Кадыровн могушалла хийцайалар  бакъ деш, тIечIагIдо "Новая газетан" хьостанаша

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2023-чу шеран зазадокху-бутт

Масех шо а ду Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан дарба ца хуьлучу луьрачу цамгаро хьийзаво. Цу цамгаро цуьнан йерриге могушалла галйаккха тарло, стохкалерчу мангалан-баттахь дуьйна схьа хьал гуттар чолхе дирзина, бохуш дуьйцу "Новая газета"-гIирсо, шен хьостанийн хаамашна тIе а тевжаш.

Газето дийцарехь, Кадыровна йолу цамгар йукъ-кара лазаме мур богIуш, схьайогIу. Ткъа цуьнан халла садеIар пехаш дика цахиларан, жаннаш цомгуш хиларан билгало йу.

Цуьнан могушалла дикка талхаран тоьшаллаш ду, цо шен бераш СМИ-гIирсашкахь гIарадахар. Дуьйцуш дерг цуьнан бераш Украине дахар, цуьнан воккхах волчу кIентан Кадыров Ахьмадан Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхетар хилар, цуьнан бераша республикин дахарехь жигара дакъалацар ду.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушаллех дуьххьара чиллин-беттан йуьххьехь дийца долийра. Иштта - Кадыровн хила тарлуш йолчу цамгарах, наркотикех возушхиларах хаамаш бира Закаев Ахьмада. Зазадоккху-баттахь немцойн таблоидо Bild - Закаевн къамелана тIе а тевжаш, Кадыровн жаннаш дика дац, цуьнан йуьхь йистина йу аьлла, дийцира. Сайто яздира Абу-Дабера Соьлжа-гIала кхайкхинчу нефрологах - Ясин Ибрагим М. Эль Шахату.

Куьйгалхочунна оппозицехь йолчу NIYSO телеграм-канало а хьахийра Кадыровн цамгар. 1АДАТ боламан хьалханчас "башха доккха хIума дац цунна хилларг",- аьлла, дерзийра.

Зазадоккху-беттан йуккъехь, Кремле ваханчул тIаьхьа шен цамгарах дерг дIатоттуш, пост йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, "со могуш ву, сан шортта ницкъ бу" аьлла.

  • Республикехь чолхедала тарлочу йуккъерчу дуьхьаллонан хьолана сагатдеш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Нагахь иза хилахь, цуьнан олалла кIеладиса тарло, бохуш дуьйцу (ISW) - тIом талларан Институто. Экспертийн хаамашца, Гуьмсехь хиллачу, ницкъахоша меттигера ши вахархо вуьйш герз кхийссаршна жигара а, дIагойттуш реакци цо йаро гойту и.
  • Кадыров Путинах дикка озалуш ву: шен эскархой Украинерчу тIаманна пайденна цахиларна, шен меттиг галйаларна кхоьру. Иза тидаме эцна (ISW) ТIом талларан институтерчу эксперташа, шина куьйгалхочун хиллачу цхьаьнакхетаран хьесап деш.
  • Кху кIирнахь Кадыров Рамзанан 17 шо долу кIант Кадыров Ахьмат Азербайджане вахара, экономикан а, экологин а министраллийн куьйгалхошца цхьаьнакхета. Шен 16 шо долуш Кадыров Ахьмат махкарчу берийн а, кегирхойн а боламан кхеташонан куьйгалхо хаьржира.