20-шо долу Магамадов Салехь а, 18 шо долу Исаев Исмаил а – нанас дена вина ши ваша ву. Уьш нохчий а, ЛГБТ-н персонаш а бу, Кадыров Рамзана республикехь гейш бац бохуш, дуьхьало яхь а. Социалан машанашкахь шайн идентификалла ларъеш, оппозицин телеграм-каналца юкъарлонаш леладора цара. Адвокаташна хетарехь, и ду бахьана, Нижний Новгородехь уьш лецаран а, царна тIехь кхел яран а.
Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело Чиллан-беттан 22-чохь вежаршна шаьш дечу таIзаран сацам бовзийта безаш бара. И шиъ бехкево тIемало вара бохучунна гIо латторна: кхачанан сурсаташ чохь тIоьрмиг дIабелла цара боху цуьнга. Гей а, трансгендер а волчу шина вашас радикалан исламистана гIо деш, хьал парадоксе хиларо цец ца баьхна талламхой а, кхелахой а. Прокуратуро дехна цу шинна ялх а, бархI а шераш.
Вежаршна тIаьхьабовларан бахьана хета тхуна, оппозицин цхьахйолчу канале Исмаила шен озаца аудио яхьийтар, цуьнца вевзина иза
"Исмаил – забаре, майра ойланаш йолу кIант ву, - дуьйцу ЛГБТ-нахана гIо дечу "СК SOS" кризисан тобан куьйгалхочо Катаев ИбрахIима. – Оппозицин каналашкахь модераци еш мел а чувоьлла вара иза. Жигара хилар а, шена хетачунна тIера цавалар а коьрта дара цунна. Вежаршна тIаьхьабовларан бахьана хета тхуна, оппозицин цхьахйолчу канале Исмаила шен озаца аудио яхьийтар, цуьнца вевзина иза. ТIаккха жигара иза леха буьйлира".
Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо билгалдоккху, лацале а, йа кхелехь а шайн ориентаци а, гендеран идентификалла а шина вашас лечкъош цахилар а.
"Цаьршиннан бIобоьлла хир бара, и шиъ Нижний Новгородехь вехачу муьрехь, шаьшиъ эххар а маьрша хеттачул тIаьхьа. Цигахь комьюнитин гIоьналла хуьлура царна, кхийтира – шаьшиъ цхьалха воций", - билгалдоккху Катаевс.
2019-чу шарахь Марсхьокху-баттахь дуьххьара лецира Соьлжа-ГIалахь Исаев – цуьнга телефон гайта аьллачу полисхочунна гинера суьрташлахь стелаIадан басахь байракх. ДIахийцира иза цхьа кIира а ахкIира а даьлча, цуьнан нанас 300 эзар сом мах белча. ХIетахь дуьйна церан доьзал шайн къаьстинчу тергоне эцнера ницкъахоша.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийоьнан прокуратурано ялх а, бархI а шераш тохар дехна терроризмана гIо латторна бехкевечу шина вешинаОппозицин Osal Nakh 95 телеграм-каналана модераци еш хиларна 2020-чу шеран Охан-баттахь лецира ший а ваша. Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан декъа тIехь латтийнера и шиъ шина баттахь, бертаза бехказавуьйлуш видео а дIаязъяйтира. Оцу тIехь гуш ю кегийрхошна йиттина ларраш. Маьршаваьккхинчул тIаьхьа "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" (Юстицин министралло арахьарчу агентийн могIаре яьккхина) гIо дира шина вешина Нижний Новгороде дIаваха.
"ХIокху бехкзуламан гIуллакхан цхьа бахьана хила тарло ницкъахоша бекхам бар. Хууш ду, оппозицин каналехь модераци лелорна ши ваша лаьцна латтийнийла. Цара дийцарехь, оцу беттанашкахь царна тIехь Iазап латтийра, йиттира, цул тIаьхьа шайца болх бе аьлла, бахьана а хIоттийна, дIахийцира. Вежаршна хетарехь, царна тIаьхьабевлла лела церан ориентацина тIехула, оппозицин а, динан а хьежамаш бахьана долуш а", - боху Кавказ.Реалиига церан интересаш йовзуьйтучу адвокато Немов Александра.
ТIемалочунна шоколадаш
Политикан статус яларе а, Оьрсийчуьра дIавахаре а сатуьйсуш, ши ваша вехачу петарчу лилхира Стохка Чиллан-беттан 4-чохь Нижний Новгородерчу шайн белхан накъосташа гIо а деш, нохчийн ницкъахой. И шиъ дIавигира "Гудермес" ОВД, цул тIаьхьа "Серноводское" ОВД дехьаваьккхира. Вежарша дийцарехь, тIехь ницкъ а бина, куьйгашъяздайтира цаьрга цIеначу кехаташна, тIаьхьо бехкзуламан гIуллакхан бухехь нисделира, цара шаьш язйина аьлла "кийтарлонех" кехаташ.
"Исаевга а, Магамадовга а хеттарш дира да цхьаьна а волуш, информаци тIечIагIйира. Цара даредира, Бютукаев Аслана куьйгалла дечу террорхойн тобанан декъашхочунна, Котар-Юьртахь Дечкен-беттан 20-чохь вийначу Борчишвили Рустамна шаьш гIоьналла латтийна аьлла, дIахьедира зорбанан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада.
Бехктакхаман гIуллакхехь тоьшаллаш дац Магамадовн а, Исаевн а гIаттамхочуьнца тIекере хилла аьлла, дац тоьщаллаш иштта вийна Борчашвили гIаттамхошлахь хиларх а
Талламан версица, гIоьнчаша гIаттамхочуьнга дIакхачийна бепиг а, мутта а, чай а, шоколадаш а чохь тIоьрмиг. Оцу юкъанна, бехктакхаман гIуллакхехь тоьшаллаш дац Магамадовн а, Исаевн а гIаттамхочуьнца тIекере хилла аьлла, дац тоьшаллаш иштта вийна Борчашвили гIаттамхошлахь хиларх а. Оперативан хаамна тIехь хIоттийна кехат ду, ша цхьаъ бен доцу тоьшалла, Борчашвилин Бютукаеца уьйр хиларх. Йа кхелан таIзар а, йа цхьана а кепара объективе тоьшаллаш кхеле кхачийна дацара.
"Ас Iалашбийраш луьрачу исламистана гIо дина бу бохуш, дохку бехкаш – цхьа а доцург ду. Адвокаташа бохучунна новкъарло ян гIертара даим а прокуратура а, кхел яле бен таллам а. Бехкехиларх цхьа а тоьшаллаш а ца гулдеш, адвокатца къийса а луш, хIоразза а тхайчунна дуьхьал керла-керла верси а йоккхуш", - дIахьедо адвокато Алексеев Марка.
Кхело бехкебечара бехк тIе ца лоцу, гIуллакх политикан буха тIехь ду бохуш. Уьш къар ца ло, вийна тIемало вевзаш вацара шайна бохуш. Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьно арахьарчу агентийн могIаре язйина, центр реза яц цунна) центро политикан тутмакхаш лерина Магамадов а, Исаев а.
"ГIуллакх кхоьллина ду, Салехьа а, Исмаила а йина боху кийтарлонаш а, детализацех йоьттина ю сурсатийн мехийн кепехь граммашка кхаччалц. Муха хила йиш ю иштаниг? Ас Iалашбечара дийцина, вовшахтоьхна дац уьш, церан меттана шаьш кхоьллина ду. И дерриг а тIечIагIдина а дац, пачхьалкхан тергонехь волчу талламан шина тешо аьлла алар доцург", -билгалдоккху адвокато Немов Александра.
Дуьззина таIзардоцург
Цхьа а бакъонаш ца лоьру ловзар дагадоуьйту нохчийн бакъоларъяран органашца бечу балхо. Оцу спецификех хууш ца хилча, Оьрсийчоьнан Iедална тIетовжийла ду олий, ойла хуьлу, амма цхьана мIаьргонехь кхета хьо, цигахь а низамаш цахиларх. ТIаккха, процессуалан кепаш ларъеш хилар тоьшалла ден, логика а, маркерш йоцчу церан чолхе леларна тIетийжа деза хьан, кхин дIа дуьйцйу "СК SOS" тобанан белхахочо Катаев ИбрахIима.
"Уггар а цецвоккхург ду, оцу ловзарна юкъа кхечу регионера белхахой а юкъагIоьртар. Тарло, шайн коллегашна гIо дан лууш хир бу уьш, йа "И Кавказ ю – цигахь шайн низамаш ду, шайн менталитет ю" боху бIостане алар хьалхадаьккхина, хьийзаш хир бу. Мухха делахь а, Iаламат тамашен ду, Москвара йа кхечу регионера полисхоша гIо дича, легалехь а доцуш, бахархой Нохчийчу дIабигар", - дуьйцу цо.
Масална Катаевс дуьйцу, бакъонашларъярхой масийттазза Iиттабеллачу хьелех. Кавказерчу гергарчара цIера ваьлла хан яьлча лехамашка велла 18 шарера ваьлла стаг вогIу полицин декъе, Оцу стага боху, со вайна а вац, низамца доцуш шена тIехь лелийна хIума а дац, лехамашкара ша дIаваккхахьара олий. Полисхочо дIахоуьйту цунах лаьцна иза лоьхучаьрга, цара дехар до, хIуъа дай а, шаьш тIекхаччалц иза лаьцна вита олий. Полисхоша церан дехар кхочушдо, шайга тIевеанарг цуьнан гергарчийн кара дIало, цара нуьцкъаша цIа вуьгу иза.
Нохчийн ницкъахой тешаш бу шайна таIзар дийриг цахиларх аьлла, хета
"Нохчийн ницкъахойх дерг аьлча, шайна таIзар данне а дийр дац аьлла, тешна бу уьш олий хета. Иштта нисло. Нохчийн полисхой низамашца а, бакъонца а боцуш бехаш хиларна Оьрсийчохь берриш а тIетайча санна хета. Шайна луъург дан а до цара, уьш цхьана хIумано совцор бац аьлла хета", - боху къамел дечо.
Вежарий Нохчийчу кхаьчначу хьалхарчу деношкахь, уьш кхеташ бацара, шаьш хIун дан деза, ца хаьара, шайна гIо дийр дуй а. Царна тIе ца буьтура адвокаташ. Шаьш лаьцна дIадахначу оцу шарахь бехкебечара мацаллаш кхайкхийра. Маж йошучу уьрсаца шен куьйгаш хедийра Магамадов Салехьа Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь, шена йеттарна а, бала хьегийтарна а дуьхьало еш.
"Цара лайначу кхерамах кхетар вац. Шайн бакъонаш Iалашъян адвокаташ кийча буй хиъначул тIаьхьа, бIобуьйлира цу шиннан. Полицин белхахошка олура цара, шайна тIехь Iазап леладахь а, адвокаташна дуьхьало йийр яц шаьш. Къийсалур ву ши ваша тIаьххьалц. Терзанан вукху кедахь – 15 шарна набахтехь висар ду. Цаьршиннан къийсам латтабойла ду", - тешна ву Катаев.
ЧIогIа оьшу цундела Салехьна а, Исмаилна а гIоьналла, иштта, онлайн-рожехь муьлххачо а Соьлжа-ГIалин СИЗО "ФСИН-кехат" системехь дохьуьйту кехаташ а, терго тIеозайо Катаевс.
Адвокато Немов Александра тIетуху, дов хаттар кхечу регионе дехьадаккха аьлла, адвокаташа динчу дехарна а жоп ца делира, иза а инзаре бакъо йохор ду. Хьалха хиллачу ладегIарийн стадихь дитира иза кхело, кхин листа а ца луьстуш. Цунна апелляци йича а кхочуш ца дира дехар.
Адвокатна хетарехь, вежарий бехкехиларх озабезаме доцуш тоьшаллаш цахиларх, кхелан шеконаш хиларна кхоьруш, кхел ца хIоьттинера Пятигорскерчу юкъарчу юрисдикцин Кассационан кхеле материалаш дIаяла. Ишта нисделлехь, гIуллакх баккъал а кхечу регионе дIахьажийна хир дара, цигахь бух боцуш хиларна даьржина дIагIура дара.
"Нохчийчуьра гIуллакх дехьадаккха бохуш, тIера ца довлура тхо юьхьанца а дьуйна. Мехкан лаккхарчу даржхоша комментареш лора зорбанан гIирсашна, ши ваша бехке ву бохуш, кхеташ дара, цо тIеIаткъам бира кхелан системина. Со ца теша бехказа воккхучу таIзарх, хIунда аьлча, статистикаца вай долчахь 2020-чу шарахь 0,3 процент бен уьш цахиларна", - дерзийра Немовс.
Нах лечкъон бизнес
"Нохчийчохь гейш бац" боху идеологи хьажийна ю "цIий цIандан", аьлла хета Катаевна. Динан бехкам болуш санна дуьйцура цунах лаьцна республикехь 2017-чу шарахь. Амма таханалерачу дийнахь ЛГБТ-нах лецар – ницкъахойн бизнес ю. Нах лоьцу, даккхий ахчанаш делча "бовлуьйту" уьш, боху бакъоларъярхочо. Хала ду кхета, стен лелош бу уьш – шайна хуьлучу сано, йа ламасташна бухахь лелочу псевдоидеологино.
Церан коьрто схьа ца лоцу, иштта нах хуьлуш хилар
"Мел а кхеталур долуш а, кхета хала долуш а ду, трансгендеран нахаца иштта вон хIунда бу Нохчийчохь. Хетарехь, "зуда-зуда ю, стаг- стаг ву, кхин дIа дерг хьарам ду" бохуш, дIахIоьтина хиларна. Церан коьрто схьа ца лоцу, иштта нах а хуьлуш хилар. Ткъа "кхечу тайпа хилар" лартIахь доцург хета, "жинаш доьлла", иштта кхин дIа а олий", - дуьйцу "СК SOS" кризисан группан векало.
Къамел дечо бакъдо, таханалерачу дийнахь ЛГБТ-нах юкъараллехь гуш хилар лакхадолуш ду Къилбаседа Кавказехь а, къаьстинчу Нохчийчохь а. Уьш дуьхьалбийла буьйлабелла даим а "IиндагIехь" латта, хIунда аьлча, ца деза царна шалха дахар.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь демократи яц бохург бакъ ца до Кадыровс"ХIинццалц лечкъаш, цхьангге а хIуммаъ а ца дуьйцуш Iийнехь а, тахана кхечу тайпа ду. И парадокс Кадыровс ша кхоьллина ю", - дерзадо шен къамел Катаевс.
Республикехь гейшна тIаьхьадевлла шаьш лелаш дац бохуш, кхин дIа а чIагIдо нохчийн Iедалхоша, хIунда аьлча, уьш цигахь цахиларна. Ткъа оцу юкъанна Соьлжа-ГIалара ЛГБТ – нах богIу Москва мухIажарш санна. Уьш кхоьру шайна гIо дечу жигархойх а, журналистех а, кхинболчу нохчех а: хIораннан а даймахкахь бисина доьзал бу, шайн кIант-гей бахьана долуш сингаттам бала тарло царна, нагахь санна, информаци гIаръялахь. Терроран кепехь ду Нохчийчохь гейшна тIаьхьабовлар, дийцира 2017-чу шарахь Свобода Радионо, Нохчийчуьра ЛГБТ-нах тIетаьIIина уьдучу заманчохь.
Оцу юкъанна "Леррина хьал: нохчийн шина кIантана валаран кхерам лаьтта" аьлла, дуьненаюкъарчу ЛГБТ-нехан + All Out бакъонаш ларъярехула йолчу платформехь хIоттийначу петицина куьйгаш яздира 100 эзар сов стага. Дуьненан кеп-кепарчу мехкийн бахархоша доьху Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка глобалан дипломатих а, дуьненаюкъарчу коммуникацих а пайдаэцар, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латтош волу ши ваша кIелхьарваккхархьама.