"Кадыровн ницкъан гIирс механа базлуш бу": Пригожин кхалхарх Нохчийчоьнан куьйгалхочунна йуьсу тIаьхье

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ЧВК "Вагнеран" долахо Пригожин Евгений а. Соьлжа-ГIала, 2023-чу шеран оханан-бутт. Кадыровн телеграм-каналера сурт

Санкт-Петербургехь дIавоьллина ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо Пригожин Евгений. Оьрсийчоьнан Турпалхо дIавуллуш ларамца барам хIоттош Iедал ду, амма иза лаьтте кховдош хIаваэ герзаш ца кхийсира, йа совнах тешаш бацара цигахь. Ца веара цига йа президент Путин Владимир а, тIеман министраллина дуьхьал вистхуьлучу хенахь "хьомсара ваша" а баьхна, тIаьхьо ойла хийцина йа Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Редакцино хеттарш дина эксперташ тешна бу: Пригожин "дIаваккхар" Кадыровгахьа ду" аьлла.

Африкера йуьхь

ЧВК "Вагнеран" долахочух ша тIаьххьара йазйинчу постехь Кадыровс дIахьедира, Пригожинан а, шен а доттагIалла долу "дуккха а хан йара" аьлла. Ткъа цунна гIо лецира Нохчийчоьнан урхалхочо бахархошлахь Ливихь тIом боьдучу хенахь. 2014-чу шарахь болабелира Ливихь бахархойн тIом, лаьттира и йалх шарахь, Женевехь герзаш совцош бертана куьйгаш йаздаллалц. Оцу хене кхаччалц пачхьалкхана тIехь урхалла дар къовсуш бара ООН-н эгидаца кхоьллина къоман бертан куьйгалла. Шен эскарца Хафтар Халиф а, "Исламан пачхьалкхан" террорхой а.

ООН-н кхерамзаллин Кхеташоно дихкина дара кхечу пачхьалкхашкара наха Ливира тIамехь дакъалацар, амма Оьрсийчоь масийттазза бехкейира Хафтаран армина тIехIиттарна. Оцу пачхьалкхехь, йа цуьнан дозанехь оьрсийн спецназ хаайаларал совнах, кьаьстира, конфликтехь дакъалоцуш ЧВК "Вагнеран" йолахой хилар а. ХIетахь Ливин векалш Оьрсийчу леста буьйлабелира – уггар а хьалха дукха хьолахь Соьлжа-ГIалахь совцура уьш, цул тIаьхьа Москва боьлхура.

Рамзан чIогIа дика кхеташ ву, шен "импери" хене йийлар Путинах доьзна дуй

Къайлах мохь деъхьабаккхарна Ливихь лецна оьрсийн хIордахой маьршабохуш вара Кадыров, ткъа цуьнан бIанакъост, Оьрсийчоьнан думин депутат Делимханов Адам тIом болабеллачул тIаьхьа Ливихь бисина Оьрсийчоьнан бахархой цIа берзочу белхан куьйгалле хIоьттира. Билггал нохчийн ницкъахоша тIемашкахь дакъалацарх тоьшаллаш доццушехь, хетарехь, Пригожинан а, Кадыровн а оцу пачхьалкхера интересаш цхьаьнайогIура.

Цул совнах ЧВК "Вагнеран" йолахой а, кадыровхой а гучубевлира Шемахь 2011-чу шарахь болийна, тахана а сацанза болчу тIамехь. Нохчийн ницкъахой Алеппохь хиларх хиира, Пригожинан йолахоша тIамехь дакъалоцуш хилар гучудалале. Кавказ.Реалиин сайто йаздира цунах лаьцна 2016-чу шеран гIуран-баттахь, ши бутт баьллачул тIаьхьа Кадыровс бакъ дира и. Шемахь ЧВК "Вагнеран" йолахой байарх информаци гучуйелира 2018-чу шарахь. Оцу конфликтехь Оьрсийчоь президентан Асад Башаран ницкъашкахьа йара.

Кадыровс чIагIдарца, 2021-чу шеран зазадокху-баттахь Пригожина ЧВК-н дашон мидал йелира цунна "Къаьсттина хьакъ хиларна" аьлла. ХIун гIуллакхаш ша дина ца дийцира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, совгIат дIадалар йуьхь-дуьхьал нисделира цуьнан резиденцихь. Кадыровс ма-йаздарра, Пригожин хIара волчу Соьлжа-ГIала вогIура "цо схьа ма кхойккху".

Нахана хьалха доттагIалла

2021-чу шарахь Нохчийчоьнан урхалхочо дуьххьара хьахийра Пригожин Евгений шен телеграм-каналехь. ХIетахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн талламийн Федералан бюрос лехамашка веллера ЧВК-н долахо, 25- эзар долларшкахь мах лур бу аьллера цунах лаьцна информаци йеллачунна. "ГIемаш таллар" ду иза элира хIетахь Пригожина, ткъа Кадыров Рамзана ФБР-на хьийхира "Путинан кхачанхо", цуьнах зорбанашкахь олуш ма-хиллара, Соьлжа-ГIалара дIавига элира. Оцу заманчохь хетарехь Пригожин иза волчахь хьошалгIахь хиллера.

ЧВК-н долахо тIехIоьттира Нохчийчоьнан урхалхочунна, хIетахь кхел йоцуш республикехь нах байарх рогIера тоьшаллаш зорбане дахарна "Новая газетаца" конфликт иккхинера цуьнан. Ткъа 2022-чу шеран йуьххьехь Пригожина хьийхира Кадыровна Санкт-Петербургехь "къепе меттахIоттор", меттигерчу Iедалхошца шен дов даьлча йаьккхинера цо цуьнан цIе.

Йукъаметтиг чIагIйелира Кадыров Рамзанан а, Пригожин Евгенийн а 2022-чу шерахь Оьрсийчоьнан эскарш Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа. Нохчийчуьра лаамхой олурш тIамтIехь ЧВК "Вагнере" хьийсор доцург а, лаккхарчу даржхойх Кадыров цхьаъ бен воцург ву, йолахойн куьйгалхочунна цуьнан тIеман министраллина дуьхьал иккхинчу конфликтехь тIетайнарг. ХIетахь Пригожина критика йира Шойгу Сергейна тIеман гIирс цатоарна, ткъа инарла-лейтенантана Лапин Александрна – тIамтIехь кхиамаш цабахарна. "Коьртачу штабехь кIелхьарвоху" инарла "похIмадоцург" ву элира Кадыровс.

Сигналаш кхочура, цара ала меттиг буьтура, Кадыров дIаваккха гIоьртинера аьлла

Нохчийчоьнан куьйгалхочо "хьомсара ваша" баьхна Пригожин дарбанан цIийнехь политикан бIанакъосташна тIе а хIуьттура, Кадыровца гергарло теснера цо, шен долахь эскар вовшахтоха ойла а хиллера эццахь Кадыровн. Делахь а, зазадокху-баттахь Москвахь хиллачул тIаьхьа шен ойла хийцира Кадыровс цIеххьана. "Хьекъале" хIума ду элира цо тIеман министралло мел дийриг, ткъа патармаш тоаме бац бохуш, латкъамаш бийраш шаьш бехке бу бохура.

Оцу дешнашна хIетахь Пригожина жоп ца делира, амма "вежарий" хиллачу шиннан йукъаметтигаш гамйелира. Мангал-беттан йуьххьехь массарна а гергахь, шайн бIанакъостий йукъа а балош, къийсамаш хилира церан, хьенан тIеман дакъа пайден ду бохуш. Масех де даьлча нохчийн "Ахмат" декъо "лаамхойн" тобанхойх уггар а хьалха контракт дира тIеман министраллица – ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочунна хIуьттарена.Ткъа бутт бовш кадыровхой Ростов-на-Дону гIала баха новкъабевлира, тIеман бунт гIаттийначу йолахошкара гIала схьайаккха Iалашонца. ТIеттIа ца кхечира уьш: нохчийн эскархой севцира Ростов чувуллучохь, ткъа Пригожин реза хилира Беларуси дехьавала.

ЧВК "Вагнеран" "Нийсонан маршах" лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхо вистхилира цул тIаьхьа 12 сахьт даьллачул тIаьхьа, Путин цунах лаьцна дош аьлча.

Цунна тIаьххье Кадыровс бунт гIаттор "йамартло" йара элира. ТIаьхьо хаамбора, Украинерчу тIамтIехь йолахойн метта Нохчийчуьра эскархой хир бу бохуш.

Талламо официалехь Пригожин валарх дIахьедале, амма Путин вистхиллачул тIаьхьа, кема чударах йуха а комментарий йира Нохчийчоьнан урхалхочо.

Кадыровс кадам бира ЧВК-н долахочун доьзале, иза "Iаламат чIогIа ийна, къарлур воцуш стаг вара" аьлла, билгалдоккхуш. Иштта дIахьедира, Пригожинна "тIаьхьарчу хенахь йа ца гора, йа ган ца лаьара пачхьалкхехь хуьлуш долчух ма-дарра дерг". Пригожин вала хьаьхна ву ала гIератарий Нохчийчоьнан куьйгалхо, ца билгал ца даьккхира.

Кадыров Рамзанан статус-кво

Кавказ.Реалиин сайто хеттарш динчу эксперташна хетарехь, Пригожин валар, йа иза велла аьлла кеп хIоттийнехь а, Кадыров Рамзанехьа долуш ду: ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо билггал кхераме вара Нохчийчоьнан урхалхочунна тIамехь цуьнан йолахой хIайт аьлла хиларна – Кадыровн дакъошка диллича. Ткъа Оьрсийчуьра Пригожинан бизнесо, импери ма йара иза, дикка новкъарло йан тарлора "Кадыровн империна", тешна ву Карловн университетан талламча Сулейманов Эмиль.

"Рамзан дукха дика кхеташ ма ву, цуьнан шен "импери" дийна йиссар Путинан гIоьнах доьзна хилар. Президент цуьнгахьа хилахь, Оьрсийчоьнан ницкъахой цкъа а хIуттур бац Кадыровна зен дан. Путин чIагIваларо [велла боху Пригожин новкъара ваьллачул тIаьхьа] чIагIво Кадыров а", - аьлла хета къамел дечунна.

Пригожинан кема чудеана аьлла хаам бинчул тIаьхьа шен телеграм-каналехь журналисто Собчак Ксенияс йаздира: "Оьрсийчохь долахь ши арми йара, центро тIехь контроль ца латтош: хьалхара – Пригожинан, шолгIа – Кадыровн. Цхьаъ йиссина".

Пригожин дIаваккхар Кадыровгахь а долуш ду – цуьнан долара ницкъаллин ресурс механа базлур бу

Цхьаболчу хаамийн гIирсашна хийтира, дIабохучу нехан тептарехь рогIехь Кадыров ву бохург и ду. Амма политологна Преображенский Иванна хетарехь, хIинца Кадыров кхин тIе а ларвечу хьолехь хир ву.

"[Пригожин валар кхайкхадале] сигналаш кхочура, цара хоьтуйтура, Кадыров вен гIоьртина хилла аьлла. Амма Путинан агIор дацара и, схьагарехь. КъорIан дагорца хиллачу историно, Милашинина [журналист Елена] динчу тIелатаро, стешха йолчу омбудсменан Москалькован [Татьянин] Нохчийчоьнах мел а жигара позицино и гойту, къайлаха сервисаш хьал дерзон гIоьртина хиларх [мехкан республикин куьйгалхочунна дуьхьал]", - дийцира Преображенскийс.

Цунна хетарехь, политико шен хенна хийцира шен позици, и бахьана долуш "компенсаци" йелира цунна Оьрсийчуьра "Данон" компанин урхалла дар.

"Iедалехь Кадыровн коьрта партнер ву Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор, тIеман министраллин а, Пригожинан а конфликтехь кхоалгIа ницкъ санна вистхилира иза, церан бIостаналли тIехь ловза хьийзара иза, шен репутаци айбан гIерташ. Пригожин дIаваккхар Кадыров тоьлаш дирзина – цуьнан долара ницкъаллин ресурс хIинца механа йазлуш йу", - боху политолого.

Шен хеннахь лелар хийцина, таIзарх ваьлла Кадыров бохучунна тIетов Европехь куп тоьхначу Ичкерин "Цхьааллин ницкъ" боламан векал Музаев Сайхан а.

"Цхьа кегари хьал ду. Пригожин велла бохуш, официалехь бечу хаамех со ца теша: кхузаманан Оьрсийчоь – теша хьакъйолу пачхьалкх йац… Кхузахь ши вариант йу, хьалхара: Пригожин дийна ву, иза "валар" – инсценировка йу. ТIаккха Кадыровна и билгало йу, оьшучу далахь иштта "къайлавала" йиш хир йу цуьнан а. Нагахь санна, билггал Пригожин веллехь, иза Кадыровна урок йац. Оьрсийн къайлахчу сервисийн карах цуьнан да веллачул тIаьхьа (2004-чу шарахь стадионехь эккхийтар хилла Кадыров Ахьмад веллачул тIаьхьа официалехь йоцу верси йара иштта. Билгалдаккхар.) цунна шолгIа урок оьшуш а йац", - дIахьедира Музаевс.

Пригожинца йинчу финалан истори – Кадыровна карладаккхар хир ду, дIахьедаран метта, аьлла хета тIеман конфликташкахула экспертана, Къилбаседа Кавказехула говзанча волчу Чемберс Гарольдана.

"Оцу хиламо, шеко йоцуш, билгалдоккху, къайлаха сервисаша хьолана тIехь терго латтош хилар, амма Кадыров, Пригожина бунт гIаттайале хьалха, "гIоьналлин" куьпа йухавеана. ХIара хилам Нохчийчоьнан куьйгалхочунна пайден бу, хIунда аьлча, оьрсийн политикера цхьа "тилкхаза карта" а йукъарадаьлла, кхин "Пригожин" хир вац. И бохург ду, тIемаш боьлхучу меттигел дехьа вай йухадаьхкина Кадыров Рамзанан кхерамзаллин статус-кво", - дерзийра къамел дечо.

  • Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедира, "Ахмат" спецназ Бахмутан агIор дехьайоккхуш йу аьлла, хьалхо ЧВК "Вагнеран" йолахоша дIалаьцна йара и. Bloomberg ресурсан хьасташа дийцира, Оьрсийчоьнан буьйралла Украинана дуьхьал болчу кадыровхойн терахь шордан гIерта, вагнеровхой дIабахначул тIаьхьа йиссина йесалла дIайузархьама. ТIеман конфликташкахула политологаш, эксперташ шек бу нохчийн дакъоша "Вагнеран" йолахой хуьйцур бу бохучух, амма тарло боху цара, махкахь керлачу мобилизацин тулгIе йолон.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонера хьаькамаша тIедожийра Пригожинна "эрна бага йеттар сацор", цхьанхьа вовшахкхета меттиг билгалбаккха а бехира. Иштта реакци йира цара, кадыровхой сепаратистийн "ДНРе" дехьабохуш хиларх лаьцна цо динчу къамелан. Бизнесхочунна Пригожинна дискредитаци йан Кремлан планан дакъа хила тарлора бехкаш дахкар а, кхерамаш тийсар а, аьлла ду тIом зуьйчу америкахойн Институтан (The Institute for the Study of War) керлачу рапортехь йаздина.