Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула волчу векалан аппарато бехказло хӀоттийна, кIелхьарбовлуш жоп делла, КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалахь лаьцна латточу Журавель Никитина йеттарна. Йахначу аьхка ницкъбинера цунна Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама, цу хенахь 15 шо дара цуьнан.
Адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчун аппарато (УПЧ) инцидентана комментарий ца йина, тIетевжина уьш гезгамашин-баттахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Соьлжа-ГIаларчу коьртачу урхалло бинчу талламна. Цуьнан хьесапашца, йиттинв аьлла бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдан реза ца хилла "зулам дина меттиг бац" аьлла.
Кхаарин дийнахь телеграм-каналаша зорбане даьккхинчу адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчун аппарато деллачу жоьпа тIехь хIоттийна терахь ду чиллан-беттан 5-гIа, цу тIехь билгалйаьккхина Григоров Владислав Васильевичан цIе. Валайнхойн а, кхинболчу бехкзуламан процессан декъахойн а бакъонаш Iалашйечу декъан куьйгалхо ву иза.
- Журавель Никита – аннекси йинчу ГIирмин вахархо ву. Оьрсийчоьнна талламо чIагIдарехь, стохка стигалкъекъа-баттахь "Украинан къайлахчу сервисийн тIедилларца" КъорIан дагийна цо. И верси бакъйеш цхьана а кепара тоьшаллаш далийна дац. Ша Журавеля хьалхо гечдар дийхира бусалба нахе шегара даьллачунна.
- Стохка бIаьста Москван тIедилларца Журавельца цхьаьна цуьнан гIуллакх листар Нохчийчу дIакхачийра, махкарчу бахархоша шаьш волайнахой лара аьлла, дуккха а дехарш дарна аьлла. Лелаш долчу низамашца гIуллакх кхечухьа дIадала бух лорийла дацара цунах. Нохчийн 13 имам ву Журавель Никитас динчунна тIехула шаьш волайнарш ду аьлла, дIахьединчех.
- Журавель Никитина йеттарх лаьцна гIараделира марсхьокху-беттан 16-чохь, нохчийн омбудсмено Солтаев Мансура цунах лаьцна дIахьедича. Лаьцначо латкъам бинера аьллачу цо билгалдаьккхира, талламбар шена тIедиллинарг Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна йара аьлла. Нохчийчуьра Оьрсийчоьно дIахIиттийна лаккхарчу хьаькамаша къобалдира лаьцначунна тIехь ницкъбар.
- ТIаьхьо Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийра Журавельна йеттачу заманчохь дIайазйина видео. Ша дозалла до шен кIантах элира цо.
- Лаьцначунна йиттинчул тIаьхьа Кадыров Адамна масех официалан совгIат а, дарж а делира, доккхачу декъана Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йукъайогIучу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан куратор вира цунах. Дечкен-баттахь оцу даржехь а волуш, цо кхерамаш тийсира Малхбузера а, Украинера а шен ден "мостагIашна".