Кадыровн гергара стаг хIоттийна Нохчийчохь культурин министр

Ибрагимов Iийса

Нохчийчохь культурин министран дарже хӀоттийна мехкан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца гергарлонехь волу Ибрагимов Ӏийса. Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун а, Ӏедалан а администрацин куьйгалхочун гIовс хӀоттийнера Ибрагимов.

Хьаькам керлачу дарже хӀотторах лаьцна хаамбина "Грозный-информ" пачхьалкхан агенталло. "Вайнах" хелхаран ансамблан куьйгалхо Байсарова Марет хийцина Ибрагимовс оцу даржехь, кхо бутт а бацара иза культурин министраллин коьрте хIоттийна. Цул хьалха, ворхI баттахь гергга культурин министр вара иттаннашкахь шерашкахь Кадыровн бIанакъост волу Дадаев Муса. Иза вара музыкин чехкаллин барамаш дIахIиттийнарг а. 2021-чу шарахь дуьйна оцу урхаллин коьртехь йара Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхаха йолу йоӀ Кадырова Ӏайшат; цо шен дарж мукъадаьккхира стохка гIадужу-баттахь, ша республикин -вице-премьер хӀотторца доьзна.

Ибрагимов Ӏийса хьалхо Нохчийчуьрчу кегийрхойн гӀуллакхийн министр вара, цул тӀаьхьа физкультуран а, спортан а министр вара. Стигалкъекъа-баттахь оцу даржехь цуьнан метта Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀант Кадыров Ахьмад хӀоттийра, ткъа Ибрагимов Нохчийчоьнан урхалхочун а, Ӏедалан а администрацин куьйгалхочун гIовс хӀоттийра.

  • Пачхьалкхан гӀуллакхехь даржаш дӀалоцуш бу Кадыров Рамзанан бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш шичой маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино уггаре а дуьззина тептар хӀоттийна республикерчу Ӏедалан хьукматашкахь болх бечу КадыровгӀеран тайпанах болчу нехан.
  • Нохчийн мотт Iалашбан, кхион вовшахтоьхначу экспертийн кхеташонан дIахIоттам карлабаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана зазадокху-баттахь, цу йукъахь вара Ибрагимов Iийса а.
  • Лахьан-баттахь Ибрагимовс бехк баьккхира гӀарабевллачу спортан блогершкара Тамаев Асхьабера а, Эмиев Ӏарбигара а "шеконе видеош йахарна". Цара дош делира, кхин "нохчашна йогӀуш йоцчу шоушкахь" дакъалоцур дац аьлла.