Кадыровна совгIатан кехат? Нохчийчоьнан куьйгалхочунна накъосташна Кремло совгIаташ дар

Лорсанов Сулейман, Дудаев Ахьмад, Кадыров Хас-Мохьмад

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира 21 агIонна тIехь долчу орзанна куьг йаздина, цхьамогIа пачхьалкхан совгIаташ дIасадоькъуш – царлахь нисвелла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллора кхо стаг. Нохчийн политикан ворхI гергарчунна, кхин а цунна уллорчу масех стагна кхаьчна тIаьххьарчу беттанашкахь Кремлера мидалш, грамоташ. Кадыровн могушалла эшна йу бохучу хаамаш кхочучу йукъанна хилира и дерриг а.

Москвано шена "муьтIахь хилар лоруш" дуйла лаккхарчу хьаькамашна дIагайта Iалашонца луш хила тарло цхьамогIа совгIаташ, иштта президента шен "гIашсалтичуьнца" гергарло лелош хиларан билгало хила а тарло, боху редакцино хеттарш динчу эксперташа. Цара билгалдоккху, федералан поликийн уллорчу наханна цкъа а кхаьчна дац оццул совгIаташ Москвара.

Гергарстаг, пропагандхо, хирург

"Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" бохучу орденан II тIеганера мидал йелла Соьлжа-ГIалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна. Дайначу шарахь 21 шо долу Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчу стагна йеллера сепаратистийн "ДНР-н" "Хьуьнарш гайтарна" боху мидал – тIаккха 2019 шарахь Нохчийчоьнан лаккхара совгIат, Кадыров Ахьмадан цIарх орден йелира цунна.

Хууш ду, 2018 шарахь президентан Путинан пресс-кхеташо йолчу хенахь Кадыров Хас-Мохьмадна анониман латкъам бира. Шен цIе ца йовзийтинчу стага хаттар дира, Соьлжа-ГIалехула йолчу УМВД-н куьйгалле 26 шо долу лахара лейтенант муха хIоттаво аьлла. И оцу дарже ваккхарна комментари йеш, хIетахь къоман политикехула министр хиллачу Умаров Джамбулата Хас-Мохьад вуьстира Наполеонаца. Бохура, къоначу полисхочо "инарлашка ца данделларг дийр ду".

Кадыров Хас-Мохьмад

Амма цхьа шо, ахшо даьлча ницкъахо маьршачу бахархойн балхе йухавеара, Устрада-ГIалин мэр а хIуттуш, 2021 шеран зазадоккху-баттахь дуьйна схьа Соьлжа-ГIалин мэр ву иза. Оцу даржехь и тидаме лецира, советийн хьалханча Иосиф Сталинан сурт тIехь долу шаьлта цунна караделча. Сталинан омраца махках баьхнера нохчий – Кадыров Рамзана масийттаза неIалташ кхайкхийра цунна.

"Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" боху IV тIегIанера орден (оцу кепарчу мидалел а лакхара йу иза шен статусца. – Ред. билг.) йелира къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн 36 долчу министрана Дудаев Ахьмадна. Цуьнан хIинцле а йу Кадыров Ахьмадан цIарх орден, "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" бохучу орденан мидал а – дечкен-баттахь йелла цунна иза, иштта ша дIакхайкхийна йолчу Къилбан ХIирийчоьнан ДоттагIаллин орден а.

Дудаев Ахьмад

Цул хьалха оцу даржехь хилла волу Умаров санна, Дудаев – Нохчийчуьрчу пропагандин коьртачу белхахойх цхьаъ ву. Масала, "нохчийн къоманна мелла а чIогIа зен дарна ахча латтадо дIалаьхкина болчу евроичкерихошна" элира цо, иштта къобалдира КъурIан дагорна бехке лоруш волчу волгоградхочунна Журавель Никитина тIехь ницкъбар. Цул сов Дудаевс бюджетхой декхаре бора, кхин а жигара "Кадыров Ахьмадан некъах" лаьцна социалан машанашкахь йаздан.

II-чу тIегIанера "Даймахкана хьалха хьуьнарш" гайтарна боху орден йелира могушалла Iалашйаран министрана 38 шо долчу Лорсанов Сулейманна. Воронежерчу Бурденкон цIарх лоьрийн академи йаьккхина волчу цо хирург болх бира Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн хьукматашкахь, тIаьхьо коьртачу лоьран дарже велира. 2021-2022 шерашкахь Нохчийчоьнан вице-премьеран секретариатан куьйгалхо вара иза, тIаккха дайначу шеран товбеца-баттахь дуьйна – могушалла Iалашйаран министр. Оцу даржехь Лорсанов кхиира Хьалх-Мартанан кIоштерчу дарбан хIусамера лоьраш чийхо, лоьрашна мобилизаци йийр йу боху хаамаш баржорна. Иштта элира цо, Iедалехь вакцинацина "вуно чIогIа дуьхьал болчу" нехан цIерш йу.

Элита кхоллар?

ТIаьххьарчу эхашарчохь Кремло жигара дIасадоькъу Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу наханна совгIаташ – Кадыров Рамзанан долахь хIинцле а ду пачхьалкхан совгIатийн доккхахдолу дакъа, иштта шортта тайп-тайпана йукъараллин совгIаташ а. Керистийн чулацам болу оьрсийн пачхьалкхан совгIаташ дац цуьнан – сийлахьчу апостолан Первозванный Андрейн цIарх лаккхара орден а, сийлахьчу Георгийн а, иштта цуьнан ненан йац сийлахь лоруш йолчу Екатеринин цIарх орден а.

Дудаевна, Лорсановна, Кадыров Хас-Мохьмадна совгIаташ далале масех де хьалха "динашна, къаьмнашна йуккъера гергарло дIатоссуш доккха дакъа лацарна" сийлаллин грамота йелира республикан муфтина Межиев Салахьна. Гезгмашин-бутт болалуш "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" орденан мидал кхечира политикан 24 долчу йоIанна Iайшатна – Нохчийчоьнан культурин министр йу иза.

Лакхара официалан совгIаташ луш, Нохчийчохь шайна муьтIахь йолу система кхион, иза ларйан гIерта уьш

IV-чу тIегIанера "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" аьлла орден йелира республикерчу урхаллин вице-премьер волчу Кадыровн невцана Тумхаджиев Iийсанна, тIаккха регионан куьйгалхочун нанна Кадырова Айманина – Сийлаллин орден. Товбеца-баттахь "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" бохучу орденан мидал кхечира 26 шо долчу политикан вешин кIантана Кадыров Хьамзатна, тIаккха стигалкъекъа-баттахь "Нана-турпалхо" совгIат делира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнанна Кадырова Меднина.

Регионехь шайна муьтIахь йолу элита кхолла гIерта федералан центр оцу кепара, билгалдоккху йукъаралхочо, къобалйанзачу Нохчийн республика Ичкерин Францерчу векало Албаков Шемала.

"Хетарехь, лакхара официалан совгIаташ луш, Нохчийчохь шайна муьтIахь йолу система кхион, иза ларйан гIерта уьш. Оцу гIуллакхехь цара Кадыровн гонера цIийца бихкинарш лелабо. Куьйгалхо хийцо везаш меттиг нислахь, цигахь шайн куьйгалхой хилийта – статус-кво а, Кремлаца болу барт ларбеш. Иза иштта далахь, и харц стратеги йу – Нохчийчохь а, цул арахьа а гуш ду кадыризацин зуламе тIаьхьалонаш", – хета Албаковна.

Цо бахарехь, Кадыров хьалха оьшура Кремлна шогачу кепехь республика йозуш цахиларан агIончашна дуьхало латтон. ТIаккха маьршачу хенахь иза цу даржехь витарца харц харжам бина Путина.

"Жоьпалла цахиларо а, ахчано а хьераваьккхинчу "паччахьна" Кадыровна метта, луларчу республикашкахь санна, рогIера хьаькам хиллехьара, нохчашкахь оццул цабезам хир бацара. Оцу идеологин гIалато дерриг дуьненна дIахаийтина, Нохчийчоь карахь латториг шен къомехь къизалла латтош волу диктатор вуйла. Ишта доллушехь Кремло тIехула тIе совгIаташ Iенадо цуьнан доьзална тIе", – дерзийна къамелахочо.

"Резахиларан билгалонаш"

Оццул совгIаташ даларца долу хьал вуно атта кхетон йиш йу, аьлла хета экономистна, "Либеральная миссия" фондан кхеташонан декъашхо волчу Жаворонков Сергейна.

"Брежнев Леонидан 15 орденца долу хьал ду хIара – лартIахь волу стаг озалур волу адам лакхадаккхаран кеп йу-кх. ТIаккха Кадыровн самукъадолу, Кремло ша билгалваьккхина ца Iаш, шен уллорнаш а базбеш", – боху эксперта.

"Хьоменаг, талолахь" боху совгIатан кехат а деккъа ша хила ца деза

"Хьоменаг, талолахь" боху совгIатан кехат а деккъа ша хила ца деза вежараллин ламасташ лелаш йолчу Нохчийчохь, аьлла хета Звягина Натальяна. СовгIаташ кхаьчна болу Кадыровн уллора нах бюрократин системина йукъахь бу, тIаккха орденаш, мидалш йалар – церан резюмеш дIайузар ду, нагахь санна, уьш кхечу даржашка дехьабаха дезаш нислахь, тIетуху къамелахочо.

"Кремло шайн резахилар дIагайтаран цхьа кеп санна а болх бо оцу орденаша. Нагахь санна, иза массарна дIагойтуш деш далахь, тIаккха тохайелла регионера элита тейан деза церан, схьагарехь. Латта тIехь барт бан аьтто болчу регионашкахь тIе мидалш ца Iенайо", – аьлла хета политологна.

Оццул совгIаташ далар – иза къаьсттина Нохчийчоьнан билгало йац. Дуьненайукъарчу санкцешкахь нисбеллачарна гуттара а ло оьрсийн Iедало шортта совгIаташ, дуьйцу "Мемориал" бакъоларйаран центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра.

"Шайнаш дIа ца ло" боху принцип – иза лерринчу сервисашкахь а, мафиозин тобанашкахь а леларг ду. Иштта пачхьалкхан совгIаташ кхочура Къилбаседа Кавказехь тIемаш долчу хенахь зуламаш лелорна бехкебинчу инарлашна а. Дагавоуьйтура вай оьрсийн лерринчу сервисийн белхахо Луговой, герз духкуш волу Бут а – даккхийра зуламаш дина болу царна шортта совгIаташ дина. Цундела Кадыровн доьзална тIе совгIаташ Iенор – иза, хетарехь, церан муьтIахь хиларна дуьхьал Москвано гойту шайн резахиларан билгало йу", – дерзадо бакъоларйархочо.

  • Дайначу кIирнахь зорбанаша дуьйцура, Кадыровн могушалла цIеххьана телхина, тIаккха иза ша Москварчу Централан клиническан дарбан цIийнахь ву бохуш. ВЧК-ОГПУ телеграм-канало йаздира, кIиран дийнахь президентан гIуллакхаш кхочушдаран урхаллин Коьртачу дарбанан цIийнехь йеза машенаш гулйеллера нохчийн номерш йолуш аьлла. Талламаш ца деш оцу керта чуйитина бохура уьш. Президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий шозза дуьхьал хилира оцу кIирнахь Кадыровн хьолах долчух дийца.
  • Гезгмашин-беттан 20-хь Кадыровн телеграм-каналехь видео гучуйелира – цу тIехь цомгаш волчу шен девешина тIехIутту иза. ЧIагIдарехь, видео дIайазйина Москвара Коьртачу дарбанан цIийнехь. ШолгIачу дийнахь чолхечу хьолан федералан министраллин куьйгалхочуьнца Куренков Александрца хиллачу цхьаьнакхетарехь дIайаздина видео хIоттийна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана. ЦхьамогIа тамашена хIуманаш ду оцу видеоца а, аьзнашца а. Flight Radar сайтан зерашца, Москвара Соьлжа-ГIала а дахна, дукха хье ца луш йухадеанера Кадыровн долара кема Москвахь дуьсура хIетахь.
  • Пачхьалкхан даржашкахь ду Кадыровн бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. 2018-чу шарахь Оьрсийн "Би-би-си" телеканалан лараршца, Нохчийчуьра 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыров Рамзанан гергарнаш бу. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.