIирс арахоьцу заводаш вовшахтухучу ВКО "Алмаз-Антей" концерн йукъахь а ву иза. Масала, стохка лахьанан-баттахь оцу концерно йовзийтира, Оьрсийчоьнан меженех вовшахтесна йу боху "Добрыня" дрон. Делахь а, зорбанан гIирсашна къаьстира, Китайн iFlight Nazgul5 Evoque дронах иза тера хилар. Ткъа иза йу интернетехь маьрша йухкуш.
Оццу мидалца совгIат дина аннекси йинчу ГIирмера ОАО "Технопромэкспорт" филиалан директоран гIовсана Казак Павелна. Журналисташа хьесапаш дарца, "Ростех" пачхьалкхан корпорацина йукъайогIучу "Технопромэкспорто" Оьрсийчоь тIамца Украине гIортале хьалха дуьйна пайдаоьцура ГIирмехь теплоэлектростанци йеш газан-турбинан Siemens-о арахоьцучу гIирсех. "Ростехна" фирмо гIо дира малхбузенан санкцеш тIехтосуш. Немцойн концерно, шена догIучунна, хIетахь латкъамбира Оьрсийчоьнан Iедалхоша лелийначу харцонна.
Кадырова Iайшатна рогIера мидал йаларх федералан центрна хуьлуш зен дацара, билгалдоккху Оьрсийчоьнан политолого Преображенский Ивана.
"Цхьана агIор, Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна чIогIа дукхайеза и, вуьшта аьлча "хӀуьцӀа-пӀуьцӀалгаш" – тайп-тайпана совгIаташ. Федералан цхьана а кепара зен ца хьулу таро йу, иза нохчийн лидерехьа а, цуьнан клане а безам, ларам хилар дIагайтар ду. Тарло царна дуьхьал цаьргара цхьаъ йожа а", - элира цо.
КХИН А ХЬАЖА: "Стоматологихь динчу гIуллакхашна" мидал елла Кадыровна
Iалашонан дакъа?
Нохчийчоьнан урхалхочун йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат пачхьалкхан даржашкахь болх беш йолу кхо шо ду. Цуьнан 21 шо кхаьчча республикера культурин министран хьалхара гIовс хIоттийра иза, хIетахь Кадыровс элира цуьнан дахарехь "рогIера коьрта хилам" бу и аьлла. Цо тIетуьйхира иштта, иза цига хIоттор "дикка ойла йина" хIума дара, ткъа Iайшат, "жима йелахь а, доккха зеделларг долуш йу уггар а чолхечу, йаккхийчу проектийн урхалла а дина, иштта культурехь а цхьаьна" элира цо.
ХIетахь Iайшат, шен йиша Карина (Хажижат) а, нана, Кадыровн хIусамнана Медни а санна – Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш бухахь йара, Нохчийчохь Iазапаш латторна а, кхел йоцуш нах байарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а. Цул тIаьхьа Евроберто а, Японино а шайн санкцийн тептаршка йазйира Iайшат.
Кадыровн йоьIан хьахийначу "йаккхийчу, чолехчу" проекташлахь – Firdaws модин цIа ду, директоран гIант дIалецира Iайшата шен 17 шо долчу хенахь. ТIом болабалале хьалха Firdaws цIийнан коллекци гайтира, масала, Mercedes Benz Fashion Week Russi модин КIира доьдучу заманчохь, брендо иштта презентаци дIайаьхьира Парижехь "Безамах дийцар" аьлла коллекци гойтуш. ХIетахь францхойн прессо дIахьедира, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарх Европо далийна тоьшаллаш тергалцадар дара иза аьлла.
2022-чу шарахь, шо даьлча, 22 шо долчу Iайшатах культурин министр йира. Иза оцу дарже хIотторах дуьйцучу регионерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада элира "похIме, креативе куьйгалхо, къахьоьгуш, башха вовшахтохархо" йу иза. Ца далийра цо билггал масалш цо динчу гIуллакхийн.
Министран даржехь йолчу мехкан урхалхочун йоIана цхьа могIа совгIаташ делира: ду царлахь регионан лаккхара совгIат – Кадыровн цIарах орден "культурин сфера кхиош дакъалацарна" йелла. "Адамийн бакъонаш Iалашйарна", "Нохчийн республикана хьалха декхарш кхочушдарна", регион "кхиош дакъалацарна" республикин 100 шо кхачарна лерина, сепаратистийн "ДНР-н" цIарах йелла ДоттагIаллин орден а.
Шен берашна совгIаташ дохуш, къаьсттина Нохчийчоьнел арахьа, Кадыровна хета, шен дегахь хилла ларам цара а шена латтабо аьлла
Кеп-кепарчу совгIаташца а, даржашка хIитторца а Кадыров хьийза ша а, шен клан а цхьа лараме, элитан доьзал бу Оьрсийчохь аьлла, дIагайта, билгалдоккху Къилбаседа Кавказехула говзанчас, тIеман конфликтийн эксперто, аналитико Чемберс Гарольда.
"Оьрсийчоьнан къоман идейн гурашкахь шен доьзал а, къаьсттина республика а дIагайта цуьнан кхин а чIогIа йоккхачу Iалашонан дакъа ду хIара. Кхин бахьана – Кадыров Ахьмад лорура [йамарт валлалц] цо динарг бахьана долуш, ткъа Рамзана докторийн диссертацешца харцонаш лелайо. Шен берашна совгIаташ дохуш, къаьсттина Нохчийчоьнел арахьа, Кадыровна хета, шен дегахь хилла ларам цара а шена латтабо аьлла", бохура эксперто.
Рожан адекатехь цахилар
Iайшатах дийцар – гайтаме ду Нохчийчоьнан урхалхочун доьзалехь, амма цхьаъ бен доцург дац. Регионан лаккхара пачхьалкхан совгIат – Кадыров Ахьмадан цIарах орден – цуьнан жимахйолчу шина йишин а йу, 22 шо долчу Соьлжа-ГIалара мэрин цIарахчу школазхойн департаментан хьаькаман Кадырова Хадижатан а, 20 шо долчу могушалла Iалашйаран сферехь куратор йолчу Кадырова ХутIматан а.
Кху шарахь Кадыровн шина кIантана-кхиазхочунна, 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а некха тIехь лелон билгалонаш йелира "Терроризмаца къийсам латторна" аьлла. ХIун динчунна царна уьш йелла – хууш дац.
Кадырова Iайшатна совгIат дина дукха хан йалале рогIера орден йелира цуьнан денанна – Кадырова Айманина. Оьрсийчуьра бусулбанийн лакхара "Аль-Фахр" (йа Сийлаллин орден) йеллира цунна.
Оцу кепарчу совгIаташ дарна йукъаралло башха терго а ца йо, чIагIдо нохчийн политолого, Кавказан халкъийн Ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана.
"Кремло [мехкан Iедалхошна] муьлхха а преференцеш йоькъуш, оцу ловзарех адам дIадоьлла хIинца. Бен дац, хуьлийла уьш орденаш, мидалш, хIуъа а", - боху эксперто.
Цхьана а кепара ловза ма ловзалаш, Iедалхой шуна хIуммаъ а йала дагахь бац
КадыровгIеран доьзалера нахана совгIаташ дарх дуьйцуш, Кутаевс бохура Нохчийчоьнан урхалхочун "гонна билгало" йу иза.
"Жимма хан йукъа а йулуьйтуш совгIаташ до йа йоIана, йа хIусамнанна, йа нанна. И дерриг а – Iедале сатуьйсучу агIонашна дагатасар ду. Цундела нохчийн гунахь бац цунна. И йоллу билгалонаш Кадыровн гонна йу – цхьана а кепара ловзарш ма леладе, шуна Iедал дIахеца дагахь цхьа а вац, Iедал Кадыровн берийн карахь дуьссур ду. Оцу принципе хьаьжча, бохчи чуьра доьхна ахча санна и совгIаташ а тIеэгий", - тIетуьйхира эксперто.
Цунна тIетов политолог Преображенский а, оцу кепара совгIаташца Кадыров дIагайта гIерта Нохчийчоьнна а, нохчашна а, шен клан Оьрсийчоьнан федералан политикана мел йукъайогIу.
"Цо дIагойту, Кремлаца шен йолу йукъаметтиг, хIунда ца оьшу "дика дIа а теттина, кхин дика леха", оьшург ду, къаьсттина Путин Владимира гIортор латтон, Нохчийчохь цунна альтернатива йоцу, хир а йоцу Кадыров Рамзане парггIат ла а доьгIуш Iийча. Нохчашна и ойла дIакхачон йеза цуьнан, кест-кеста йух-йуха дага а йоьуйтуш", - дийцира къамелдинчо.
Нагахь санна, дирста а тесна, Кадыров сецон оьшург и делахь, иза уггар а лахара мах бу, боху талламчас Чемберса. Оцу хьолехь Кремло лелориг прагматикан позицешца хIума ду элира цо.
Информацин альтернативе хьастех пайдаэца ца кхоьручу Нохчийчоьнан бахархошна, и совгIташ дар инзаре хета, кхин дIа дийцира Преображенскийс. Кадыров санна болчу нехан бен бала бац цуьнан "кхиамашца" а, цунна хетачуьнца а.
"Царна – нохчийн ницкъахошна а, органийн векалшна а, кхечу нохчийн тайпанашна а – Кадырова Iайшатна совгIат дар йогIуш сигнал хета", - билгалдоккху цо.
Режим дIоггара лартIера йаьлча, цо ша шеца къамелаш до, ша санначарна дIаоьхьу, ша бен ца кхеточу символшца ша чIогIа хилар, тIетуьйхира Преображенскийс
"Эххар а, Кадыровс а, цуьнна доьзало а мах хадор буй шайн адекватехь хиларан Кремльна хетачуьнца а доцуш, гIажаройн аймера пачхьалкхашкара цуьнан доттагIашна хетачуьнца. Ткъа цу монархишкахь оцу тайпа "кӀал-кӀовзарш", совгIаташ декъар, иштта кхин дерг а – цхьа могIарера хIума ду, цхьана къастийначу кланехула пачхьалкхан урхалла дар санна", - дерзийра къамелахочо.
- Кадырова Iайшатан хьал 2021-чу шарахь 50-зза сов кхиъна – 845 эзар соьмана тIера 44 миллионе кхаччалц. Иштта 2021-чу шарахь Нохчийчоьнан культуран министран долахь 1 617 квадратан метарш йолу доккха цIа а, ялх бIе метр лаьтта тIехь ши хIусам а гучуелира – оцу боллу бахаман мах хила тарло 50 миллион сов сом.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нанна Айманина Оьрсийчуьра бусулбанийн лакхара "Аль-Фахр" (йа Сийлаллин орден) йелла. ДIахьедо, совгIат дIадалар нисделла оккупаци йинчу Мариуполера Сулейманан а, Роксоланин а маьждигехь – иза дохийнера Украине Оьрсийчоьнан арми гIоьртинчу хенахь. Кадырова Аймани ша хиллий оцу церемонихь, хаам бина бац.
- Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш хIиттабо регионехь куьйгаллин лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь, къийса хIума ца го цунна шена. "Сайн тешам берриг хIоттаво", - элира Кадыровс.
- Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар. 2018-чу шарахь Оьрсийн "Би-би-си" телеканалан лараршца, Нохчийчуьра 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыров Рамзанан гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн йоI Iайшат, оцу заманчохь 22 шо дара цуьнан, Нохчийчоьнан культурин министр хIоттийра.