Шен 27 шо долчу вешин кIантана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчан даржехь волчу Кадыров Хьамзатана Оьрсийчоьнан президентан Указаца Майраллин орден дIайелира Кадыров Рамзана. Хьалхо совгIатдарх хаийтина дацара.
СовгIаташ доькъуш церемони хIоттийнера Толаман денна лерина Соьлжа-ГIалахь дIабаьхьначу барамехь, хаамбира Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама шен телеграм-каналехь. Стенна дина совгIат, блгал ца доккху, орден йаларх президентан указ зорбане даьккхина дац.
Статутца а догIуш, Майраллин орден луш йу, доккхачу декъана, "дахарна кхерам болуш, бIахочун, вахархочун, йа салтин декхарш кхочушдечу хенахь майралла а, доьналла а гайтарна".
Нохчийчуьра парламентан спикеро Даудов Мохьмада шен инстагрмехь йаздина, Кадыров Хьамзата "гIо-накъосталла латтадо нохчийн дакъошна" Украинана дуьхьал тIемаш бечу, "иза ша воьду тIемаш бечу меттигашка, шаьш тIелаьцна Iалашонаш кхиамца кхочушйан эскархошна оьшург латтош".
Кху шеран дечкен-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочо хаамбира, Кадыров Хьамзат шен жимахволчу кIантана Адамна а, Делимханов Адамна а улло ваьлла вахара оккупаци йинчу Мариуполе аьлла.
Кадыров Хьамзат – мехкан урхалхочун ницкъалин блокехула гIоьнча а, бахаман, латтанийн меттигийн министр ву. 2018-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелира цунна, кху шарахь Росгвардин "ГIо дарна" мидал а, президентан Путин Владимиран омрица II-бараман орден йелира "Даймахкана хьалха гIуллакха дарна" аьлла.
2023-чу шеран лахьан-баттахь Кадыров Хьамзатана йелира "Нохчийчоьнан Турплахо" цIе а, хIун динчунна – дуьйцуш дац.
Мангал-баттахь Кадыров Хьамзата шен социал-машанашкарчу агIонашкахь дIахьедарш дира, "нохчийн ламасташ цалардечарна" кхерамаш туьйсуш. Цо билгалдаьккхира, Iедалхоша гIарола дийр ду цу тайпачу агIонийн, "низамах боьхнарш" жоьпе узур бу аьлла. Дуьйцург билггал муьлха низам ду - хууш дац. Оьрсийчоьнан низамехь цу кепарчу жоьпаллин бух банне бац.
Иттанашкахь болу республикин куьйгалхочун гергара нах Нохчийчоьнан Iедалерчу даккхийрачу даржашка дIахIиттош бу. Шен нахана карьера йеш ша гIо дар цунна хIумма доьхна ца хета. "Суо тешшарш дIахIиттабо-кх аса", – бехира Кадыровс.
Iедалерчу даржашка хIиттийна цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии редакцино беххачу могIанца охьабазбина Iедалан лаккхарчу даржашкахь болу Кадыровн гергарнаш.