Кадыровн хIолламна улло хьакхин корта биллина кхиазхо Краснодарера СИЗО хьажийна

Кадыров Ахьмадан суьртана хьалха ву Кадыров Рамзан (архивера сурт)

Москвахь веха Кудряшов Дмитрий Краснодарера номер 1 йолчу СИЗО хьажийна, гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан хиллачу куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан Къилбан Бутовера хIолламна улло хьакхин корта билларна. Цунах лаьцна хаамбина ОВД-инфо ресурсо Кудряшовн дена тIетевжина.

19 шо долу Кудряшов Дмитрий Москва веанера Барнаулера. Baza телеграм-каналан хаамашца, Москвахь керла маьждиг деш ду аьлла шена хезначул тIаьхьа 15 шо долчу шен доттагI йолчу йоIаца цхьаьна акци хIоттон дагадеара цунна хьакхин корта Кадыровн хIолламна гергахь охьа а буьллуш. Лаьцначу Кудряшов Александран дас чIагIдо, дин аьшнашдан дагахь вацара шен кIант, Кадыров Рамзана лелочунна ша реза вацар дIахаийта лууш вара аьлла.

Дмитрийца цхьаьна лаьцна цуьнан йоI а, цу шинна а вандализм лелорна артиклехь бехкаш дохкур лу, делахь а, йоIан кхолламах хIинца а хууш дац. Шен йезар лаьцний хиъначул тIаьхьа Кудряшов Краснодаре дIавахара, Оьрсийчуьра а аравала дагахь хиллера иза: цунах лаьцна ОВД-Инфога хаамбина "Нацдем" боламо. ГIуран-баттахь жимстаг а лецира.

Кудряшов Москвара дIавахначул тIаьхьа ницкъахой баьхкинера цуьнан да волчу. Иза бехкевира кега-мерса хулиганаалла лелорна, массарна а хезаш боьха мотт буьйцура цо боху. "Къилба Бутово" полисхойн декъе валийра иза, кIантана дуьхьал тоьшалла де бохура цуьнга, цул тIаьхьа кхо дей-буьйсий чохь даккхийтира цуьнга.

  • Стигалкъекъа-баттахь Волгоградехь лецира, КъорIан дагийна аьлла 19 шо долу Журавель Никита.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца Журавелян гIуллакх Нохчийчу дIаделира, "Нохчийчоьнан дуккхаъчу бахархоша шаьш волайнхой хилар тIелаца" бахарна.
  • Кавказ.Реалиино масийттаза йаздира Кадыров Ахьмадан культах лаьцна, эксперташна хетарехь, Нохчийчохь "динан аматаш" оьцуш, махкал арахьа йаьржаш йолу.