Кадыровн кIенташна-кхиазхошна совгIат дина "терроризмаца къийсам латторна"

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен вешин кIантаца а, шен воIаршца Ахьмадца а, Элица а, Адамца а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан воIаршна, 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а "Терроризмаца къийсам латторна" аьлла билгалбохуш, совгIаташ дина. Цунах лаьцна хаамбина республикерчу къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада.

Оцу билгалонца стенна къастийна КадыровгIар, хууш дац. Дудаевс дIахьедина, и шиъ даймехкан патриоташ хилар а, "деден весеташ", Кадыров Ахьмадан, кхочушдеш, схьавогIуш хилар.

Пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталлин сайтехь бечу хаамца, КадыровгIарна совгIаташ дIакхачийна махкарчу МВД-н урхаллин куьйгалхочо Алханов Руслана а, Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин хьаькамо Делимханов Шарипа а.

2015-чу шарахь "Терроризмаца къийсам" латторна аьлла, дуьххьара и совгIат дира Кадыров Рамзанна. Цунна тIаьххье совгIат дира цуьнца мехкан урхалхочун ненайишина Ибрагимова Уманина а, ницкъахошна герз диттинера аьлла, 2019-чу шеран гезгамашин -баттахь жимстаг вийначу ДПС-н шина белхахочунна а

  • БерхIийтта шерашка бовлаза Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIентий Эли а (Зеламха), Адам а чиллан-баттахь хаабелира Дубайхь машенийн урхалла деш. Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн низамаш дохадо цо, 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен ца мега цигахь машен лело.
  • Нохчийчохь "къоман съездехь" мидалш йелира "Хьакъволу Нохчийчоьнан бакъоларйархо" аьлла мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан нанна Кадырова Айманина а, иштта дена Кадыров Ахьмадна а.
  • Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана хийцамаш бина республикан Конституцихь – цуьнан даржана тIетоьхна "Мехк-Да" аьлла.