Нохчийчоьнан урхалхочун йоI, 19 шо долу Кадырова Табарик, Соьлжа-ГIалара йеа компанин долахо хилла, йукъахь кхин цхьа а воцуш – царех цхьаммо лелор йу ресторанан бизнес.
Кадырова Табарикан цIе йазйина марсхьокху-беттан 15-чохь "Берекет", "Тийналла", "Минутка", "Альпийские луга" компанийн документаш тIехь долахо йу аьлла. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа оцу фирмийн урхалла дора "Ирс групп" компанехула. Йиллинчу хьасташкара информацица, "Альпийские луга" компани йиллинарг хийцинчул тIаьхьа регистраци йеш керла сфера йазйира – ресторанийн а, кафен а болх аьлла.
"Ирс группин" куьйгакIел кхачале хьалха "Минутка" компани Альвиев Халидан йара – хетарехь, Кадыровн Рамзанан гонашкара бизнесменан Альвиев Мовсадин кIентан. Иттаннашкахь компанеш йехкина ву Альвиев-воккхахверг, "Грозный-Ситин" директор а иза ву. Цуьнан ахчанах аренде эцна ду "Оьрсийн спецназан университет" йан Гуьмсера латта а. Цигахь кечбо Украинерчу тIаме хьийсон эскархой.
- Зазадокху-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан урхалхочун йоI Кадыров Табарик хилира "Ирс Групп" компани йиллинарг. Цуьнан карахь йу йукъараллин уставан капиталан 99%. Йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу цу компанино лелош - ресторан тIера дIайолайелла гIишлошна тIехь урхалла даре кхаччалц. "Ирс Групп" компанин регистраци чекхйаьлла масех кIира далале йоьллу цо фирма "Берекет" (юстуш йухку сурсаташ), "Альпийские луга" (бепиг, мерза хIума йаттар), "Грозненское такси"(таксхойн болх).
- "Ирс Групп" шен болх шуьйро баржон дагахь йу - (юстуш йухку сурсаташ), оьрсийн а, кхечу пачхьалкхийн а брендашца, франшизашца уьйраш тасар, гостиницийн, ресторанийн бизнес, реклама, йохкар, эцар, хIусамийн аренда а",- элира компанин презентацехь Кадырова Табарика.
- Марсхьокху-баттахь Кадырова Табарикца йоьзначу НКО-на грант кхечира бизнесна гIоьнна кхо миллион гергга сом. Грант кхаьчна коммерцица йоьзна йоцчу "Единство" организаци йиллина Межидова Лаура оцу йукъанна "Ирс групп" йиллинчех лоруш а йу.
- Президентан Путин Владимиран омраца национализаци йинчу Danone, "Балтика" компанийн урхалла дан хIоттийра Кавказера бахархой: 32 шо долу Кадыров Рамзанан йишин кIант Закриев Якъуб а, Къилбаседа ХIирийчуьра 70 шо долу бизнесхо Боллоев Таймураз а. Экспертийн жамIашца, муьтIахь йолчу элиташна ресурсаш йекъар ду и.
- Украинин президенто Зеленский Владимира оханан-беттан 1-хь керла санкцеш йукъайаьхна. Царна йуккъелаьцна цхьаболу Оьрсийчоьнан махкахой а, компанеш а. Цу могIарехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик. КадыровгIеран доьзална хIун тIеIаткъам бийр бу цу санкцеша, аьлла хеттарш дийцаредира Кавказ.Реалии сайто эксперташца.