Кадыровн кIанта КъурIан дагорна шеконашкахь волчунна йеттаро оьгIазе бина депутаташ а, йукъаралхой а

Кадыров Адам

Гезгмашин-беттан 25-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен 15 шо долчу кIанта Адама КъурIан дагорна шеконашкахь латточу Журавель Никитина йеттар гойтучу видеоно оьгIазе бина депутаташ, йукъараллин гIуллакххой, политологаш, бевзаш болу журналисташ – Кремлна оппозицехь берш а, Iедалехьа берш а. Амма низам лардаран органаша хIинца а гуш-хезаш реакци йина йац.

Пачхьалкхан думерчу "Новые люди" партин декъашхоша йемалдина Кадыров Рамзанан а, Адаман а лелар – парламентан вице-спикеро Даванков Владислава а, Iилманан а, лаккхарчу доьшийлан хьалханчан гIовсас Горячева Ксенияс а.

"Нохчийчохь вуно доьналла долу нах беха. Оцу кепарчу хаамаша йух-йуха бохабо стереотипашца къийсам латторан болх. Оцу кепара хаамаш бац Нохчийчуьра кхача безарш. Оцу кепара лелар дац дозаллашца гайта дезарг", – билгалдоккху Горячевас.

"Наханна йетта ца мега, низамехь дац иза. Зуламхошна таIзар хоржург кхел йу. Кхел бен кхин цхьа вац", – иштта комментари йина оцу видеона пачхьалкхан думан хаамийн политикан хьалханчан гIовсас, пропагандин "60 минот" олу программа дIахьош волчу Попов Евгенийс ("Единая Россия").

Красноярскан мехкан низамаш кхолларан кхеташонан депутата Кулеш Алексейс ("Единая Россия") и видео "ирча" йу аьлла. Адама "берехь ца хуьлучу къизаллица" йетта дала орца доцучу лаьцначунна, "динца болчу шен цабезам бахьанехь", аьлла тIетоьхна цо.

"И видео ирча стенна йу аьлча, оьрсийн регионан куьйгалхочо, воккхавеш, шен кIанта динарг къобалдеш, шена цунах хIумма хир доцийла хууш, видео арахецарна", – дIахьедина "Единая Россиян" векало, Талламан комитете реакци йар хьоьхуш.

"Яблоко" партин федералан кхеташонан декъашхочо, Псковерчу депутатийн кхеташонийн экс-депутата Шлосберг Лево Кадыровс хIоттийначу постана комментари йеш дIахьедира: Нохчийчоьнан куьйгалхо тешна ву, шен доьзална хIумма хир доцийла, тIаккха республика "йозуш йоцуш" хета цунна, низамаш, федералан Iедал ца лелаш. "Кадыров Рамзанна гергахь Путин "крестный отец" санна ву. Кадыровн йерриг таронаш а, Iедал а Путина сирладаьккхина ду", – билгалдаьккхина политоко, журналисто.

Iедалехьа волчу политолого, 2012 шарахь хиллачу харжамашкахь Путинан тешаме векал хилла волчу Марков Сергейс аьлла, "Кадыров Рамзанан могушалла ледара йу боху хаамаш бицбайтархьама" оьшуш хилла и видео арахецар.

Волгоградерчу тIамна дуьхьал болчу "Дозор" боламо Журавельна йеттарна тIехула бехктакхаман гIуллакх долор дехна. Кавказ.Реалиин сайте "Дозоран" куьйгалхочо Кочегин Евгенийс дийцина ма-хиллара, пачхьалкхан думан депутаташка бовла дагахь бу уьш, цаьрга оцу кепара арз прокуратуре, Талламан комитете дахьийта.

Журавель Никитан нана дуьхьал хилла, Кадыров Адама шен кIантана йеттарх комментареш йан. Таллам боьдучу йукъанна а, видео арахецначул тIаьхьа а йист ца хуьлуш Iаш йу Журавель Наталья, йаздина "Волгоград-онлайн" гIирсо.

"Новости Волгограда" телеграм-канало гезгмашин-беттан 25-хь хаттар арахийцира – цигахь эзар сов стага дакъалецира. Карарчу хенахь царах 46% стаг дуьхьал хилла Кадыров Адама диначунна, дерриг низамца хила дезарх дIахьедеш. Кхин 22% наханна ца кхета, Журавель Нохчийчу стенна вигина, тIаккха 4% нахана бен нийса ца хийтира КадыровгIеран лелар.

ЧГТРК "Грозный" телехьожийло а оцу кепара хаттар деш пост хIоттийра. Гезгмашин-беттан 5-чу сарахь Москван хенаца 20 сахьт даьлча цигахь дакъалецира 40 эзар гергга стага, царах "реза ву" хаьржинера 17% кхаж тесначара. Цу буса 23 сахьт даьлча хьал хийцаделира – 180 эзар стага тессинера кхаж, резаболчу нехан терахь 44% хьаладелира.

Хьалхо Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векалйина йолу Москалькова Татьяна, Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан хьалханча Фадеев Валерий, кхеташонан кхинболу декъашхой а бистхилира оцу видеона хьокъехь. Нохчийчоьнан лаккхарчу хьакамаша Кадыров Адамах баккхийбеш тIеийцира Кадыров Рамзана хIоттийна видео. Кадыров Равмзана телехьожийлан белхахочуьнга Собчак Ксенияга телефон тоьхна. Собчака бахарехь, Кадыровс тIедожийна, шен доьзалх лаьцна ца йаздар.

  • Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александран омраца дIаделира Журавель Никитин гIуллакх Нохчийчу, иза цига дIа а вуьгаш. "Цу республикерчу дукхачу наха шаьш зен хилларш бу аьлла билгалбаха бохуш дехарш дарца" доьзна ду бохура иза. Оьрсийчоьнан юстицин министр тIетайра оцу сацамна.
  • КъурIан дагор йемалдеш митинг хIоттийра Соьлжа-ГIалахь стигалкъекъа-беттан 27-чохь, - автозакчохь Нохчийчу схьавалийна 19 шо долу Журавель Никита тIеийцира цара. Кадыров Рамзанан суьрташ дара церан карахь, "Деза йозанаш ма хьеде!", "Ислам – дикаллин дин ду", "Вен веза" бохуш, тIейаздина плакаташ а.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан масштабера скандалашна йукъахь: тIаьххьара Iедалхоша дIахьедира, КъорIан дагийна аьлла, Соьлжа-ГIала валийначу Журавель Никитина цо йеттарх. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.