Кадыровс а, Делимхановс а жоп делла шайн кхалхарх лаьцна дийцинчу хабаршна дуьхьал

Кадыров Рамзан а, Делимханов Адам а. Архивера сурт

Мехкан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамца цхьаьна дIайазйина видео зорбане хIоттийна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана. Оцу кепара цу шиммо бакъ ца дина, Кадыров вон хьал долуш ву, ткъа Делимханов вийна йа чIогIа вон лазийна Украинехь бохуш, даьржина хилла къамелаш. Иштта информаци хьалхо йаьржинера украинхойн а, оппозицин нохчийн телеграм-каналашкахь а.

Ролик гучуйелира, Кадыров Рамзанца йоьзна йу бохучу инстаграмера аккаунтехь. Оцу видео тIехь Нохчийчоьнан урхалхо а, Думин депутат а чай молуш ву, схьагарехь, республикера поитикан резиденцихь. Цу шиммо дIахьедо, шаьшиъ дийна а ву, могуш а ву, велла бохуш, даьржина эладитех теша мегар дац.

Кадыров велла йа лечу хьолехь ву аьлла, мукъаденошкахь даржийра оппозицин нохчийн телаграм-каналаша. Доккхачу декъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхо дIавайна кIира хан йаларо шеконе бахийтинера уьш. Кавказ.Реалиин сайтан хьастийн хаамашца, оцу хенчохь политик цIахь вацара – цундела ца хилла иза президент Путин Владимир Дербенте веанчохь а. Кхечу версица, шаьшингахь вон хьал ду аьлла, Кадыровс а, Делимхановс а сурт хIоттийначух тера ду хьаьждан Мекке вахначу йукъанна. ХIунда аьлча, шайна кIело йарна кхоьрура и шиъ, йаздо "ВЧК-ОГПУ телеграм-канало.

Хьалхо "Новая газето" йаздира Кадыров цомгаш ву, оцу лазаро цуьнан пехашна а, жаннашна а ницкъбо, оцу тIехула цунна даим а диализ оьшу аьлла. Оцу йукъанна билггал цуьнан диагноз йуьйцуш йац зорбанан гIирсаша.

Мангал-беттан 14 -чохь украинхойн телеграм-каналаша хаамбира, Украинехь нохчийн дакъойн коврана динчу тIелатарехь Делимханов Адам вийна бохуш. Хиллачух Оьрсийчоьнан верси масийттазза хийцайелира: пачхьалкхан каналаша дуьххьара бехира депутат лазийна, цул тIаьхьа и хаам-массара а бохург санна йухайазбира, иза дийна а ву, лазийна а вац аьлла. ТIаьхьо оцу дийннехь Кадыров Рамзана видео зорбане хIоттийра Делимхановца дIйазйина, экспертийн хеттарш хилира и бакъ хиларх.

ХIетахь дуьйна Делимханов гучуваьлла вацара. Кадыровца йаьккхина, мангал-беттан 2-чохь зорбане йиллина видо машанехь дуьххьара гучуйаьлла йу ши кIира ахкIира даьллачул тIаьхьа.

  • Оханан баттахь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана видео хIоттийра бовдучу некъа тIехь тренировка йеш гойтуш – ролик гучуйаьллера, цуьнан могушалла эшна йогIу аьлла, журналисташа хаамаш бинчул тIаьхьа. 25 секундехь йаьккхина йу видео, цу тIехь Кадыровс шен йиш йац боху цомгаш хила. Иштта кхо де хьалха а шен цIахь тренажеран зал чохь йаьккхина видео хIоттийра Кадыровс инстагарамехь. Даим шен спортан тренировкех лаьцна дуьйцура Кадыровс хьалха, амма тIаьххьара видео ах шо хьалха, 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь хIотийна йу.
  • Кадыровн могушалла билггал эшна хиларан цхьахдолу тоьшалла лору "Новая газето" политикан кIенташна зорбанийн гIирсашкахь йен жигара пиар. Дуьйцург ду цуьнан бераш Украине дахар, воккхаха волчу кIентан Кадыров Ахьмадан Оьрсийчоьнан президентаца хилла цхьаьнакхетар, иштта мехкан гIуллакхаашна уьш йукъабитар а.
  • Кхул а хьалха, зазадокху-бутт йуккъе баьллачу хенахь, ша Кремлера йухавирзича, Кадыровс бакъ ца дира ша цомгаш хиларх дуьйцу хабарш.