Кадыровн критикаша дӀакхайкхийна Нохчийчуьра вахархо ницкъахоша лачкъийна хилар

Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан дозанал арахьара нохчийн оппозицин NIYSO телеграм-канало дӀахьедар дира, республикерчу Куьрчала- кӀоштарчу Иласхан-Юьртара вахархо кадыровхоша лачкъийна хиларх лаьцна.

Жигархоша дийцарехь, вуьйцург Ахмадов Адам ву, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан кIоштан урхаллехь масех динахь лаьцна латтош волу. Кхин дерг хууш дац, Соьлжа-гIалахь комментари ца йо Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикаша динчу дӀахьедаршна.

Де хьалха, оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан авторша дӀахьедира республикехь Идигов Лом-Ӏела лачкъорх лаьцна, Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран шичин кIант. И хаам тӀечӀагӀбира Кавказ.Реалиин редакцин хьостано.

Де хьалха жигархоша иштта дийцира дукха хан йоццуш Мисарара Оьрсийчу дӀавелла нохчо Мусаев Юсуп тӀепаза вайна аьлла. 1АДАТ-о дийцарехь, иза а лачкъийна хила тарло кадыровхоша.

  • Кху шеран гурахь а, аьхка а масийта стаг лачкъийра Нохчийчохь. Иштта дӀахьедар дина Оьрсийчоьнал арахьарчу Кадыровн критикаша. Цхьаболу нах билггал лечкъийна хилар тӀечӀагӀдира "Мемориалан" хьостанаша а.