Кадыровн говр лачкъор толлуш гIо дехна Чехин полицино кхечу пачхьалкхашка

Чехира лачкъийна, цIайалийначу Зазуна Соьлжа-ГIалахь дуьхьалваьлла Кадыров Рамзан Цуьнан телеграм-каналера видео йуккъера скриншот

Стохка зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан говр лачкъор толлуш йу Чехин полицин. Таллам беш гIо дехна кхечу пачхьалкхашка, карарчу хенахь цаьргара жоп даре хьуьйсуш бу, хаамбина Кавказ.Реалии сайте Чехин полицин пресс-гIуллакххоша.

"Дуьненайукъарчу бакъонехь йукъахьболхбаран гурашкахь дIахьош ду бехкзуламан гIуллакхаш, тхо масех пачхьалкхе девлла, тхайн дехар кхочушдаре хьуьйсуш ду, масех батте дахло сатийсар дукха хьолахь. Оцу йукъанна дийнатан ДНК билгалйаккха генетикан экспертиза йу дIахьош", - аьлла ду официалан жоьпехь.

Карладоккху, Зазу Чехин малхбузехь Крабчице эвлахь божалахь латтош йара. ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа 2014-чу шарахь говр лаьцна йитинера. Доккхачу декъанна говр Евробертан махкара арайаккха йиш йолуш йацара, ткъа говраш хохкучехь цо бина пайда Кадыровн чоьта тIе дIахьажон ца мегара.

16 шо долу говр лачкъор гучуделира 2023-чу шеран зазадокху-баттахь. Цуьнан мах хадийра полицино 400 эзар чехийн кронашкахь (1,5 миллион сом хуьлу и Оьрсийчоьна Коьртачу банкан курсаца лерича). Кадыров Рамзана дIахьедира, Зазун мах мел лахара а 10 миллион долларшкахь бу аьлла.

Ши бутт баьлча Кадыровс хаамбира, говр лачкъор хьехнера шена украинхойн къайлахчу сервисаша, уьш Чехин полицица бертахь хиллера. И гIуллакх дийриг – 18 эзар долларш дехнера аьлла. Кадыровн дIахьедар тергал дан ца лиира хIетахь Чехин полицина, цара тIетуьйхира, къоладар толур ду шаьш аьлла.

Кхин а ши де даьлча, 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 17-чохь, Зазу Нохчийчу кхачийра. Кадыровс видео хIоттийра, Соьлжа-ГIалахь говр схьайалош дуьхьал ваьлла. Билгалонан таммагIаш дара – "седарчий" – хьаж тIехь, хьалхо Зазун зорбане даьхначу суьрташ тIехь а йара оцу кепара "седарчийн" билгалонаш.

Регионан куьйгалхочо тIаккха чIагIонаш йора, "шен наха" говр лачкъош гIо дина бохучу Украинан къайлахчу сервисийн векалшна лур ду аьлла ахча ца делира ша бохуш. "Цара шайн йукъаметтигаш къасточу заманчохь", "говр схьайалийра" аьлла цо.

  • Чехийн Jezdci.cz сайто йаздарехь, Зазу лачкъо гIиртира 2022-чу шеран дечкен-баттахь а, Оьрсийчоь Украине чугIорта кIезга хан йиссале – хIетахь оьрсийн мотт буьйцу ши стаг гIоьртина хиллера говр Польше дIайига, амма божалан долахочо дуьхьало йина царна.
  • Зазу цIе йолчу говран баккъалла болчу мехах лаьцна хIумма а хууш дацара. 2015-чу шарахь Кадыровн говранийн Чехерчу тренеро Шавуев Арслангирейс дийцира Радио Свободе, божал чохь латтош нохчийн политикан пхи говр йу, шайлахь лачкъийна йолу Зазу а йолуш – цуьнан баккъалла болу мах Шавуевс ца элира, "вуно дукха ахча доьхура цунах", аьлла билгалдоккхуш. Цо бахарехь, кхинйолчу цуьнан говранийн мехаш 15 тIера 140 эзар евро кхачалц бу (таханалерачу курсаца, 15,8 а, 147,5 эзар а долларш).
  • Зазу говр тоххара а йийцира хаамийн гIирсашкахь – 2014-чу шарахь Германихь говраш хахкар вовшахтоьхнарш, ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа тоьхна Европан санкцеш бахьана долуш, цо даьккхина 2 эзар евро дIадала дуьхьал хилира. 2015-чу шарахь Кадыров Рамзанна дихкира говраш хахкарехь толам баьккхича хилла пайда дIаэца а, говраш дIайохка а – уьш Чехихь йисира (говраш хохкучохь даьккхинчу ахчанах дийнаташна йуург-мерг латтайора, царна тIехь Iуналла дечарна а лора).