Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмехула даржийра, кхийссаршкахь 4 зуламхо вийна, 2 лазийна, дарбан цIийне дIавигина аьлла.
ХIун ду хилларг?
Билггал хиллачунна тIаьхьакхиа атта дац. Берриг аьлча санна, хаамаш баржош верг вара Кадыров Рамзан, ткъа Оьрсийчура хаамийн гIирсаш дуьйцург доккхачу декъана пропагандан дакъа дара.
Офицалан верси. Официалан версица ГIура-беттан 17-чохь буса Нохчийчура ницкъаллийн структураша 4 вуьйш, 2 лоцуш дIаяьхьначу операцин тIахьало хилира шолгIачу дийнахь. Цунах лаьцна дIахьедар дира "Интерфаксе" Кадыровс.
Буса виъ а вуьйш, лаьцначу шиннах цхьаъ яра, хаамбарехь, 18 шо долу йоI Мадина. Дарбан цIийнехь лоьралла деш цуьнан ког баьккхина, хаийтина полицино.
Иза кхин хьахош яц. Кхеташ дац иза ларама кхаьчна цу зуламаче метте, я леррина тIеман операце араяьлла хилла.
Шоьтан буса байинчийн цIерш ю Ильясов Мохьмад, Альтемиров Ислам, Исмаилов Сайд-ИбрахIим. Лазийна лаьцна Юсупов Асхьаб. Цул сов, ГIура-беттан 18-чу дийнахь вийна кхин а 4 стаг. Полицино даржийна шаьш байинарш а, лецнарш а ДАIИШ-ан къайлахчу тобанера тIемалой бу аьлла.
Наха дийцарехь. Масийтта стагах лаьтта тобано тIелатар дина полицин белхахошна тайп-тайпанчу меттигашкахь. Гарехь, полисхошкара герз схьадакххка дагахь хиллачух тера ду аьш.
Цо гойтуш ду аьлла хета нахана, и кегийрхойн тоба йоьзна ца хилар я «Кавказ Имаратца» а, я «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца а. Гарехь, уьш "гIалара партизанаш" болчух тера ду аьлла хета меттигерчу бахархошна. ТIехула тIе и кегийрхой тIеман говзалла йоцуш хилла хилар а гуш дара аьлла хета царна.
Билггал муьлш бу тIелатар динарш?
Официалан верси. ГIура-беттан 17-чу а, 18-чу а деношкахь хиллачу тIеман кхийсаршкахь дакъалаьцнарш бу Старопромыслан кIоштахь байина Мажаев ИбрахIим, Мамаев Хаматхан, Мамаев Истамул, Акрашев Ахьмад. Шоьтан буса вийна Исмаилов Сайд-ИбрахIим.
Шина дийнахь вийнарг 7 тIемало ву, лаьцна 4, царех 3 чевнашца ву. Иштта вийна тIеман тасадаларшкахь 4 полисхо, цхьаъ лазийна. Цунах лаьцна хаам бина Кадыровс.
Говзанчашна хетарг. «Iедалшна а, ницкъаллин структурийн белхахошна а оьшуш ду Соьлж-ГIалахь шаьш эшийнарг ИГИЛ-ан дакъа долуш санна дIахьедарш дар. Амма иза иштта хилар шеконе дуьллу наха. Иза меттигерчу Iедалша лелочунна дуьхьал хьажийна акци хила мегаш ю, кху кепара цIий Iеночу йирзина йолу», - аьлла хета "Кавказский узелна" интервью еллачу, шен цIе ца яккхар дехначу Нохчийчура Iедалшца йоьзна йоцучу цхьана вовшахтохараллан куьйгалхочунна.
Иштта ойла йолуш ву «Новая газетана» интервью елла ФСБ лаккхарчу даржехь волу белхахо а.
Цо дийцарехь, хилларг «доккхачу декъана нохчийн Iедална дуьхьал бунт айаран хьалхара билгало ю", «ледара кечбина тIеман гIаттам бу».
Муха мах хадийна ницкъаллин структурийн белхахоша тIелатар юхатохарна?
Кадыровс хадийна мах. Кадыров Рамзана Инстаграмехь иштта яздина цу хьокъехь: «Ас баркалла боху, лаккхара говзалла а, майралла а, доьналла а гайтинчу операцехь дакъалаьцначу нахана.
КIорга диллина ло а долуш, шийла а йолуш, оьрнашчухула, гунашкахула тIом бан дийзира цера. Дерриг а дуьнентIехь болчу тхайн доттагIашка боху ас, Соьлж-ГIалахь а, Нохчийчохь а дерриг а тийна ду. Тхо кечлуш ду Керлачу шарна. Дуьйла тхо долче хьошалгIа».
Соьлж-ГIалахь яьхначу видеокашка хьажначу могIарерчу наха йитина комментареш. Serega Kassatkin: «Машен тIетоьхна вожийначу полисхочунна гIо дан тIеведдачу стеган доккха сий до ас. Ткъа полисхо цхьана агIор дIа хIунда ца кхоссавелира? Со кхета иза шен декхар кхочушдеш хилла хиларх, амма гIуллакх иштта дIадодахь Нохчийчохь полицин белхахой буьсур а бац.
Serega Kassatkin50 minutes ago
тому прохожему, что кинулся помогать полицейскому сразу после сбития - большое уважение. а вот почему полицейский не стал отпрыгивать в сторону? я понимаю что исполнял свой долг до конца - но если так дело пойдет, то в Чечне полицейских не останется. берегите там себя. исполняйте долг, но оставайтесь живыми.
Aleksandr Rovensky: Лерринчу тобанан декъашхой леррина барзакъ доьхна хIунда бац? Уьш шаьш ма барра гуш ма бу ло тIехь. Тамашийна ду иза дерриг а.
Почему спецгруппа не в маск-халатах?Они как одна большая мишень на снегу,странно все это.
Дуккха а комментареш йитина машенна масатоп етташ яккхинчу видеога хьажначу наха. Дукхах берш шеко йолуш бу хуьлург баккъалла ду бохучух. Машенна уллехь лаьтташ шен накъостий а болуш, патармаш чекхдовллалц герз а тухий, меллаша букъ а берзабой, дIаволало «тIом беш» воллу полицин белхахо.
«Мича туьйхира цо герз?», - хоьтту масала Maks Markov
Maks Markov Куда он стрелял?
ХIун Iалашо хилла тIелатар динчера?
Официалан верси. ИГИЛ-ан тIемалойн тобано диверсийн а, терроран а акташ кечйина хилла, ткъа иштта полицин белхахошна цхьамогIа тIелатарш кечдина а хилла. Карарчу хаамашца, тIемалойн Iалашо хилла Нохчийчохь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а терроран тIелатарш дан.
МогIарерчу нахана хетарг. Официалан йоцу версеш тайп-тайпана ю. Хиллачух лаьцна цхьана а кепара комментареш ян лууш бац дукхах болу Нохчийчура бахархой. Ткъа шайн цIераш хьлйина бист хила реза хиллачу наха шаьш кхеташ дац боху хIун Iалашо хилла цу тIемалойн, нагахь уьш баккъалла а герзаца хиллехь. Байинарш коьртачу декъана кегийрхой бу.
Церан хIун уьйраш хир яра цкъа а шайна гина а воцучу, интернетехь лехча сурт а ца карош волчу ал-БагIдадица, бохуш хоьтту цара. Цхьаболчара билгалдоккху, гарехь, цу жимачу наха герз дуьххьара караэцна хилар. Цул сов, наха тIе тидам бохуьйтург ду 18-20 шераш долу кегийрхой байаза бисина Ичкерин тIемалой а боцуш, Путин а, Кадыров а Iедалехь волуш кхиина тIаьхье хилар.
Муха ду жамI?
Официалан верси. ИГИЛ-ан пропагандах дIовш даьллачу нахана тIелатар дина Iедалан белхахошна. Кадыров Рамзана урхалла а деш, уьш байина. Ницкъаллин структурийн белхахоша хьуьнар а, говзалла а гайтина зуламхой юхатухуш. Нохчийчура хьал шен хорша дирзина. Керла шодаздан кечлуш ю республика.
Наха дийцарехь. Адам саготта ду. Нохчийчохь Хьалхара тIом дIабирзинчул тIаьхьа дуьненчу бевлла кегийрхой бу байинарш. Кхеташ дац баккъалла хилларг хIун ду.
ГIура-беттан 17-чу а, 18-чу а деношкахь байина нах герзаца арабевлла ца хилла. Цара иза схьадаьккхина полицин белхахошкара. ХIунда дина цу наха и зулам? Цу хаттарна каро дезаш ду баккъалла а долу жоп.