Кадыровн гоно дехкинчу бехкашна жоп делла ЧВК "Вагнера"

Пригожин Евгений

ЧВК "Вагнеран" долахочо Пригожин Евгенийс дIахьедина, шена бехкаш дахккал хIума ца го шена, "Ахмат" декъах лаьцна ша аьллачуьнца. Хьалхо цуьнан дешнашна шога жоп деллера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу наха.

Цуьнан пресс-гIуллакххоша зорбане даьхначу бизнесхочун дешнашца, "хIокху дискуссин декъахошна" цуьнан телефонан номер хаьа, цуьнца зIене бовла церан аьтто а бу. Цул совнах, "тIеман министраллин куьйгаллехь болчу хьаькамашна, эскархой хIаллакбечу хьоле балочу а, кхинйолчу СВО-н ледарлонашна а бехкеболу, царна тоьпаш тоха йеза" бохуш ша аьлларг Пригожина тIечIагIдина ("леррина тIеман операци" – иштта олу оьрсийн Iедалхоша Украинехь шаьш болийначу тIамах. – Редакцин билгалдаккхар.).

Билгалдоккху, Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, мехкан цIарах Оьрсийчоьнан парламентера Делимханов Адама а, "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Аптис а хьалхо массарна а хезаш бехкевира Пригожин, Бахмутна гергахь дукха нах хIаллакхиларна а, тIеман гIирс тоьаш бац бохуш, даздина дийцарна а. ТIеман куйгаллина цо шога критика йарна кхерамаш а тийсира цунна.

ЧВК "Вагнер" кхуллуш йукъахь хилла Уткин Дмитрий а къамелана йукъагIоьртира, амма Даудовга хьажийна дара цуьнан вистхилар: "Даим а кийча ду "къонахчо къонахчуьнца" санна къамелдан. Цу тIе вай вовшийн девза Нохчийчохь 1-ра а, 2-гIа а тIемаш боьлхуш дуьйна". И дешнаш тарло кхерамаш туьйсуш аьлла, йиллинчу хьасташкахь йаздина ма-хиллара, Уткин Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцна ву федералан Iедалан агIор, ткъа Кадыров а, цуьнан гонера нах а, Даудов а цхьаьна, уьш Оьрсийчоьнехьа бовллац, вукху агIор бара.

  • Хьалхо, сепаратистийн "ДНР-хь" кадыровхойн тIелатарца йоьзначу керлачу Iалашонех шега хаьттича жоп лучу Пригожина аьллера, шена хууш дац, кадыровхой стенгахь хир болуш бу, хIунда аьлча, тIом боьдучу заманчохь и къайленан информаци йу. "Йоллу "ДНР" маьршайаккха Iалашо ма йац церан. Сан кхетамца, Кадыровс а цунах лаьцна дийцина дац. Шайн къастийначу агIор хир бу уьш, цигахь тIемаш а бийр бу. Кхузахь цхьана а кепара Iиттарш ца го суна".
  • Оцу дешнаша оьгIазло гIаттийра Делимханов Адаман. Оьрсийчоьнан тIеман министралло даим йолахошна гIо деш хиллашехь, "доллу дуьненна проблемех дуьйцу блогер" элира цо Пригожинах. "Вайна массарна а хаьа, Бахмута агIор мел дукха адам хIаллакдина 7-8 баттахь, хьо вара куьйгаллехь. ТIеман министралло оцу 7-8 баттахь мел дукха гIо дира хьуна, тхуна массарна а хаьа, кхузахь мила ву. Хьуна массарначул а дукха кхочура, хIетте а – мел дукха байъинарш бу. Тоьар ду эрна бага йетта", - дIахьедина Делимхановс.
  • Цунна тIаьххьа вистхилира Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнча, "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти. Цо а дIахьедира, "Ахмат" спецназан боллу гIирсаш Пригожинан а бара аьлла. Цул совнах, Алаудиновс массарна а дIахазош даредира, нохчийн декъе сехьабовлура ЧВК "Вагнеран" йолахой – хьалхо уьш цхьаьна хиларх дийца даьккхира хаамийн гIирсашкахь. Сепаратистийн "ДНР-н" йоллу территори мукъайаккха тоъал ницкъ бу нохчийн дакъойн аьлла, дIахьедира командиро.
  • Кху деношкахь тIом зуьйчу америкахойн Институтан аналитикаша дIакхайкхийра, Оьрсийчоьнан Iедалша тIедиллина хир ду нохчийн дакъошна Украинана дуьхьал тIелатар шайна тIелаца, нохчийн куьйгалхочун а Кадыров Рамзанан а, ЧВК "Вагнеран" урхалхочун а йукъаметтигаш йохон аьлла.
  • Нохчийн батальонаш украинхойн Марьинка гIалана улло дIайигна - Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Херсон, Запорожьен мехкашкахь а, сепаратистийн ДНР латтанаш тIехь а хиндолчу тIелатарна кечамбарах дийцира нохчийн Iедалхоша. Iалашонаш йу "цхьа могIа" меттигаш дIалаца олуш - билггал муьлхарш, хууш дац.
  • Стигалкъекъа-беттан 5-хь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс Бахмут гIалана уллохь шен йолахой баларна бехкебира Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгалхо Шойгу Сергей, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а. Уьш баларан бахьана дара, цо дийцарехь, царна 70% тIеман гIирс цатоар. ТIаьхьо Пригожина ша шен нах цигара дIабуьгу элира. Кадыровс "Ахмат" батальон Бахмуте дехьайаккха ша реза вуйла хаийтира. ЧВК"Вагнеран" куьйгалхо цо аьллачунна тIетайра. Амма цу дийннахь хиира, ТIеман министралло Пригожинна оьшу тIеман гIирс лур бу аьллийла.
  • Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хастийра тIеман министралла а, цуьнан куьйгаллера Шойгу Сергей а, иштта оьрсийн тIеман эскарийн Коьртачу штабан хьаькам а. ДIахьедира, оьрсийн тIемалоша "хьекъале тактика" лелайо Украинерчу тIамехь аьлла. Оцу йукъанна, йуьхь-дуьххьал дIа а ца олуш, Кадыровс хьалхо масийттазза критика йира тIемаш барна а, къаьстинчу командирашна а. Цуьнан мах хадор цхьаьна догIура дукха хьолахь ЧВК "Вагнеран" долахочуьнца Пригожина Евгенийца.